Общество

ТIарикъат довзийтар

Бисмиллахиррохьманиррохьим

(Юьхь 2021 шеран

3-чу номерехь)

Тасаввуфна

кхоьллина харц цIе

ХIокху заманан цхьаболу дешна нах тасаввуфна кхиссарш еш бу, царах цхьаболчара – уьш динехь керла белхаш гучабаьхнарш я динахдIабирзинарш бу бохуш церан куц хIоттош, шайн дешнашкахь, йозанашкахь царна дуьхьал луьра тIом латтабо.

Нийсонна тIехь болчарна хаьа, муьлххачу тобанна юккъехь мунепакъаш я шайна са лоьхуш берш, я нийсачу некъах тилларш, я вуон нах хуьлий. Амма иза делил дац, ерриге тоба харцъеш хьукма дан, хIунда аьлча хьукма дар церан Iалашоне, ма-дарра долчу маьIне хьаьжжина хуьлу, шаьш царах бу бохуш тиллачаьрга хьаьжжина ца хуьлу.

Вай дийцинчунна тIедоьгIча вайна билгалдолу, цхьана балха тIехь бусалба динна дуьхьало еш мел долу хIума тасаввуфе, цуьнан охIлане диллар нийса цахилар. Баккъал а, иза шаьш тасаввуфах ду бохуш, амма цунна тIе харцо, доцург кхуллуш болчеран тилар ду я царна Iиттарш ярхьама, церан куц, некъ эрчабаккхархьама церан жайнашна шайгара юкъатийсина хIуманаш ду, тафсиран жайнашна юкъатийсина жуьгтийн дийцарш санна, – бакъдерг довзийтарна, оцу харц дийцаршна гена хиларна тIехь сутара хиллачу тафсиран Iеламнаха дийцинчуьнца догIуш доцу. Цунах терра ду хьадисийн жайнашна юкъатийсина харц хьадисаш, хьадисан Iилма девзачу баккхийчу Iеламнаха шаьш билгалдина долу.Цундела, тасаввуф охIланна, цунна дуьхьал болчарна юккъехь яьлла херо, шаьш тасаввуфах ду бохуш, амма цунна тIехь доцург кхуллуш болчеран харц къамелаш тасаввуф охIланан цIенчу ойланашца цара иэдар бахьанехь яьлла аьлла хета суна. Цара дерриге а хIума шен-шен метте диллина хиллехьара, кхачам боллуш таллам барца уьш хьаьвсина хиллехьара, тасаввуфан охIланан хьокъехь хIара ирча къамелаш ца деш, уьш къаьсттина шайн Далла тIебирзина, АллахIана муьтIахь хилла, шайн Iалашоне кхаьчнарш бу аьлла суфийн хьокъехь дика ойла кхоллалур яра церан.

Оха хьан тидаме дуьллу тасаввуфан охIланна тIехь кхоьллинчу харцонех цхьадерг. Iеламстага шайх Iабдул-ВаххIаб аш-ШаIранис (Дала къинхетам бойла цунах) шен «ЛатIа́ифул-минани вал-ахла́къ» цIе йолчу жайнахь боху: «Веза-Сийлахьчу Дала суна динчу диканах – соьца хьагI, мостагIалла лелош болчара сан жайни юкъа шариIатехь догIуш доцу дешнаш тийсинчу хенахь суна собар далар ду. Иза – ас «Аль-бахьрул мавру́д филь-мава́сийкъи валь-IухIу́д» цIе йолу жайна яздина, Мисарахь болчу деа мазхIабера Iеламнаха иза дика жайна хиларна тоьшалла дина, наха иза зорбане даккха сихо йина, и санна шовзткъа жайна яздинчу хенахь хилларг ду. Иза хьагI йолчу нахана ца тайра, сан цхьаболчу дагахь хIума доцчу накъосташна мекарло йина, цаьргара дIалур ду аьлла жайна даьккхина, оцу жайни тIера масех тептар схьаяздира цара, оцу чохь шайн тилла дегатешамаш, бусалба нехан хилла барт бохош долу масалш, Джухьах (Iарбийн фольклоран турпалхо), мунепакъ волчу ибн ар-Ра́вандийх лаьцна дийцарш, туьйранаш яздира цара. Дуккха а меттигашкахь жайнин могIанаш хийцира цара, и жайна хIоттийнарш шаьш долуш санна; цул тIаьхьа и тептарш схьа а эцна, базар хIуттучу дийнахь а жайнаш духкучу базара дахьийтира цара. И базар – Iилма лоьхучу наха гуллуш меттиг яра.Оцу тептаршка хьоьжучарна цу тIехь сан цIе гира. АллахIах кхоьруш воцчо и жайна ийцира, цул тIаьхьа АзхIаран Iеламнахана тIе даьхьира цо иза. Оцу балхо доккха питана дира, шарахь гергга маьждигашка, базаршка, куьйгалхойн хIусамашка лелаш хилира нах. Суна хаа а ца хууш оцу массо балха тIехь соьгахьа гIо даьккхира шайх Насрудди́н ал-Лаккъа́нис, Исламан шайх волчу аль-Хьанбалийс, шайх ШихIа́буддин бин аль-Хьалабис (Дала къинхетам бойла царах). Цара со волчу ваийтира АзхIарера шайна везаш волу стаг, цо соьга иза ма-дарра дийцира, тIаккха ас сайгара жайна дахьийтира, – шена тIехь иза магош Iеламнаха яздина дешнаш долу. Уьш оцу жайне хьаьвсира, оцу хьагI йолчу наха шайгара кхоьллинчух хIумма а ца карийра царна цу чохь».

Иза цуьнан «ЛатIа́ифул-минани валь-ахла́къ» цIе йолчу жайнин шолгIачу декъан 190-чу агIон тIехь ду. Иштта иза хьахийна историн воккхачу Iеламстага Iабдул-Хьаййи бин аль-Iима́да аль-Хьанбалис шен «Шазара́туз-захIаб» цIе йолчу жайнин 8-чу декъехь, 374-чу агIон тIехь. Цо аьлла: «Цхьана тобано хьагI лецира цуьнца, цара оцу юкъа шариIатана дуьхьал догIу дешнаш, шайн тилла дегатешамаш, бусалба нехан хилла барт бохош долу масалш тийсира. АллахIа уьш иэшийра, иза царал толийра.Суннатана тIаьхьавозуш, АллахIах чIогIа кхоьруш стаг вара иза».

ХIокху вай дийцинчо вайна къеггина билгалдоккху, жайнашкахь,тасаввуф охIланера ду бохуш, амма шариIатана дуьхьал догIуш вайна гуш мел дерг, имам ШаIранин(Дала къинхетам бойла цунах) «ТIабакъа́тул-кубра́» жайнахь деана ма-хиллара – иза оцу мунепакъ наха шайггара кхоьллинарг ду. Баккъал а, шайх Iабдул-Къо́дир Iийсан «Хьакъа́икъу Iанит-тасаввуф» цIе йолчу жайнин 508-чу агIон тIехь деана: «Цунах терра Мухьйиддин бин Iараби (Дала къинхетам бойла цунах) бохучу шайхана тIехь а харцо кхоьллина цара».

Имам ШаIранис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Ибн Iараби (Дела реза хуьлда цунна) Къуръанна, суннатана тIаьхьавозуш вара, цо олура: «БIаьрганегIар тухучу сохьтехь шариIатан терза шен куьйга дIатеснарг – хIаллакьхилла».Цо иштта аьлла: «Цуьнан дешнаш ду бохуш, шариIатаца догIуш доцу,Iеламнехан бартана дуьхьал долу дешнаш – иза цунна тIехь кхоьллина харцо ю», – Абу-ТIа́хIир аль-МагIрибис иза соьга дийцина ма-хиллара. Цул тIаьхьа цо суна Маккахь зорбане даьккхина «Аль-Футу́хьа́ту» цIе йолу жайна гайтира, шайхо Къунийя (Конья) бохучу шахьарахь яздинчуьнца догIуш долу; ас и жайна дацдечу хенахь со тIекхиъна, ас цунах дацдина долчух хIумма а ца гира суна оцу тIехь».

Хьанафин мазхIабехь долчу фикъхIан уггаре йоккха энциклопеди вовшахтоьхна волчу воккхачу Iеламстага ИбнIабидинас (Дала къинхетам бойла цунах) хьахийна, шайх Мухьйиддин бин Iарабин (Дала къинхетам бойла цунах) жайнашкахь шариIатана дуьхьало еш деана долчух шена хетарг – иза цунна кхоьллина харцо ю, аьлла. Цундела «Ад-дуррул-мухта́р» жайна яздинчо аьлла: «Бакъду, суна билгалдаьлларг, – шайхана (Дала къайле цIинйойла цуьнан) тIехь и харцо кхоьллинарш цхьаболу жуьгтий хилар ду». Баккъал а, эла йолчу Ра́биIатул-Iадавина (Дала къинхетам бойла цунах) тIехь харцо кхоьллина хиларна Ибн Таймияс а (Дала къинхетам бойла цунах) мукIарло ма до, ша олуш: «Ра́биIата ХьаьжцIийнах лаьцна, иза латта тIехь шена Iибадат деш хIуьппалг ю аьлла, дийцинарг – иза АллахIах тешаш, кхоьруш йолчу РабиIатана тIехь кхоьллина харцо ю». Иза Ибн Таймин «Ар-раса́илу валь-маса́ил» цIе йолчу жайнин хьалхарчу декъан 80-чу агIон тIехь ду.

Тасаввуфан дозалла(мехалла)

Тасаввуфан дозаллах лаьцна дийца вай лууш делахь, вайна хаа деза, и дозалла деккъа тасаввуфах схьадаьлла Iаш дац, баккъал а, иза схьадолуш ду тасаввуф шеца хоттаделла долчу дакъойх. Вай хьалха билгалдина, тасаввуф бусалба динехь керла юкъадаьлла я цунах къаьстина, я цунна тIетоьхна хIума дац аьлла. Баккъал а, иза бусалба динан къаьстина дакъа, цуьнан мехала агIо ю, иза – дегнаш цIандаран агIо ю, ткъа дегнаш цIандар – иза АллахIа оцу бахьаница Шен Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ваийтинчу Iалашонех мехала дакъа ду. Веза-Сийлахьчу АллахIа иза билгалдоккхуш боху: «Иза (АллахI) ву, йоза ца хуучу нахана юккъе царах волу Элча (Мухьаммад) вахийтинарг, цо царна Цуьнан аяташ доьшуш‚ церан дегнаш цIандеш‚ царна жайна (Къуръан)‚ хьикмат (суннат)хьоьхуш‚ – уьш хьалха билггалчу тилар чохь хиллехь а» («Аль-ДжумуIату», 2).

Баккъал а, Веза-Сийлахьчу АллахIа дуккха а аяташкахь омра дина дог, са цIандаран агIо ларбе аьлла; Веза-Сийлахьчу АллахIа боху: «Ма декъал а хилла и (шен дог) цIандинарг». «Аш-Шамс», 9.Иштта АллахIа боху: «Ма декъал а хилла ша (къинойх) цIанвелларг». («Аль-АIла», 14.)

Вукха агIор хьаьжча, тасаввуфо бусалба стаг ихьсанан дарже кхачорах терра, иза динан коьртачу баххех цхьа бух бу, Джабраил-малико Делан Элчанца (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) къамел дар дуьйцучу хьадисехь деана ма-хиллара. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Ихьсан – ахь АллахIана Iибадат дар ду, хьайна Иза гуш волуш санна; хьуна Иза гуш цахиларх, Цунна хьо гуш ву». Иштта хьал хилча, вайна хии, АллахIа адаме цуьнан дегIана къаьсттина белхаш тIебахкарца омра дина хилар, уьш шина декъе бекъалуш хилар: хьалхара дакъа – цо гуччохь еш йолчу Iамалех хоттаделла ду;шолгIа дакъа –цо къайлаха еш йолчу Iамалех хоттаделла ду. Кхечу кепара аьлча: дегIан гуш йолчу меженех хоттаделла хьукманаш, дегIан къайлах йолчу меженех (дог, са) хоттаделла хьукманаш.

ДегIана тIеехкина йолу Iамалш шина декъе екъалуш ю: хIума тIедилларца дина омранаш; хIума дехкарца дина омранаш. ХIума тIедилларца дина омранаш –ламаз дар, марха кхабар саннарш ду.Ткъа хIума дехкарца дина омранаш –зина дар, хIума лачкъор хьарам дар саннарш ду.

Иштта дегнашна тIеехкина йолу Iамалш шина декъе екъалуш ю: хIума тIедилларца дина омранаш; хIума дехкарца дина омранаш. ХIума тIедилларца дина омранаш –АллахIах, Цуьнан маликех тешар, дог цIена хилар, АллахIана тIе болх буьллуш хилар, АллахIана хьаставалар, бакълуьйш хилар, собаре хилар саннарш ду. Ткъа хIума дехкарца дина омранаш – керсталла дар, мунепакъалла лелор, хьагI лелор хьарам дар саннарш ду.

ХIара шолгIа дакъа вай динехь шена тIетевжаш дерг ду, иза – дегнаша еш йолу Iамалш ю, хIунда аьлча Iалам кхоьллинчу АллахIана Iибадат дарехь дог цIена хилар цунна тIедоьгIна ду, Иза воцчунна и хууш доцуш. Баккъал а, Веза-Сийлахьчу АллахIа гуш йолу Iамалш къобал хилар къайлаха дерг цIена хиларца хоьттина, хIунда аьлча къайлаха дерг доьхна хиларо гуччохь йолу Iамалш йохайо. Веза-Сийлахьчу АллахIа боху: «Шен Далла хьалха хIотта догдохуш волчо дика Iамал йойла‚ шен Далла Iибадат дарехь Цуьнца цхьа а накъост ма лоцийла» («Аль-КахIф», 110).

И ду Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) билгалдинарг, ша олуш: «Баккъал а, дегIа чохь дилхан цхьа дакъа ду, ша тоделча дерриге а дегI толуш, ша телхича дерриге а дегI телхаш; баккъал а, иза дог ду». Бухари, Муслим.

Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) и аларан бахьана –къематдийнахь цIенчу дагна бен тIетевжийла цахилар ду, Веза-Сийлахьчу АллахIа ма-аллара:«Даьхнино а‚ доьзало а пайда бийр боцчу(къемат)дийнахь‚ Ша цIенчу дагца АллахIана дуьхьал веанчунна бен». («Аш-ШуIараъ», 88-89).

Вайн эла волчу Мухьаммад-пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Баккъал а, АллахI шун догIмашка, шун куьцашка хьоьжуш вац, бакъду, Иза хьоьжуш ву шун дегнашка а, шун Iамалшка а». Муслим.

Вайна билгалдолу, тасаввуф –динан мехала дакъа дIалоцуш долу къаьсттина Iилма хилар; иза – къайлаха долу фикъхI ду, шех къайлаха долу Iилма олуш долу. Иза адамийн догIмийн къайлаха долчуьнца (дог, са) доьзна хьукманаш дуьйцу дакъа ду, иза иштта,Сийлахьчу Къуръано – дог цIандар, сийдолчу Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) – ихьсан аьлла, шен цIе яьккхинарг а ду. Тасаввуфо шена тIе тидам бахийтина долу хIара дакъа шариIатехь мехала, коьрта дакъа ду, шариIат цунна тIедоьгIна а ду.

Цундела, хIокху Iилманан дуккха а Iеламнаха, тасаввуф массарна тIедужуш парз лоруш ду, хIунда аьлча дог цIандар, цунна дарба лелор, шен са дегIан лаамех юхатохар, иза кхиор, цуьнца дог цIандарна тIехь къахьегар, ихьсанан дарже кхачархьама Iамал яр – массарна тIедужучу коьртачу парзех ду. Цунна тIенисвеш Къуръанан дуккха а аяташ, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш, Iеламнехан дешнаш ду. Цара юьйцу даго еш йолу Iамалш: деган цIеналла, АллахIах тешар, хаза гIиллакх, бакълер, собаре хилар, АллахIана тIе болх биллар, АллахI хьайна гуш волуш санна Цунна Iибадат дар, моттаргIанаш, цабезам, хьагI, мунепакъалла лелорна генавалар санна.

Баккъал а, Iеламнехан цхьабарт бу, деган цамгарш, сакхташ даккхийчу къинойх лоруш хиларна тIехь.Царна къаьсттина тоба дан деза, хIунда аьлча къайлаха йолу цамгарш кхачаме ю лен Iамалш йохо, уьш мел дукха елахь а.

Воккхачу Iеламстага ибн аль-Iабидинас(Дала къинхетам бойла цунах) шен гIарадаьллачу жайнахь аьлла: «Баккъал а, деган цIеналла, шех тамаш бар, хьагI, моттаргIанаш лелор довзар – массарна тIедужуш парз ду, кхидолу дегIан сакхташ – куралла, сутаралла, цабезам, и саннарш а довзар парз хиларх терра. Адам царах дIакъаьсташ дац, цундела шена оьшучу барамехь царах лаьцна Iамо декхарийлахь ду иза. Шегара сакхталла дIаяьккхар хIоранна тIедужуш парз ду. И тарлуш дац, цуьнан дозанаш, бахьанаш, билгалонаш, дарбанаш а довзарца бен.Баккъал а, вониг девзаш воцург оцу чу вужу».

Исламан делил шех олучу имам ГIазалис (Дала къинхетам бойла цунах), ша тасаввуфан некъ теллина, цуьнан жамIаш девзина, цуьнан стоьмех чам баьккхина ваьллачул тIаьхьа, аьлла: «Тасаввуфан Iилма Iамор хIоранна тIедужуш парз ду, хIунда аьлча сакхт доцуш цхьа а вац, пайхамарш (Делера салам-маршалла хуьлда царна) бен».

 Абу аль-Хьасан Шазалис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «ХIокху вайн (тасаввуфан)Iилманан коьрта Iалашо цаевзинарг – шена хаа а ца хууш, даккхий къинош летош волуш велла».

Оцу дешан хьокъехь Iеламстага ибн Iаллан ас-Соди́къийс (Дала къинхетам бойла цунах) боху: «Баккъал а, Абу аль-Хьасан Шазали ша аьллачу дашехь бакълийна, муьлха стаг ву марха кхобуш, хIай сан ваша, ша кхобучу марханах тамаш ца беш? Муьлха стаг ву ламаз деш, ша дечу ламазах тамаш ца беш? Царах терра ду кхидолу Iибадаташ а».

ХIара некъ дуьзна доцчу синошна тIелаца хала хилча, адамаш декхарийлахь ду хьуьнарца, собарца, къахьегарца а цунах дехьадовла, – шен са АллахIана генадаларх, Цуьнан оьгIазлонех хьалхадаккхархьама.

Iиядан кIанта Фудайла (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Нийса некъ схьалацалахь, оцу новкъахь берш кIезиг хиларна са ма гатделахь. Боьхначу новкъа валарх ларлолахь, хIаллакьхилларш дукха бу аьлла Iеха ма лолахь. Хьуо цхьалха хиларна хьан са мосазза гатдели, хьалха бийцинчаьрга хьажалахь, царна тIекхачарна тIехь, уьш боцчарах дIаверзарехь сутара хилалахь, – АллахIа хьуна луш долчу Iазапах хIумма а юхатухур дац цара. Хьайн новкъа воьдучу хьоьга цара мохь тохахь, цаьрга дIа ма хьажалахь. Баккъал а, хьо цаьрга дIахьажахь, цара лоцур ву хьо, вуон болх а бийр бу хьуна».

Ибн Закрис (Дала къинхетам бойла цунах) ша тасаввуфах лаьцна дуьйцуш аьлла:

Цуьнца ду – лай деган

            цIеналле кхачар,

Ткъа Iибадатан дог –

            Iилма харжарца ду,

Пхийттара ваьллачунна

            важиб ду и хаар,

Ткъа цуьнга кхачар –

            дика Iамал ярца ду.

Цунах лууш дерг – тасаввуфан Iилма довзар – пхийттара ваьллачу х1ора бусалба стагана тIедужуш парз хилар ду. Цуьнан бахьана – дукхахьолахь, адам вуочу балхах, моттаргIанаш, хьагI лелорх дIатуьлуш дац.ТIаккха цунна важиб ду оцу балхах ша хьалхавоккхур долу Iилма Iамор.

Вай мел дийцинчух вайна карадо, тассавуф Iилмано бусалба динан агIонех мехала агIо дIалоцуш хилар.Иза – къайлаха долчу Iилманан, дог, са цIандаран агIо ю.Иза – ца хилча йиш йоцу агIо ю, бусалба дин, ийман цуьнца бен кхочуш ца хуьлуш.

ЖамI дича, вайна билгалдолу, хIара тасаввуфан Iилма цIена Iилма хилар, цуьнца Iамал яр массо бусалба стеган декхар хилар.

(ТIаьхье хир ю)…

ХIоттийнарг – доктор

Мухьаммад Хойр ФатIимахI

Гочдархо – Магамедов Сулиман