Мотт а, цуьнца доьзнарг а
Мотт – иза къоман са ду. Лаа аьлла дац:«Мотт бу–къам ду, мотт бац–къам дац». Иза иштта дан а ду. Маттаца доьзна ду оцу къоман г1иллакх, г1уллакх, амал… Мотт лахь, цуьнца цу къоман х1ума д1адер ду бохург ду, лакхахь вай хьахийна долу «Мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац»,-бохург. Уьш мух-мухха а аьлла дешнаш дац, оцу дешнашкахь 1аламатйоккха к1орге ю. Масала, Вог1уш вуй хьо? Араваьлла хьо?-олу вай. И дешнаш кхечу маттахь ахь аьлча, дуьххьал д1адолчу маь1ница кхетар ву кхечу къомах волу стаг. Нийсса аьлча, ахь и х1унда боху кхетар вац иза. Амма, вайн халкъах волу стаг хьох кхетар ву, ахь шеца г1иллакх х1оттадой а хуур ду цунна. Х1унда аьлча, вайн маттаца бу и тайпана кхетамаш. Вайн цу дешнашкара долуш долу маь1на-оцу стагаца г1иллакх х1оттор ду. И тайпана кхетамаш болуш аламаш к1езиг бац вайн маттаца.
Вайн мотт – г1иллакх ду. Гуттар цуо яьккхина хьалхе и ю. Иштта кхид1а забар, хьехар, масане ду уьш вайн маттаца гуттар цхьана дог1уш дерш. Вайн мотт цхьанненчул оьшуш бац. Олуш ма хиллара, муьлхха а шен синхаам д1акхачалуш бу вайн мотт и хаа ма-безза хуучуьнга.
Нохчийн мотт – б1ов ю, и йохахь, вайн къоман амална доккха зен хир долуш. Зен аьлла 1ийча нийса а хир дац иза. Иштта дайн и дита шеко а ца юьту цо. Х1унда аьлча, къоман культурин бух-мотт бу. Бух галбаьлча, ц1а а хаьрца.
Банжаев Аьрзу