Общество

1овдин 1елин до1а

Оцу шарахь цкъа а нахана ца гина йокъа х1оьттинера Нохчийчохь. Хьогах долу латта лилхинера, куьг чудаххал эт1арш девлла. Дежийлаш мажделла, когаша к1ел «г1ажжехь» аталора йакъайелла буц. Г1аш охкийна лаьттара хьаьжк1аш, дег1 ца доккхуш, лоха йисинера, церан кенан беттанийн хьарчолагаш йеса йара. Наггахь бен гуш баьккхина пхьаьрке ца гора. Дилла хи доцчохь, шен заманал хьалха г1а мажлуш, ц1ийлуш, дужуш йара бошмаш а. Уллехь дог1уш жимделла Орга делахь а, тов хьийзош, йовха йара. Масех к1ира даьллера стигалахь марха гучу ца йолу. Генна д1ахьаьжча, Орган г1айренаш т1ехула  чан айбина шайт1анан  мох хьийзаш гора. Чено даздина йарийн г1аш лаьтта дийшинера. Базарахь а, пхьоьханахь а, маьждигехь а йуьйцуш йерг х1оьттина йокъана йара: нах ч1ог1а кхерабелла бара мацалла х1оттарна.

Иштачу цхьана дийнахь Орган тог1ичуьра базара ваханера Шамсудди. 1аьнан докъарна кхачойар ледара хилахь а бохуш, гуьйре т1ейале, мехехь долччуьра, совнаха долу бежанаш д1адухкуш, дукха нах бара кхуза баьхкина. Ткъа Шамсудди, дусто дагахь, къона бежанаш эца безам болуш, базарна йистехьуо гарсах д1атийсанчу бежанийн мехаш хоьттуш лелара.

Х1ара санна лелаш кхин нах а бара.

Йуькъачу базарна т1ехула, дечу къамелийн г1уг1 лаьттара.

— Эсах х1ун доьху ахь, къонаха? – хезара бежнаш духкучухьара.

— Х1ара-м дац эса, пхи бутт кхаьчна шинара ду-кх.

— Шинара хилча, шолг1ачу шаре даьлла хила ца деза иза?

— Ахь х1ун до цуьнан хенах, т1ехьаьжна доккха бежана ма ду х1ара-м, — бехказа вуьйлура эсан да.

Йистехьуо, цхьаьннан а бала боцуш, лаьттара к1арула 1аьржа, деха д1асадахана лергаш а, гонах беха б1ачо а, даккхий 1аьржа б1аьргаш а долу жима гомашан к1орни.

— Х1ей стаг, х1окху «негар»-к1орнех х1ун доьху ахь? – забар йеш, хоьттура кхечу эцархочо.

— Негарш Аьпиркехь бу, ткъа гомаш эца г1ертачунна эхамехах д1алуш йу.

— Мичахь го хьуна гомаш?

— Ткъа х1ара газа йу-м ца моьтту хьуна?

— Йерриг гай а хилла д1а ма йаьлла хьан х1ара. Мах биннарг белахь а, х1ун доьху алахьа.

— Кхо туьма.

— Кхаа туьмнах-м хохку говр а лур йу.

— Оццул хьайн ахча хилча, хьо г1аш х1унда лела, гомаш к1орнин мах хоьттуш?

Соьлжа-Г1алара баьхкина коьртахь кегий песаш йолу жуьгтий бара, дехкий лоьцу гураш а, мачийн айраш а, кир-басарш а, к1адеш а, теш а, мехий а духкуш. Забарш йеш, уьш хьийзош 1едал дара нохчийн.

— Х1ей, Дибир, лила дуй духкуш, лила дуй? – олий, хоьттура жуьгтичунга, цуьнан ц1е кхин йелахь а.

— Хьан наьна ду лила, хьан наьна ду лила. – оьг1аз вахаран кеп а х1оттайой, — жоп лора жуьгтичо. Йуха г1оддах велалора.

— Лила бац, басар бу, мачийн айра бу. Д1аэца, нахчо, хьонка санна борах бу.

— Ва-а, ж1аннака оццуриг, ж1аннака оццуриг! – маьхьарий деттара кху йовхонехь кхекхийн куйнаш техкина болчу суьйлаша.

— Ва-а, нахчи йу, ва-а карли йаккхайн марзи нахчи йу.

— Ва-а, к1удда оццуриг, чара оццуриг…

Ц1еххьана, мозийн вой даьлча санна, базарахь лаьтта г1овг1а къарйеш, маьхьарий девлира:

— Ва-а 1ела вог1у! 1ела вог1у! – аьлла.

— Мила 1елий? – хоьттура суьйлаша.

— 1овдин 1ела ву вог1уш. Шайх-1ела.

Дерриг адам, йухкуш йолу шайн х1уманаш а йитина, мохь баьллачухьа д1ахьаьдира. Цига д1ахьаьлхира атаг1ой а, дехьа-сехьа йарташкара баьхкина кхиболу нохчий а, шайн ж1онкаш а, нехчанаш а, к1удалш а, чаранаш а йитина, суьлий а. Цаьрга а хьаьжна, хиллачух башха кхетта а воцу Дибир а ведира цигахьа д1а.

— Ва-а, 1ела вог1у! 1ела вог1у! – маьхьарий девлира йуха а.

Оцу д1ахьаьвддачу адмашна хьалха нисвелира Шамсудди. Атаг1арчу цхьана урамера схьаваьлла Органехьа вог1уш вара пхи бере. Дехьий-сехьий вог1у шишша бере ц1ей, синий, аллий басахь г1овталш йуьйхина, гехь тоьпаш йолуш, т1ехь шаьлтанаш, тарраш кхозучу нохчийн доьхкаршца йаккъаш къевлина, расхачу дойшкахь бара. Уьш г1еметта х1иттина къонахий бара, доцца хадийна 1аьржа маж-мекх долу хаза, безамехь къона йаххьаш а йолуш. Йуккъе х1оьттина вог1ург сирчу динахь к1айн г1овтал йуьйхина вара. Оьздачу г1ода йукъах йихкина дела а ц1ен бос богучу, ц1ена йаьшначу к1айчу йуьхь т1ехь 1аьржа масс-цкъоцкъам а, хаза куьцехь тадина мекх долу иза, ч1ог1а товш вара. 1аьржачу б1аьргаш чохь дуьне довзаре, адам дезаре болчу безаман серлонаш лелхара. Лекхачу хьаьж т1ера хьалатеттина г1еххьа лекха болу холхазан куй детех лепара. Велакъежча, дашо серло тухура цхьана лахарчу церга т1ерачу кхемано. Иза Кавказехь г1араваьлла вевзаш волу шайх 1овдин 1ела вара. Мостаг1ех Нохчийчоь ларйечарна хьалхаваьлла леларца, ч1ир лелош, цуьнан эрчаллаш ловш болчу нахана йукъахь масла1ат деш леларца вевзара иза йерриге а Нохчийчохь. Цунах иллеш, эшарш, назманаш йохура халкъалахь.

Шен йуьхь санна, ц1ена, оьзда ойланаш йолуш, Дала деллачу корматца хиндерг гуш, цуьнан вонах нохчийн халкъ лардан лууш, ма-дарра бакъдерг дуьйцура цо, ца тахь а. Халкъе бакъдерг дийцар цо шен декхар лорура. Маршонан байракха т1ехь дашочу элпашца йаздича санна, шена т1ехь нур дагош, Нохчийчоь серлайохура цуьнан ц1аро. Нохчийчоьнан Дела хьехош мел йолчу меттехь хезаш йара нохчийн халкъан тхьамданах – 1овдин 1елех йаьккхина назма:

Ангали бошхепахь сийна бай баллалц,

Хьо ваха войла, тхан 1овдин во1 1ела!

Йаххьаш серлайевлла адам шайхана герга кхача иттех г1улч йолуш, сацаделира. Массо а 1елига хьаьжжинчохь висинера.

— Ассаламу 1алайкум, х1ай Делан вели! – аьлла, салам делира шайхе нахана йукъара схьаваьллачу къеначу Дахас. – Марша вог1ийла, 1ела.

— Ва 1алайкум салам! – динара воьссина, к1айн маж йолчу Дахина т1е а веана, доггах мараиккхира 1ела. Дойшкара биссира цуьнца болу муридаш а.

— Бехк ма биллалахь тхуна, 1ела, хьан хан йойъуш делахь а, оха хьуо сацорна.

— Бехке х1ума дац, со суо а вара сайн дагахь, шуна т1евеана, вист хир ву, бохуш. 1ер-дахар муха ду шун, Даха? Могаш-маьрша, валар-висар доцуш, 1аш дуй шу? – хаьттира 1елас.

Цо Дахин ц1е йаккхар лаа дацара: Несарера – Г1ой-хи т1е кхаччалц Нохчийн аренца йарташкара дукха нах ц1арца бевзара, цигахь вон-диканехь гуттар хуьлуш волчу 1елина.

— Дика 1аш ду тхо-м, 1ела, — элира Дахас. – Шу а дуй могаш 1аш?

— Цкъачунна масо а могаш-маьрша ву, Дала мукъ лахь. Кхин сингаттам а бац х1ара х1оьттина йокъа йоцург, ткъа шуьгахь х1ун хьал ду?

— И цхьаъ бен сингаттам тхоьгахь а бац. Тхо долчохь дог1а даза шолг1а бутт бу. Тхо Нохчийчу мацалла йарна кхоьру. Ахь дехча, хьуна лур дара Дала. Кегийчу берийн дуьхьа, бийца багахь мотт боцучу хьайбанийн дуьхьа, цуьнга вайна дог1а доьхуш до1а дахьара ахь, 1ела.

Вон-дикане кхаьчча, 1елица г1иллакх лоций, кхуьнга до1а дойтуш 1едал дара цига иза кхачарх совг1ат хиллачу нехан. Ткъа х1окху нахана кхуьнгара г1о оьшура. Ишта г1о оьшуш, ша ваьлла Париже ваха новкъа волуш, Орцин Тапас а дийхира цуьнга шен некъ маьрша хилийта до1а дар. Дийр ду ша, элира т1аккха 1елас, нагахь цо оцу Парижехь бусалбачу нахана маьждиг дийр делахь.

Тапас Парижехь маьждиг дина бохуш хабарш даьржира Нохчийчохь. Масех шо даьлча Тапигара ду аьлла, кехат деара цуьнга. Цу т1ехь маьждигах лаьцна цхьа а дош дацара. 1ела кхийтира: и кехат йаздинарг ЧК хилар. Т1аккха дуьйна 1едалан тергонехь вара иза.

— Бисмиллах1иррохьманиррохьим! – 1елина т1аьхьа до1ина куьйгаш лецира дерриге а адамаша. Хабарш севцца, тийна хилира. Органо йен г1овг1а йоцург кхин хезаш х1ума дацара.

…Доца дацара доггах дина 1елин до1а. Амма хьалалаьцна куьг к1аддаллал деха а дацара. Ша ваьлча, йухьах куьйгаш а хьаькхна, цо элира воккхачу стаге:

— Са ма гатде ахь, Даха: Делан къинхетам боккха бу. Цуьнгара г1о ца кхочуш, дуьсур дац хьуна вай, аьлла.

Гулделлачу адамашна т1ехула сирла б1аьрг кхарстийна, цо т1етуьйхира:

— Х1инца шун пурбанца тхо д1аг1ур ду. Шу марша 1ойла, атаг1ой. Йуха гуш, Дала вовшашна диканехь гойтийла вай!

Йуха ц1еххьана цхьа х1ума дагадеъча санна, массо а цецвоккхуш Шамсуддигахьа а вирзина, цо аз лахдира:

— Жима къонах, ахь тахана арабаьккхина некъ беркате хир болуш бу хьуна. Хьайн дагахь дерг  кхочуш делахь, — аьлла.

Цецваьлла Шамсудди, дош ца алалуш, ша лаьттачохь лацавелла висира.

1ела а, цуьнан муридаш а дойшка хевшира, йуха, Органах а бевлла, Жимачу Атаг1ахула Эвтара д1абахара. Уьш къайлабовллалц, царна т1аьхьа стигалхула д1адоьдучу дашочу нуьре хьуьйсуш лаьттира гулбелла нах. Ч1ог1а цецваьккхинера оцу нуьро жуьгти – Дибир а, ткъа цунна улле нисвеллачу суьйличо:

— Далис къайле йелла, бакъволу авлийаъ ву и 1а-али, — бохура, Шамсауддига а хьоьжуш. – Хьан дагара хаирий цунна? Цо х1ун бахура хьоьги? К1удалаш эца-м ца бахура?

Гулбелла нах шайн-шайн метта д1аса а бахана, базаро шен болх йуха а д1аболийра, амма оцу дийнахь кхин д1а базар-м ца хилира цунах: кестта ч1ог1а баьллачу мохо Орган хиэ тийсийтинчу г1айренаш т1ера чан г1аттийна, боккху-уш, малх баса баьккхира. Мичара йевли ца хууш, малх бузухьара т1етаттайеллачу мархаша дуьне кхолийра. Уьш лилах 1аржйелира. Дохка далийна бежанаш ц1а лоьхкуш бара атаг1ой а. Шайн сал-пал д1анисйинчу вир-варданашна т1е гатанаш т1еуьйзуш бохкура суьлий а, жуьгтий а. Дог1анан даккхий шийла  т1адамаш эга дуьйлира стигалара. Йуха, мох а сецна, 1аламехь цхьа тамашийна тийналла х1оьттира. Базар йассайале кхин стигал ца къевкъаш, луьста дог1а туьйхира. Дерриг дуьне дог1ан 1оврийн баса дахара. Ша эцна эсий а лаьхкина ц1а веара Шамсудди а.

Кхин сацар доцуш, дерриге а к1ирнах хаддаза мох боцу г1ийла дог1а ихира Нохчийчохь. Цо латта 1абийна, дийначу йалташна чу садеара. Малхо дагийначу дежийлашкахь керла буц хьалаг1оьртира.

1овдин 1елас шега аьлла дешнаш йух-йуха а карладуьйлуш, уьш диц ца луш  дийнна шарахь лийлира Шамсудди. 1овдин вирдехь болчу а, боцчу а нехан б1аьрг буьзира 1елех. Цуьнга церан хилла безам совбелира. 1ела Атаг1а веъначу дийнахь эцначу эсех даккхий бежанаш хилира Шамсуддина, оцу шарахь йалта хьекъар бахьана долуш. Гурахь Атаг1ара бакхий нах 1елица тоба дан боьлхуш, цаьрца ваха сацам бира цо. 1елим хила ца 1аш, шайх-къонах хила веза зама йара иза, цундела цо Эвтара хаьржира.

Оцу хенахь йуьртара йуьрта кегийрхой говрашкахь лелара, ткъа баккхийнаш – варданашкахь. Говр хаьхкина д1аваха атта дара Шамсуддина, амма иза шен накъостех ца къаьстира. Назманаш бохуш, х1орш варданашкахь д1аоьхуш цхьанна а ца гойтуш шен томка чохь лелош болу т1оьрмиг д1акхоьссира цо, нийат дира, массо а вочу х1уманах д1акъаьсташ.

Эвтара д1акхаьчча, ламазаш а эцна тобанашка бекъабелира нах. Шуьйрачу раг1у к1елахь тоба дойтуш вара 1овдин 1ела. Цунна г1о деш х1айтъаьлла хьийзира кегирхой – муридаш.

Ахго бина, нах охьа а ховшабой, царех цхьаьннан куьг лоцура 1елас, вукхара цуьнан куьйгах п1елг 1уттуш, йа п1елг лоцуш дора тоба.

«Деллахь ма дош дацара-кх къевллина 1елин куьг а лаьцна ца дича и тоба», — ойла хилира Шамсуддин. Оцу хенахь:

— Атаг1ой охьаховшийта! – олуш хезира.

Атаг1ара кхуьнца баьхкина нах кхуьнан ден хенара бара, цундела царах мелла а ийзалуш, цаьрца г1иллакх лаьцна, вухахилла-а 1ара Шамсудди. Тобадеш 1елас угаре а воккхачуьн куьг лоцур ду, аьлла, хеташ вара массо а, амма хилларг цхьанна а цамоьттинарг дара.

— Бехк ма биллалахь, Даха, х1ара шуьца волу жима къонах ву соьга шен куьг лаца бохуш, аьлла, — генна схьачукхевдина, Шамсуддин куьг лецира 1елас. Оцу хенахь ойланаш кегайелла хиларна, цо аьлларг Шамсуддина ма-дарра ца хезира. Т1аьхьуо, х1орш ц1а бог1уш, вирда-вежарша иза дийцира цуьнга. Ч1ог1а воккхавеш вара Шамсудди оцу дийнахь.

Атаг1ой ц1а кхачале суьйре йуьйлира. Ц1арах йаьгна йелира малхбузе. Айсийна стигал 1аржлуш йара. Даточу марсах къона бутт кхийтира. Д1айахйича, цуьнан ши ма1а вовшахкхета мегачохь гучубелира цхьа тамашийна сирла седа. Цуьнга хьаьжжинчохь висира массо а. Цуьнга хьоьжуш, ойла а йина, Дахас элира:

— Беттан марсана иштта гергахь седа наггахь бен нислуш бац. Вайн дахарехь тамашийна хийцамаш хирг хиларна билгало йу иза.

Нагахь уьш диканца боьзна белахь, тхо декъашхой хилийта ахь церан, х1ай Везан Дела! Вонна делахь, нохчийн халкъ зуламах ларде ахь, х1ай къинхетаме Дела! Маршонан а, ийманан а новкъахь нисделахь тхо, х1ай ницкъ болу Дела!

Сох1ип т1айх а йевлла, кхеран ворданаш Йоккха Атаг1а йолчухьа хьалайирзича, Лик1и-Борзехь гола тухуш, некъ Жимачу Атаг1а д1ахьаьвзачуьра зуькаран аьзнаш деара церан лере. Ц1ена къаьсташ хезара назманан дешнаш:

Ангали бошхепахь синйа бай баллалц,

Хьо тхуна вахаве 1овдин во1 йела.

Иза дара 1овдин 1ела советан 1едало лаца шо зама йисча.

Яндарбиев Хьамзат