Общество

АРСАНОВ ДЕНИ-ШАЙХ (ДЕДА)

Арсанов  Дени-шайх  халкъалахь  вевзаш  ву, Деда цIе йоккхуш.

Элах-Моллин мурид хилла иза. Дени-шайх дуьнен  чу  ваьлла  1851-чу  шарахь  Iалхан-Йуьртахь. Нашхара схьабевлла цуьнан дай. Цхьацца заманчохь  Чечанахь,  Девкар-Эвлахь,  Iалхан-Йуьртахь, Зебар-Йуьртахь баьхна уьш.   Цуьнан ден цIе Арсангири хилла. Арсан олуш хилла цунах. Тайпана энгано хилла иза.

Дени  дуьнен  чу  ваьллачул  тIаьхьа  Зебир-Йуьрта Iен дIакхелхина церан доьзал. 1895-чу шарахь Зебир-Йуьртара Макане бахана уьш Iен-баха. Цул тIаьхьа Галнехь баха охьаховшу уьш.

Денин да-нана – Арсан а, Хазна а – эвлайааца Кишин Хьаьжица тоба дан бахана хилла. Цаьрца жима Дени а хилла. Йухабирзина цIа богIуш, Арсанна дагадеана Денига Хьаьжица тоба дайта дезаш хилар. Нанна Хазнина а лиъна и. Йухабирзина хIорш Хьаьжа волчу. Йухадерзаран бахьана  дийцина  устазана.  Цо:  «Са  ма  гатде.  Цуьнан некъ кхечу эвлайааца хир бу», – аьлла.

 Денин  устаз  Элах-Молла  хилла. Шен  устазан тешаме мурид  хилла  иза. Цо  кхиийна  хилла  иза. Тобанаш  кхечу  муридашна  хьеха  бакъо  йелла  а хилла цунна.

Боккха  доьзал  хилла  Дени-шайхан:  кхойтта кIант,  кхо  йоI.  Царах  хIоранна  а  бусалба  Iилма Iамийна цо. Дахаран новкъа ваьккхина массо а. Цхьа  кIант  –  Баудди  (Бахьа)  – шайхан  даржехь кхиъна, шен ден санна, муридаш а болуш.

Массо  а  дикачу  хIуманна  араваьлла  вара Деда.  Оьшучу  меттехь  шен  чоьтах  хинна  тIай дойтура. Некъаш дохкуш гIо дора. Маьждигаш дойтура.

Галнехь  вехаш цхьа  хьолада  хилла, Мустапаев  Шаптукъ  цIе  йолуш.  Дедех  дагаваьлла иза,  ХьаьжцIа  ваха  таро  йу  шен,  амма,  дегI деза долуш, цигахь лелалур вац ша аьлла. Дени-шайха  аьлла:  «Хьуо  вехаш  волчу  йуьртахь маьждиг  дайта  ахь.  Дала  цунна  дуьхьал  дIалорур ду хьуна и». Мустапаев Шаптукъа шайн йуьртахь маьждиг дайтина шен чоьтах.

МаслаIатан  да  хилла  Дени-шайх.  Дени бахьана  долуш  вовшахкхетта  дукха  доьзалш. ЧIираш йитина меттигаш йу. Вайн махкахь  Iедал  хийцалучу  заманахь  Теркайистера  гIалагIазкхий нохчех тасабеллера. Дов дерзо Iедал дацара. Дени орцахвелира. Шен накъосташца Соьлжа-ГIала царна йукъахь машар бан вогIуш вара иза. Новкъахь иза а, цуьнан накъостий а, тешнабехк а бина, байира. И дара  1917-чу шеран г1уран беттан 27-чу дийнахь.

Иштта,  чекхбелира  Дени-шайхан  дуьнен чуьра  некъ.  Дени-шайх  дIавоьллина  Хьалха-МартантIерчу кешнашкахь. Коша тIехь зерат дина цунна.

Денин а, цуьнан кIентан Бауддин а муридаш бу Хьалха-Мартан а, ТIехьа-Мартан а кIошташкарчу йарташкахь а, гIалгIайн махкахь а.

Дени-шайха  шен  муридашна  тIедехкина  вирдаш ду, царна Дела хьехор совдаккхархьама а, мел алсам хилийтархьама а.

М. Заурбеков