Разное

Низам доцчу меттехь бохам хуьлу

Низам хилча, оцу низамца адамаш 1аш-дехаш хилча, адаман дахар цхьа къепе йолуш хуьлу. Т1аккха цхьанна а эшам ца хуьлу, бакъонашца массо цхьатерра хуьлу. Ткъа низам доцчу меттехь бохам хуьлу.

Иштта, некъан низам талхор бахьана долуш, даккхий зуламаш хуьлу: хийла воь, лазаво. Лазаво аьлча-м дай хир ду иза, сакхатво-кх. Кхид1а ша йоккхучу хенахь хийла стаг заь1ап вуьсуш нисло, бакъонаш ца ларъеш болчу оцу нехан и г1алаташ бахьана долуш. Цунна бехке – къаьсттина къоначаьргахь йолу куралла, сонталла ю. Шайгара куралла, сонталла йитина, цара некъан бохаман бакъонаш ларйича, некъан болу бохамаш хир бацара. Шен вонах нах а ларбийр бара цара, шаьш нехан вонах а ларлур бара уьш.

Стаг даима а ша бахьана долуш нахана новкъарло, бохам хиларна кхоьруш хила везаш ву.