Общество

Эльдарханов Таьштамир

Д1адаханчу б1ешаран 20-чу шерашкахь Нохийчохь Советийн 1едал ч1аг1делла, д1ах1оьттинчул а, Нохчийчоьнна автономи йеллачул а т1аьхьа сихха кхиа доладелира мехкадаьтта даккхар а, цунах г1уллакхдар а. Цуьнца цхьаьна алсамбовлуш бара бахаман промышленностан декъан белхалой, цхьана декъана йартийн бахархойн чоьтах а бовлуш. Оцо лоьхура халкъана йукъахь йоза-дешар цахаар д1адаккхархьама, дешаран заведенеш, ткъа иштта культурин, медицинин учрежденеш йахкар, кхолладеллачу хьелашка хьаьжжина бахархошна йукъахь кхетаман болх бар. Цуьнца доьзна ч1ог1а оьшуш дара хаддаза арахоьцуш болу зорбанан г1ирс хилар. Газет мехала маь1на долуш дара керлачу 1едало къинхьегамхойн дахар тодарна деш долу г1уллакхаш, т1ейог1у ханна йолу планаш бахархошна йовзийтрна, къоман истори, литература, нохчийн йозанан мотт кхиорна, йукъараллин дахарехь нислуш долчу кхачамбацаршца къийсам латторна.

И жоьпаллин доккха декхар кхочушдалан 1алашонца меттигерчу бахархошна лерина диллира «Советски Автономни Нохчийчоь» ц1е йолу газет. Цуьнан хьалхара номер арайелира 1923-чу шеран 23-чу апрелехь. Иза х1инца нохчийн маттахь арахоьцуш долчу «Даймохк» («Серло», «Ленинан некъ») газетан йуьхь ларалуш ду. Газетан редактор х1оттийра нохчийн халкъана йуккъахь боккха сий-ларам болуш хилла волу серлонча, политикин а, пачхьалкъан а, йукъараллин а деятель, литератор, 1906-1907 – чуй шерашкахь Россин Пачхьалкъан 1-чу а, 2-чу а Думин декъашхо хилла Эльдарханов Таьштамир. Оцу даржера стаг газетан редактор вахитаро гойту цу хенахь и зорбанан г1ирс доккхачу маь1не лоруш хилла хилар.

Т. Эльдарханов вина 1870-чу шеран оханан беттан 1-чу дийнахь Хьалха-Мартан к1оштарчу Гихтахь ахархочун доьзалехь. Цо дешна, кхиамца чекхъйаьккхира училище, 1893-чу шарахь Тифлисера (Тбилиси) хьехархойн институт. Кхузахь цуьнан ойланашна а, хьежамашна а боккха 1аткъам бо оьрсийн а, гуьржийн а, х1ирийн а интеллигенцин векалшца  хиллачу уьйраша.

Т. Эльдархановс шен коьрта декхар лорура нохчийн халкъан дахар тодарехь, цунна йоза-дешар цахаар д1адаккхарехь г1уллакх дар. Ша доьшуш волчу хенахь Тифлисехь а, Буру-Г1алахь а архивашкахь нохчийн халкъан барта кхолларалин материалаш гулйан волавелира иза. 1900-чу шарахь «Кавказан меттигаш а, тукхамаш а довзийтарна лерина йолчу материалийн гуларехь» Таьштамира оьрсийн матте гочдина, арахийцира нохчийн масех туьйра. XIX-чу б1ешеран хьалхарчу шерашкахь Т. Эльдархановс хьехархочун болх бира Майкопехь а, Соьлжа-Г1алахь а. 1911-чу шарахь Тифлисехь арахийцира цо кечйина йолу нохчийн хьалхара абат.

Т. Эльдархановс беш болу серлонан болх лаккхара мах хадорца т1еийцира Нохчийчохь а, йерриге а Къилбаседа Кавказехь а. Сий-ларам барца ц1е йаккха йолийра цуьнан. 1906-чу шарахь Россин Пачхьалкъан хьалхарчу Думин депутат хаьржира иза. Пачхьалкхан 1едало Кавказехь д1ахьош йолу политика 1орайоккхуш, Думин кхеташонашкахь цо деш долчу къамелаша г1о дора лаьмнийн халкъийн кхетам самабаккхарна. Пачхьалкъан хьалхарчу Думин хьалхарчу сессехь къамел деш, Т. Эльдархановс элира: «Со Теркан областан кегийчу халкъийн: г1алг1айн, г1ебартойн, нохчийн, х1ирийн, г1умкхийн векал ву. Ах б1е шо д1адаьлла тхо Россин 1едална к1ел долу. Сийлахь-йоккхачу пачхьалкхана йукъахь долуш парг1ат хиларе, синтем хиларе, ирс хиларе сатуьйсуш дара тхо. Тхан дегайовхонаш кхочуш ца хили… Тамашбойла дац, нагахь санна Кавказехь т1елетарш, талораш деш, нах бойуш меттигаш хилча, уьш ламанхошна шайна а, церан лулахошна оьрсашна а беза мохь хуьлий балане йовлуш хиларх. Ткъа оцу вуочу хиламийн коьрта бахьана ду йоза-дешар цахилар а, лан хала долу экономикин хьал а».

Къилбаседа Кавказан ламанхошний, оьрсийн халкъаний йуккъера дика йукъаметтигаш 1алашъйан а, кхион а цунна лаарна тоьшалла деш ду Пачхьалкхан 1-чу Думин 1906-чу шеран асаран беттан 23-чу дийнахь хиллачу кхеташонехь Т. Эльдархановс дина къамел. Цо нохчийн, г1алг1айн, х1ирийн халкъийн ц1арах дийхира революцин г1аттамаш совцо церан контингенташ Россе цайахийтар.

Т. Эльдархановс пачхьалкъан барамашкахь хиламийн г1айг1а беш хилла хиларна къеггина тоьшалла ду Пачхьакхан 2-чу Думин сессешкахь цо дина къамелаш. Ламанхойн социально-экономикин дахаран халонех лаьцна дийцина ца 1аш, Таьштамира Думин депутатийн тидам т1ебохуьйту йерриге а Россин къинхьегамхошна, къаьсттина ламанхошна дуьйш-дерзош долу латтанаш цатоарна. Т1аьхьа В.И.Ленина «Россехь капитализм кхиор» ц1е йолчу шен балха т1ехь билгалдаьккхира Т. Эльдархановн и къамел.

1907-чу шеран асаран беттан 3-чу дийнахь паччахьан 1едало Пачхьалкхан шолг1а Дума д1асахецначул т1аьхьа Т. Эльдарханов Соьлжа-Г1ала йухавог1у. Бакъду, 1едалша цунна доьхку Теркан областан школашкахь хьехархочун болх бар. Т1аккха иза Бакох д1авоьду. 1917-чу шеран февралан революци хиллалц цигахь 1а иза, серлонан декъехь болх а беш.

Нохчийчохь граждански т1ом болабелча к1айгвардейцашна дуьхьал хиллачу къинхьегамхойн къийсамна коьрте х1оьттира Таьштамир. Дерриге а дарца г1олецира мостаг1ех леташ болчу ц1еэскархойн а, большевикийн а. Къилбаседа Кавказехь граждански т1ом чекхбаьллачул т1ьаьхьа Т. Эльдарханов Нохчийчоьнан ревкоман председатель хаьржира. Теркан областан халкъийн 1920-чу шеран лахьанан баттахь учредительни съездехь д1акхайкхийра Ламанан Автономни Социалистически Республика йуьллуш хилар. Цуьнан ЦИК-н председатель хаьржира иза, Нохчийн областан исполкоман председателан декхарех мукъа а ца воккхуш.

1922-чу шарахь Нохчийчоь Ламанан республикина йукъара д1акъаьстийначул т1аьхьа Нохчийн автономни областан Советан куьйгалхо хоржу иза. 1923-чу шеран оханан беттан 23-чу дийнахь дуьйна арахеца долийначу «Советски Автономни Нохчийчоь» газетан редактор х1оттийра. Цу хенахь къинхьегаман халкъан хьашташ лардеш, цо сий-ларам беш хиллачу интеллигенцин векалшца дукха хьолахь нислуш мА-хиллара, Т. Эльдархановн балхахь а 1едалан товш доцу г1алаташ карийна, 1925-чу шарахь балхара д1аваьккхира иза. Бакъду, оццу шарахь Къилбаседа Кавказан край йиллича, цо болх бира Дона-т1ерачу-Ростовехь крайн исполкоман Къоман Советан председателан даржехь. Цул т1аьхьа 1929-чу шарахь Нохчийчу йухавеача, «Грознефть» цхьаьнакхетараллехь жоьпаллин балхахь 1ийра Т. Эльдарханов.

Нохчийн халкъан хилла ца 1аш, Къилбаседа Кавказан дерриге а халкъийн дахар тодарехьа, царна дуьйш-дерзош долчу  лаьттаца кхачо йарехьа, къинхьегаман халкъана йоза-дешар 1аморехьа, Кавказан халкъашна  йуккъехь доттаг1алла, гергарлонан йукъаметтигаш хилийтарехьа жигара къуьйсуш  вара Таьштамир. Иза шеен балхахь т1етийжара 1еламнахана а, халкъалахь сий-ларам болчу  интеллигенцин векалшна а. Т. Эльдарханов пачхьалкъан, йукъараллин воккха г1уллакхо, серлонча, хьекъале политик вара. Нохчийн хилла ца 1аш, йерриге а Кавказан а халкъашна йукъахь сий-ларам болуш вара иза.

Т. Эльдарханов кхелхина 1934-чу шеран лахьанан беттан 14-чу дийнахь.

Магомаев Салавди

Нохчийн журналистикин ветеран.