Общество

Исламан г1аролехь

2015-чу шеран асаран (июнь) бутт юккъе боьдуш бара, хьалха ваьлла Нохчийн Республикин къомнийн политикин, арахьарчу з1енийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат волуш вайн махкарчу журналистийн йоккха тоба Курчалойн к1оштан Ахьмад-Юьрта кхаьчча. Ларамаза юьхьарлаьцна некъ бацара Нохчийн Республикин шуьйрачу хаамийн г1ирсийн белхахоша Ахьмад-Юьрта беанарг. Ерриге Кавказехь г1араваьлла вевзачу 1илманчина, Къилбаседа кавказан 1елам нехан  кхеташонан председатель волчу Кадыров Хож-Ахьмадна вайн мехкан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана «Нохчийн Республикин хьакъволу журналист» сийлахь ц1е тилларца совг1ат динера вайна. И совг1ат д1акховдор министрана Умаров Джамбулатана т1едиллина дара. Цунах мерза кхаъ хиллачу журналисташа шайн семачу тидаме ийцира и мехала г1уллакх. Цхьанна а юьстаха виса ца лиира и деза совг1ат хьакъдолчунна д1акховдочу муьрехь. Дерриге а нохчийн халкъана мерза кхаъ хиллачу хазахетарехь дакъалаца лиира журналисташна. Сурт даьккхина, масех мог1а газета т1е язбина, телевиденина сюжет яьккхина диканна декъабаха лууш арабевлла бара уьш. Царах х1оранна шера хаьара Кадыров Хож-Ахьмад уггаре а хьалха воккха къинхьегамхо вуй. Итт-пхийтта шо хан яра «Грозный» телеканалан эфирехь «Ийманан шовда» передача йолу. Даима а цуьнан коьрта турпалхо хуьлуш вара иза. К1орггера 1илма, бух боцу х1орд санна дукха хаарш долу стаг кест-кеста телеэфирехь къамел деш хиларх самукъадолуш дукхах болчу вайн махкахоша алссам хаттарш доуьйтура «Ийманан шовда» передаче. Кадыров Хож-Ахьмада кхачам боллуш жоп а лора х1ора хаттарна. Цкъа а шога дош ца долура цуьнан багара. Собарца, ур-атталла бер а кхетар долчу кепара, лерина дош хоржуш, мерзачу 1аьнарца жоп лора цо. Цундела и хаттар даийтиначунна, «Ийманан шовда» передаче хьовсучарна синахьаам хуьлура хьехамчас деллачу жоьпах. Кхин цхьа х1ума дара суна билгал даккха лууш: ц1еначу нохчийн маттахь, цхьа а морса дош юкъа ца далош, кхечу къоман маттера дешнаш юкъакхуьйсуш ненан мотт ца кегбеш, оьздачу кхерчахь хьалакхиъна бакъволу къонах ша хиларе терра шера,говза, масла1ате къамел до даима Кадыров Хож-Ахьмада. Цунах там а хуьлу, т1аьхьарчу хенахь  ц1ена буьйцучу ненан маттах хьаьгначу вайн махкахошна. Амма иза данне дац меттан хазалла хьалха яьккхина, цуьнан зевнечу иллех, бекарх тоам беш, вайн турпалхочо ц1архазмана хабарш дуьйцу бохург. Мокхазах яьккхина кийсак санна нуьцкъала, маь1не, хьекъале ду Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжин багара мел долу дош. Цундела дукхавеза иза махкахошна. Цундела лерам а бу цуьнга; иза уллера вовза, цуьнца къамеле бовла ирс хиллачеран а, иза уллера вовза, цуьнца къамеле бовлар ца нисделлачеран а.
   Кадыров Хож-Ахьмад вина 1942-чу шеран товбецан (сентябрь) 14-чу дийнахь, Нохчмахкахь г1араваьлла вевзаш хиллачу 1елам стеган, Хоси-Юьртарчу Жабраилан доьзалехь. 2012-чу шарахь Соьлжа-Г1алахь «Мехкан хьехамча» ц1е йолуш зорбане яьллачу шен книги т1ехь Заурбеков Мас1уда яздо: «Жабраилан дай бийца бух болуш бара. Дуьненан дарж, даьхни, хьал-бахам лехар т1аьхьа тетина, бусулба дин лелор, ийманехь нисдалар коьрта 1алашо йолуш д1аихна бара уьш. Жабраилан деда Илес сийлахьчу, везачу эвлаяан Кунта-Хьаьжин (Киши-Хьаьжа) уллера накъост а, тешаме мурид хилла вара. Махкахь 1ен ца витина, х1етахьлерчу 1едало Кунта-Хьаьжа махках а ваьккхина, набахтехь волуш, цуьнца цхьана набахтехь балийца хан текхна вара Илес. Цигахь цамгар кхетта, 1ожалла т1екхаьчна, иза д1акхелхича, шен устаза Хьаьжас а, цуьнан вашас Мовсара а лахьти чу вуьллуш, д1аверзийнера иза (Илес) геначу махкахь».
     Бакъду, цунах дерг кхачам боллуш довзале а, шен дайша доьналлица схьабеанчу турпалаллин некъах кхета кхиале, дерриге а нохчийн халкъ санна къинхетамза, 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь Сталинан хьадалчаша махках ваьккхира жима Хож-Ахьмад. Х1етта когавахана, амма мотт дика 1емина, шарбалаза бер-т1орз дара к1ант нохчийн халкъ оцу шийлачу новкъа доккхуш. Цунна ца хаьара ткъех дийнахь йоккхачу ц1ерпоштано шаьш мича, х1унда дуьгу. Иза дукха хьолахь ненан Х1ажаран карахь хьулура. Делахь а, мел жима хиллехь а, кхин д1айолчу массо а ханна Хож-Ахьмадан иэсехь дисина некъан бохалла ненан т1уьна лаьттина б1аьргаш, ден б1аьргашчуьра 1анаихина шийла г1айг1а. Казахстанан Караганда г1алин йистошца хилира кхеран цхьана ханна д1атарбар. Дера, дерриге а нохчийн къоман санна кхеран а дийзира ямартло, харцо, къизалла, мацалла, шок етташ ц1ийза, шело лан. Бехачу некъан халонаш, шайн боцчу мехкан х1уо-марха (климат) ца лайна д1аелира Жабраилан а, Х1ажаран а ши йо1 – Хьаснаъ а, Хьавраъ а. Кегий бераш дара уьш 1едалан къизалло бехк-гуьнахь доцуш инзаре къизачу бале лаьцна. Церан экамечу синошка ца лаелира декъазчу нохчийн халкъана т1ебазбеллачу баланийн эрчонаш. Деэшначу ден а, ненан а дегнаш 1овжош, хийрачу махкахь лахьтин кийра йирзира Хьаснаъ а, Хьовраъ а. Амма мел яккхий халонаш т1ех1иттинехь а доьналлех ца долуш кхойтта шарахь, мокхазан берд санна нуьцкъалчу амалехь ч1аг1делла чекхдаьлла дерриге а нохчийн халкъ. Цунна къеггина тоьшалла ду тахана шех лаьцна дийца вай 1алашо лаьцна Кадыров Хож-Ахьмад а.
   Ворх1е дегара дуьйна схьадог1уш дара церан керташкахь аганара г1овттарца берашна ламаз-мархица долу гергарло довзийтар, цуьнан хьурмат дан 1амор, нохчийн хаза г1иллакхаш к1енташна, йо1аршна цхьабосса марздар а. Махках ваьккхинера аьлла юьстаха ца висира оцу мехалчу ламастана вайн турпалхо а. Школе деша вахале 1емира цунна книгаш еша. Цуьнца цхьаьна 1амийра Къуръан деша а. Бусулба дин бахьанехь 1едалан бала лайна вайна Жабраилан воккхах волу ваша-Сулима. 14 шо набахтехь даьккхира цо Исламаца долу гергарло бахьенехь. 1946-чу шарахь набахтера араваьлла шен вежаршна т1е схьавеана вара Сулима. Масех шарахь цо 1амийна вара Хож-Ахьмад. Хьекъална ира, кхетамна сема волчу вешин к1антах самукъадолуш Сулима-м кхин д1а а иза 1амор волуш вара. Делахь а, лакхахь вай билгал ма даккхара зама чолхе а, 1ер-вахаран бег1ийлаш эг1аза йолуш а яра. Ткъа доьзална напха латтон дезара, мел халчу хьелашкахь шаьш делахь а. Жабраилан а, Х1ажаран а Делан къинхетамца кхин ши йо1 а, Хож-Ахьмад воцург а, хаза кхиъна вог1уш Хас-Мохьмад ц1е йолуш тайна к1ант а вара. И дерриге тидаме эцна, 1953-чу шарахь Карагандара колхозе д1авахара Жабраил шен доьзалца. Иштта, цкъачунна юкъах дисира Хож-Ахьмадан бусулба динан 1илма 1амор. Амма иза данне а дац дуьненан 1илма 1аморна иза юьстаха висира бохург. Школехь дика доьшуш а, книгаш ешар марзделла а вара к1ант. Цхьана ханна жимачу стеган коьрта синкъерам хилла д1ах1оьттира книгаш ешар. Цу хенахь-м иза массеран синкъерам бара. Х1инца санна телевизорш а, телефонаш-м муххале а, яцара цу хенахь. Книгаш ешаро хаарш к1аргдора, дахаре безам ч1аг1бора, зовкхечу кханенах дегайовхо кхуллура, ойла т1ома йоккхура керлачу анайисте кхойкхуш. Сирла ойланаш яра кхиъна вог1учу Хож-Ахьмадан коьрте хьийзаш. Дерриге а дуьне маракъовллал адам дукхадезаш волу жима стаг  хьаьгна вара диканца г1атта, деэшначунна орцах вала, цунна ч1ог1а лаьара бохамийн дарцо 1овжийна, дай баьхначу лаьттах хьегочу шен халкъана г1о-накъосталла дан, цунна г1ортор хилла д1ах1отта. Бакъду, юккъера школа кхиамца чекхъяьккхинехь а, караерзо езачу корматаллех дерг къастийна валаза вара иза. Цунна цкъа хьехархо хила дагадог1ура, т1аккха лоьран корматалло д1авоьхура, цкъа а дагчуьра д1аболуш лаьттаца хьанал къахьегаре кхойкху лаам а бацара. Иштта, мерзачу ойланийн йийсарехь х1ара волуш деана схьакхечира 1957-г1а шо. Вайн дайша, наноша 13 шарахь г1ийла сатийсина шо. 1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь Москвахь зорбане девллачу газеташ т1ехь цхьа мерза кхаъ бара массо а нохчичунна, Веза-Воккхачу Аллах1-Делан совг1ат хеташ. 1944-чу шарахь къинхетамза махкаха даьхначу халкъашна Кавказе бог1у некъ маьрша хиларан хьокъехь бара и кхаъ. Кхин долу халкъаш санна, нохчий а сихбелира дай баьхначу лаьтта т1е ц1аберза. Царна юкъахь бара Хоси-Юьртара Кадыровг1ар а. 
    Кадыровг1ар шайн ворх1е дегахь дуьйна цкъа а ца хиллера хьал-бахам лоьхуш, сутара кадеттарца дуьненан дохнна т1аьхьа бевлла хан йойуш а. Цундела цхьа а цец ца велира казахстанера ц1авирзина дукха хан ялале Хож-Ахьмад механизаторийн курсашка деша вахча. Вай дерриге а лаьттах схьадевлла, зама т1екхаьччи х1ора а лаьтте верза везаш а ву. Лаьттаца къахьегар шеца беркат долуш ду, цунах 1утту куьйг ховхачу безамо дохдина делахь. Жимчохь дуьйна лаьттаца бечу балхах самукъадолуш вара вайн турпалхо. Кхойтта шарахь байлахь лаьттинчу дай баьхначу лаьттана механизаторш оьший хаьара жимчу стагана. Уггаре а хьалха лаьттаца къахьегар шен декхар хетаро валийра иза Невран к1оштарчу Калиновски станицехь йолчу юьртабахаман курсашка. Дика накъостий карийра цунна, дика доьшуш чекхъехира Хож-Ахьмада и курсаш. Бакъду, къона ойла кхечу корматаллех хьерчаш-м яра цуьнан. ХХ-чу б1ешерийн 50-чу шерийн чаккхенехь а,60-чу шерийн юьххьехь а механизаторш санна лоьраш бара Нохчийчохь оьшуш. Лоьран болх шега балур бара аьлла дог тешна вара и хьуьнаре жима стаг. Кхин цхьа х1ума дара цуьнан хаддаза садууш. Нохчий Казахстанера ц1абирзинчу муьрехь массо г1алара а, к1оштара, юьртара, к1отарара а лоьраш кхечу къомах бара. Шайн кхиамийн лакхенера царна нохчийн къомах долчу адамийн кхетам аьрга хетара. Лоьрашкахь товш доцчу кепара дархой чехабора цара. Къаьсттина морса бага еттара нохчийн зударшка. Бераллехь дуьйна ирачу хьекъалца, нохчийн г1иллакхийн оьздачу гурашкахь кхуьучу Хож-Ахьмадана иза нийса доций хаьара, лоьрашкахь товш йоцу  и шогаллаш, цуьнан йахьах дуьззина долчу даге ца лалора. Боданца къийсам латторах толаме кхочур вац, серло езахь, чиркх латон беза, – олуш ду халкъалахь. Иштта кхечира студент хилла Кадыров Хож-Ахьмад Соьлжа-Г1алахь йолчу лоьрийн училище.
 Х1инца санна парг1атонах марзо оьцуш  яцара Хож-Ахьмад кхиъна вог1у зама а, кхолламан новкъахь цо шен дахаран къилба лоьху хан а. Тахана дай арабовлу «Мерседесашка» шайн к1ант, я йо1 лаккхарчу дешаран кхерча д1анисбан. И бег1ийлаш тхан чкъурана гина, хилла яц. Хож-Ахьмад ша веара медучилище деша д1атасавала 1алашо лаьцна. Аллах1-Дела воцург накъост воцуш д1аэцаран зиерех а ша чекхвелира. Таханлерчу студенташна д1ахезча бакъхетара доцуш, 1аламат к1еззиг дара луш долу стипенди а. Цунах юуш-молуш баттен валалур ву бохург аьттехьа дацара. Ц1ера г1о-накъосталле сатуьйсила муххале а дацара. Х1етта Казахстанера ц1абирзина, чуберза цхьа ц1енойн бахьанаш дан г1ерташ тасабелла бохкуш бара ц1еранаш. Кхуьнгара хилча а г1оьналлин орца новкъа хир доцуш. Медучилищин хьалхарчу курсехь доьшуш волуш дуьйна шен дахар шина декъе дерзийра вайн турпалхочо. Дийнахь цо керлачу хаарех ца 1ебаш бамбано хи санна чуузура хьехархоша дуьйцург, ткъа буьйсанна иза балхахь вара. Тайп-тайпана ду цо дина белхаш. Буьйсанна хе а 1ийна иза, туькнашка деана бепиг машенашна т1ера охьадассош а хилла, Соьлжа-Г1алин урамаш девзиг хьокхуш ц1андар а нисделла. И дерриге а юьхьарлаьцначу 1алашоне д1акхача, безаш схьалаьцначу некъа т1ера цавала, цкъа долийнарг массарна юьхьк1ам болччу кепара чекхдаккха лелийна Кадыров Хож-Ахьмада. Цо гойту жимачохь дуьйна иза ч1ог1а амал, доза доцу синаондалла йолуш стаг хилла хилар.
    Дийца даьккхинчуьра билгал даккха луур дара сирла кхетам, ц1ена ойла йолуш волчу Хож-Ахьмадан дахаран новкъахь алссам дика адамаш нисделла хилла хилар. Царах цхьаъ яра медучилищан директор Исаева Зоя. Г1араяьлла нохчийн яздархочун Исаева Мареман йо1 яра иза. 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь Сталинан хьадалчаша нохчий къинхетамза махках бохуш, цхьаъ бен йоцу йо1 деца йитина, шен халкъацаца хийрачу махка д1аяхана яра Исаева Марем. Ненаца кхиина яцара Зоя. Да кхечу къомах велахь а, цкъа а ненахошца лелочу г1иллакхах йоьхна яцара йо1. К1орггера хьекъал,сема синакхетам болчу Зоя гуш дара шен студент Кадыров Хож-Ахьмад оьздачу кхерчара схьаваьлла, ц1еначу х1ух, бакъволу нохчийн к1ант хилар. Цундела къаьсттина кхуьнгахьа озабезам бара цуьнан. Медучилищен директорна хаьара Хож-Ахьмад ламаз-мархица вуй. Муьлххачу заманашкахь а, массо а халкъана юкъахь а ял йоцу ялхой хилла аьрзнаш дан кийча. К1еззиг ца хилла уьш нохчашна юкъахь а. Церан ямартлонах ца ваьлла вайн турпалхо а. Шийла аьрзнаш кхоьхьура хаддаза медучилищен директорна т1е а Хож-Ахьмад исламан динан тешаме мурид хиларан хьокъехь. Амма Зоя Александровнас тидам боцуш дуьтура и аьрзнаш. Цул сов, шегахь йолчу таронца юкъ-кара ахчанца г1о-накъосталла дора шена дукхавезачу студентана. Бакъду, и аьрзнаш алсамдовла доьлча, шен кабинетчу кхайкхина, нанас дукхадезачу берана санна хьехар дира цо Хож-Ахьмадана, ларлуш хилар т1едуьллуш.
   1965-чу шарахь медучилище кхиамца чекъяьккхина ваьлла Ахьмат-Юьрта (х1етахь Хосин-Юрт) ц1авирзира Хож-Ахьмад. Шен ворх1е да ваьхначу юьртахь фельдшер вара иза. Багара йолу 1аь мерза, куьйг дарбане, г1иллакх-оьздангалла шен сица-дег1аца алссам йолуш вара иза. Де-буьйса ца лоьруш боккхачу безамца шен болх беш вара. Корта лазабаьлларг а, ког-куьг лазийнарг а, ун хьакхаделларг  а, къаналло сиркхонийн йийсаре лаьцнарг а юьртарчу фельдшерна т1евог1ура. Шайн лазарех дерриге а Хож-Ахьмадана хаа деза моьттуш хуьлура дукхах берш. Бакъду, терго йоцуш цхьа а ца вуьтура цо. Массаьрга хьожура, леррина ладуг1ура, дархойн дегайовхо ч1аг1ъеш мерза дош карадора. Эшахь к1оштан больнице хьажавора. Ша вехачу юьртара массо доьзал бевзара Хож-Ахьмадана, х1ора доьзалера хьал-де хаьара цунна, ур-атталла цкъа мацах шена т1едалийначу кегичу берийн а ц1ерш дагахь лаьттара. Цхьа шатайпанчу башхаллица къаьстачу дешнашца и бер хьаста, цуьнан догъэца хаьара цунна. Бер мел жима а доьлхуш хиларх иза тедан говзалла, бийца адамаллех сийса хаза мотт карабора Кадыров Хож-Ахьмадана. Юьртахошна-м хьала а — охьа а 1аламат говза лор хетара шайн юьртара фельдшер. Цара иза дукха хаза вийцарна кхечу ярташкара дархой а кхочура Кадыров Хож-Ахьмадана т1е шайн лазарех дерг хатта.  Х1оранга ладог1а хан а, цуьнан сатедеш ала довха дош карадора вайн турпалхочунна. Цундела иза вевза-везачарна Кадыров Хож-Ахьмаде кхочуш цхьа а лор ца хетара вайн махкахь. Бакъдерг билгал даккха дог1у, лоьралла лелорехь долу шен хаарш к1аргдеш, 1илманан бухе кхийдар жигара доккхуш хаддаза шена т1ехь болх беш, корматаллехь кхиаран гечонаш лоьхуш схьавог1уш а вара иза. Цунна къеггина тоьшалла ду, балхана юкъара ца волуш Хож-Ахьмада кхиамца 1972-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн паччалкхан хьехархойн институт чекхъяккхар. Цхьаболчара санна ц1архазмана чекхбаьккхина лаккхарчу дешаран кхерч бац иза. Филологин факультетехь дешаре терра цунна ч1ог1а дика евза нохчийн а, оьрсийн а, Малхбузерчу Европин яздархойн а говзарш. Кадыров Хож-Ахьмадана к1орггера евза Пушкинан а, Лермонтовн а, Есенинан а, иштта кхечу пох1мечу авторийн поэзи. Ткъа нохчийн литературех дерг аьлча, Нохчийн Республикин халкъан яздархо Айдамиров Абузар дагалоцуш 2015-чу шеран гуьйранна хиллачу юбилейни суьйренехь Кадыров Хож-Ахьмада диначу къамело гайтира юбиляран башха кхолларалла а, иштта кхечу яздархойн  говзарш а цунна к1орггера евзаш хилар. Цул сов, ненан мотт цуьнан сирлачу ойлнех хьаьрчина, сих д1аийна, хаддаза ц1ийца лозуш хилар гайтира вайн турпалхочо цу суьйренехь динчу маь1нечу къамело.
    «Нохчийн революцин тулг1енаша» самабаьхначу «молланех» вац Аллах1-Делан къинхетамца Кадыров Хож-Ахьмад. Иза аганара дуьйна исламан зевнечу мукъамийн аьзнаша лерса хьистина, безамца цаьрга ладег1на,  царех воккхавийна ву. Кхолламан некъаша доггаха я дегаза кхин аренаш идаяйтинехь а бусулба дин цуьнан экамчу сица, ц1ийца хилла, шен ворх1е дас х1айкал санна лардеш схьадеаний хууш. Иза цкъа а, цхьана м1аьргонна бусулба динна пе тоьхна, б1останехьа вирзина вац. Цундела синак1оргене кхевдина, дагчохь массо ханна бен бина севцца цунна шен ден Жабраилан дешнаш бусулба динан 1илманах лаьцна. «Мехкан хьехамча» ц1е йолчу шен книги т1ехь Заурбеков Мас1уда яздо: «К1анте чу  а кхайкхина, охьахаа аьлла, шена хьалха 1уьллучу  жайни т1ера цхьа мог1а д1абийшира Жабраила. Цуьнан дас 1абдул-Къедира д1аязбина мог1а бара и, цхьана хьенехера цхьана заманчохь оццул мах белла, 1абдул-Къедира эцна шира, 1абдул-Къедиран во1а Сулим-моллас шен куьйга яздина долу: Шен да 1абдул-Къедир д1акхелхича, цуьнгара ирс оьцуш, къоначу 1елимстага Сулимас дола даьккхина х1ара 1349-чу шарахь (1аьрбийн рузманца), аьлла. Махкахь а вевзаш волу 1елимстаг 1абдул-Къедир д1акхелхина шо ду и.
   Кхид1а дерг Жабраила шен к1анте Хож-Ахьмаде шегга дешийтира. Иза дара Жабраила шен куьйга яздина йоза, григориански рузманан 1959-чу шарахь яздина. «Шен ваша Сулим кхелхинчул т1аьхьа, цуьнгара ирс оьцуш, г1ийлачу Жабраила дола даьккхина х1ара жайна», дийшира Хож-Ахьмада.
  Жайнаш кегош 1аш, оцу мог1анех б1аьрг кхеттачу Жабраилан б1аьргашна хьалхахула чекхдаьллера, олуш ма хиллара, шайн дайн, ворх1е дегара дуьйна схьадолу дахар. И гича, ойлане а ваьлла, шайн керташкахь кхуьуш кхин 1елимстаг цахиларна, и г1айг1а совъяьлла, воьлхуш хиллера иза. Т1аккха, 1ен ца велла, болх Аллах1-Деле билларца, оцу мог1анашна буха шегара цхьа мог1а язбина хиллера Жабраила: «Дела, Хьо гуш ву-кх, х1ара д1аэца стаг ца вуьсу-кх сан» – аьлла. Цул т1аьхьа шен кхоллаелла ойланаш йийцира цо шен к1анте Хож-Ахьмаде, балхийра шен кийра бахчийна, шега кхаьчна бала. Ворх1е дегара дуьйна схьа шайна массарна бусулба дин 1амор, юха иза шаьш нахана д1ахьехар хедаш хилар ца лан деллера Жабраиле. И дара тахана цуьнан дагна чов йинарг, и дара х1инца цуьнан ойла елхориг, ладег1арх синтем ца хилла, Кхоьллиначуьнга болх буьллуш, Цунна иза хьаставалар…Дайшкара тахханалц ца хедаш схьадеана динан беркат дан йиш яцара. И беркат дара – бусулба динан 1илма 1аморан беркат,иза юха кегийчарна д1ахьоьхуш, т1екхуьу чкъор динехь нийса, ийманчохь долуш кхиоран беркат».
   Баккъал а, дагах кхетта хиллера Хож-Ахьмадана дас дина къамел а, дег1ера г1ора эшначу муьрехь  цуьнан холча х1оттар а. К1анта дош делира дена, бусулба дин 1аморехь, даржорехь, т1екхуьучу чкъурана марздарехь  цуьнан дайша сийллалица д1акхехьна г1азотан байракх ца йожийта, шегахь йолчу таронца кхин а лаккха хьала айина, Исламан нур лепа серло яржош кхид1а д1акхехьа. Шен дерриге а дахарехула и дош лардеш схьавог1уш ву халкъана, махкана дукхавеза, яхь йолу къонах, хаарийн б1ов, 1илманан да, вайн дозаллин лам, исламан тешаме б1аьхо Кадыров Хож-Ахьмад. Уггаре а халчу хенахь, советийн 1едал доха дагахь доцчу муьрехь, бусулба дин хьахор а кхераме долчу заманахь схьалаьцна г1азотан байракх ю Кадыров Хож-Ахьмада нуьцкъалчу буйнахь, кхиамца д1ахьошъерг. Цундела Веза-Воккхачу Аллах1-Дала иза дика лелаво каде уьдучу шерашка йийсаре ца лоцуьйтуш, зенах-зуламах 1алашвеш, могшаллех ца хьегош, сирлачу кхетамехь, ирачу хьекъалехь волуш.
  ХХ-чу б1ешеран 80-чу шерашкахь советийн 1едал доха карзаха даьлла, герга г1ертарчу хийцамийн х1уо хаалора. Дин хьахон а, цунах хетарг ала а, мелла а гечо делира. Цунах пайдаоьцуш, катоьхнна маьждигаш схьаделларна сихо йира вайн махкахоша. Дуккха а шерашкахь къевлина лаьттина маьждиг схьадиллира Жимчу Атаг1ахь. Т1аккха нохчийн кхин масех юьртахь хилира маьждигаш схьаделлар. Царна юкъахь дара Курчалойн-Эвлара маьждиг. Дуьххьарлера имам Бадрудди вара Курчалойн-эвларчу маьждигехь, цуьнан наиб Хож-Ахьмад вара. Дукха къахьегнера 1еламнаха и маьждиг схьаделлийта г1ерташ. Курчалойн-Эвлара маьждиг схьаделлийтаран боламехь жигара дакъалоцуш вара вайн турпалхо. Вайна массарна хууш ду 1990-чу шарахь, Дала г1азот къобал дойла цуьнан, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Курчалойн-Эвлахь хьуьжар схьаелларх дерг. Оццу 1990-чу шарахь ша кхиамца беш болу лоьран болх д1атесна Курчалойн-Эвларчу хьуьжарехь хьеха волавелира Кадыров Хож-Ахьмад. Х1инца-м оцу хьуьжарх Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолу исламан институт хилла. Х1ара ткъе итт шо сов зама ю Кадыров Хож-Ахьмада говзаллин лаккхарчу т1ег1анехь мута1еламаш кхион а, цуьнца цхьаьна Ахьмад-Юьртарчу маьждигехь имамалла ден а. Кхин х1умма а ца хилча а ткъаясназза Хьаьж ц1ахь хилла вайн турпалхо. Цо халкъана, махкана кхин цхьа а дика дина ца хилча, Аллах1-Делан Сийлахьчу ц1арца цо бина и Некъ бахьанехь сий-ларам бан хьакъдолуш стаг ву Кадыров Хож-Ахьмад. Ткъа баккъал а цо дина диканаш дагардина вер вац. Махкахошна дика евзаш ю цо дакъалоцуш «Грозный» телеканалехь журналиста Ахмедов Анзора д1ахьош йолу «Ийманан шовда» передача. Нохчийн Республикера телехьовсархой хилла ца1а «Ийманан шовда» передаче хьовсуш. Луларчу республикийн бахархоша а  езаш т1елаьцначарах цхьаъ ю иза. Буьрсачу т1амо бенах бохийна кхечу паччалкхашкахь цкъачунна д1атарбеллачу  вайн махкахошкара дог1у «Ийманан шовда» передаче хаттарш. Царах х1оранна кхачам боллуш жоп ло, тоххара баккъал а мехкан хьехамча хилла д1ах1оьттинчу Кадыров Хож-Ахьмада. Цо цхьа а хаттар ца дуьту тесна, жоп дала мало йина. Вайн дайша йо1б1аьрг санна лардинчу исламан дино ма-бохху, хаттар динарг кхетош, ц1еначу нохчийн маттахь жоп ло цо, ладуг1уш болчу телехьовсархошна синахьаам беш. Бух боцу х1орд санна шорта долчу хаарша, хастам хиларо Аллах1-Дала ца кхоош беллачу сирлачу кхетамо таро хуьлийту Кадыров Хож-Ахьмадан шегарчу 1илманан беркат вайн дегнашка кхачо, вайн ойланаш ц1инъян, нохчийн къоман зовкхечу кханенах дегайовхо ч1аг1ъян. Цуьнан хьехамаша диканна г1иттайо адамийн ойланаш, цара дахаре болу безам ч1аг1бо вайн махкахойн, мел яккхий халонаш т1ех1иттарх Аллах1-Делан диканах дог ца дилла 1амаво цара. Вайн ворх1е дас лийринчу исламан серло яржор шен дахаран коьрта маь1на хеташ ву иза. Тахана бусулба динна ц1еначу даггара г1аролехь лаьттачарех цхьаъ ву иза. Цхьана а кепара щеко хуьлийла доцуш, исламан лом шех ала хьакъдолуш нохчийн къоман тешаме во1, халкъалахь сийдарца ц1е йоккхуш къонах ву Кадыров Хож-Ахьмад. Телевиденехь, я ша хьехархочун даржехь Исламан институтехь бечу хьехамех тоам бина 1еш вац вайн турпалхо. «Исламан сирлачу новкъахь» ц1е йолуш цо  язйина книга, бусулба дин дезачу вайн х1ора махкахочун х1усамехь мехала жайна хилла д1ах1оьттина. Къаьсттина цунах шуьйра пайдаоьцу т1екхуьучу чкъуро. Нохчийн къоьжачу лаьмнех схьадуьйлу сирла шовда санна, ц1ена, маь1не хьехамаш бу «Исламан сирлачу новкъахь» жайни т1ехь мехкан хьехамча волчу Кадыров Хож-Ахьмада беш берш. Вайн кегирхой кхетош-кхиорехь а 1аламат доккха г1о-накъосталла ду Къилбаседа Кавказан 1елам нехан кхеташонан председатель волчу Кадыров Хож-Ахьмадан йозанашкахь. Уьш деша вай мало ца йичахьана.
  Вайн турпалхо везаш, лоруш болчарна хазахета Нохчийн Республикин куьйгалло цуьнан хьанала къинхьегам шайн семачу тергонехь латтош а. 2007-чу шарахь дуьйна «Нохчийн Республикин сийлахь вахархо» еза ц1е дозаллица лелош ву Кадыров Хож-Ахьмад. Оццу 2007-чу шарахь «Золотое перо» ц1е йолчу дуьненанюкъарчу конкурсан лауреат а хилира цунах. 2008-чу шарахь вайн махкарчу Интеллектуальни туьшо 1еламчу стеган хьекъал, хьуьнар, къинхьегам, корматалла тидаме эцна «Датон бух1а» яларца билгала ваьккхира Кадыров Хож-Ахьмад.
   Уггаре а халачу,1аламат кхераме хенахь шен уллерчу верасана, Дала г1азот къобал дойла цуьнан, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжина тешаме накъост, бакъонна т1ехь г1ортор хилла чекхваьлла ву вайн турпалхо. Цунна къеггина тоьшалла ду Нохчийн Республикин гимнан автор иза хилар. Чолхечу муьрехь, нохчийн къоман къилба хаьрцина, ойланаш яьржина, дегнаш буьрсачу дорцо шелдинчу хенахь яздина ду Кадыров Хож-Ахьмада Нохчийн Республикин гимнан дешнаш. Нохчийн дог кийрахь долчу х1ора стеган синак1оргене кхача ницкъ болуш, дог-ойла ира-кара х1оттош, зовкхечу кханенах халкъ тешош яздина автора вайн гимнан х1орадош. Нохчийн къоман яхь йолчу к1ентийн турпала дегнаш, церан нуьцкъала амал, сирла ойланаш гойтуш язйина ю хьекъалан да волчу Кадыров Хож-Ахьмада гимн.

Харцоно ц1е тесна хийла хьо ягарх,
Нохчийчоь ца йоьжна, г1аьттина яха.
Кавказан ткъес хилла, маршонан ага,
Хьан лаьттан сий дина яхь йолчу наха…

Нохчийн Республикин гимн хилла ца 1аш, къоман литературехь массо ханна йитина сирла лар ю и мог1анаш, авторан беркатечу пох1мина теш х1уьттуш, вайн дегнаш делош, самалха дохуш.
Тахана «Кавказан ткъес» хилла шен диканашца серлавуьйлучу  Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна, Россин Турпалхочунна Кадыров Рамзанна мокхазан берд санна нуьцкъала г1ортор хилла схьавог1уш ву Кадыров Хож-Ахьмад. Нохчийн халкъана, махкана къинхетамца дина совг1ат ду хьекъалча, 1илманан да, журналист, яздархо, патриот волу Кадыров Хож-Ахьмад, хастам хиларо Аллах1-Дала вайн заманхо вар. Лерса хьоьстучу иллин мукъамехь бекачу цуьнан хьехамашка ладег1а вайн аьтто хилар а доккха ирс ду. Вайн дайша х1айкал санна лардинчу бусулба динан б1аьхо хилла чекхволуш ву иза шен оьздачу дахарехь. Исламана г1аролехь лаьтташ цо бечу хьехамаша синкхачанах дузу махкахойн дегнаш. Тахана нохчийн халкъо сийдеш лоручу синан б1аьвнех, уггаре а нуьцкъалчарех цхьа б1ов ю Кадыров Хож-Ахьмад.