Интервью

Кагерманов Докка

1957-чу шарахь меттах1оттийначу «Ленинан некъ» газетан хьалхара номер арахийцира, Доккас дакъа а лоцуш. Оцу номеро гайтира балха схьаэцначарах муьлха белхахо стенна хьуьнаре ву, х1ораннан а ненан мотт, йоза хааран барам мел бу. Доккина дика хаьара нохчийн мотт а, нийса йаздан а. Цундела иза корректоран балха х1оттийра. Цу хенахь иза ч1ог1а оьшуш волу белхахо вара. Х1етахь редакцин муьлххачу а журналиста йазйина текст шена т1ехь кхит1е а дикка болх бина, нисйан йезаш хуьлура. Ткъа иза нисйаран корматалла цу хенахь Доккина дика карайирзина йара. Цул т1аьхьа Д.Кагермановн хаарш а, корматалла а, балхаца хьанал йукъаметтигаш хилар а хьесапе а эцна, иза редакцин коьрта коректор х1оттийра. Оцо дуккха а аттачу баьккхира редакцин коллективан болх, г1о дира белхахоша х1орамма а шен-шен йуьртан диалекте узуш, тайп-тайпанчу кепара йаздеш хилла дешнаш литературни меттан цхьана кепа дерзо.

 Доккас редакцехь литературни белхахочун а, корреспондентан а, жоьпаллин секретаран г1ончин а белхаш бира. Иза муьлххачу а балхахь хилча а, цо гуттар а хьанал кхочушдора шена т1едехкина декхарш.

Иза кхечара йазинчу материалийн тексташ толлуш, нисйина ца 1ара. Цо ша а тайп-тайпанчу т1емашна жигара йаздора газетехь. Шайна тидам т1ебохуьйтуш а, къорггера чулацам болуш а хуьлу цо йазйина статьяш, корреспонденцеш, зарисовкаш, очеркаш, къаьсттина динан, дахаран-1еран, нахана йуккъерчу йукъаметтигийн, г1иллакх оьздангаллин, кегийрхой кхетош-кхиоран тема йолуш йазинарш. Журналиста-йаздархочо шен материалашкахь, гуттар а хьоьху бусалба дин, адамийн йахь-йуьхь, эхь-бехк, тешам, адамалла, нохчалла, къонахалла, стогалла, комаьршалла, нийсо.

Докка газете балха вале а дуккха а хьалха зиэн волавелира шен кхоллараллин ницкъаш. Ткъа х1инца газетехь йаккхий таронаш схьайеллайелира цунна шен корматаллин похІма кхид1а а кхио. Оцу таронах хаарца пайда а оьцура цо. Журналист-йаздархо цхьабосса дика йаздеш ву тайп-тайпанчу жанрашахь. Цуьнан проза а, поэзи а парг1ат йешалуш а, дог-ойла гІаттош а, къорггера чулацам болуш а хуьлу. Цуьнан дуьххьарлера кхоллараллин произведенеш арайевлира коллективни «Хьалхара г1улчаш», «Къоначеран аьзнаш», «1уьйренан аьзнаш» гуларшкахь а, «Орга» альманаха т1ехь а, оьрсийн маттахь арайаьллачу антологи т1ехь а.

Цул сов, цо шен кхо гулар арахецна. 1970-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн книжни издательствехь арайелира цуьнан байтийн «Лаьмнашкахь бІаьсте» цІе йолу гулар. 1976-чу шарахь берашна лерина арахийцира «БІаьстенан беш» а, 1986-чу шарахь — берийн дийцарийн «1имран а, цуьнан доттаг1ий а» гулар а.

Амма йешархоша къаьсттинчу лаамца йоьшуш а, церан доккха хьашт долуш а йу Д. Кагермановс бусалба динан темина йазйеш йолу материалаш. Царах цхьаьннан — «Пайхамарийн кхолламаш» аьлла газетан иттех сов номершкахь зорбатоьхначу дуккха а очеркийн цІе йаьккхича а тоьар ду. Уьш ислам динан истори дика йовзарца йазйина, бусалба динан дуккха а пайдехь х1умнаш довзуьйтуш йу.

И тема йуххера а, гергара а йу Доккина. Иза гуттар а вара коммунистически партис бечу хьехамех тешаш хиллачу шена йуххерчарах къаьсташ, ламаз-марха даггара лелош. Иза х1инца, дахаран шераш къаналлехьа лестинчу хенахь, кара а дина цунна. Докка ша вехачу Калининан поселкехь хилла ца  Іаш, амма республикерчу дуккха а г1аланашкахь а, йарташкахь а дика вевзаш ву. Цуьнга кхойкху мовлад деша, цомгашчу стагана т1е, масла1атана — мел ду уьш. Доцца аьлча, оьшуш стаг ву иза. Оьшуш ву массарна а. Иза вевзачохь массанхьа а ларам болуш, къинхетаме, хьанал стаг ву. Дин дезарца, Далла г1уллакх дарца ша оьзда хиларе терра, 2004-чу шарахь цуьнан аьтто хилира динан коьртачу, уггар а сийлахьчу парзех цхьаъ кхочушдан — ХьаьжцІа ваха. Дала къобалдойла Доккин Хьаьж.

 Билгалдаккха лаьа, Доккина ша санна оьзда, цІена бусалба х1усамнана нисйелла хилар. Бертахь, ирсе дехира Докка а, Аймани а. Шу марша Аймани х1инца йоцуш йу.

Дуккха а шерашкахь цхаьна болх беш, йуххера девзира суна Доккин дахар: хьалха хилларг а, х1инца долуш дерг а.

Кагерманов Докка вина 1933-чу шеран мангалан беттан 9-чу дийнахь Хьалха-Мартан к1оштарчу Г1ойт1ахь Бурсакан Денисолтин доьзалехь. Шен хан кхаьчча, йуьртарчу школе вахара. Амма 1944-чу шарахь дерриг а нохчийн халкъ а санна, Доккин доьзал а махках баьккхина, Казахстане дІабахийтар бахьана долуш дешар йукъахдисира.

Казахстанехь а, Г1ирг1изойчохь а веха меттиг масийттазза хийца дийзира. Халонаш а, баланаш а дукха лайра. Йуххера гергарнаш кхелхина, дукха жима волуш баккхий бохамаш а гира. Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1аме вахара да, кхин гергарнаш йуххехь боцуш, и дерриг а вуонаш шен лан дийзира Доккин.

Шена а, шен доьзална а дукха жима волуш напха лаха дезна, 1946-чу шарахь балха вахара. Нохчий махках баьхна даьккхинчу кхойтта шарахь белхаш бира йуьртан бахамехь а, промышленностан декъехь а. Болх а беш, суьйренан школехь дийшира. Дахарехь мел хала хиллехь а, амма дешар д1а ца тосуш, вехачу меттигашца цхьаьна хуьйцура школаш а. 1957-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн АССР меттах1оттийначу хенахь Казахстанерчу Джамбул г1алахь шекаран заводехь болх битина, цІа веара.

1957-чу шарахь «Ленинан некъ» газете веана, 1993-чу шарахь ша пенсе ваххалц кхин белхан меттиг ца хийцира. Коллективехь сий-ларам болуш, массарца а тарлуш, массеран а йуххера доттаг1 хилла чекхвелира Докка. Ша пенсе ваханехь а, амма редакцица а, цуьнан колективаца а йолу зІе ца хадош, газетан штатехь воцу корреспондент хилла цига хаддаза йаздеш ву.

Дуккха а шерашкахь хьанал болх барна а, Нохчийн Республикин журналистика кхиорна йоккха хазна йукъайилларна а Д. Кагермановна дуккхазза а совг1аташ дина Сийлаллин грамоташца. Нохч-Г1алг1айн АССР-н Лакхарчу Советан Президиуман  Указаца «Нохч-Г1алг1айн АССР-н культурин хакъ волу белхахо», 2007-чу шарахь Нохчийн Республикин Президентан Указаца. «Нохчийн Республикин хакъ волу журналист» аьлла сийлахь  цІерш техкина цунна.

2010-чу шарахь дуьйна Д. Кагерманов Нохчийн Республикин интеллектуальни туьшан совг1атан лауреат ву. 2012-чу шарахь дуьйна Россин йаздархойн союзан декъашхо ву и.

Амма шен уггара а боккха сий-ларам бар а, шена дина дицлур доцу, мехала совг1ат а лору Доккас 2007-чу шарахь Нохчийн Республикин Мехк-Дас  Кадыров Рамзана ша совг1атана шена  коьрта тиллина холхазан куй. И совг1ат хьакъ а ду Доккина.

Магомаев Салавди