Общество

Верх1итта шо кхаьчна к1ант ву шен, мотт хууш а, хезаш а вац. Цунна ламаз ца 1амало шега, цунах къа-м хир дац шена, бохуш хоьтту.

Нагахь санна д1ааьлларг т1аьхьара схьаалалучу хьолехь и бер делахь, ламаз 1амадо вай цунна, амма и схьадийца цахаарх а, цо хьалоццург хьеха деза цунна. Схьабийца мотт ца хаахь, ламаз деш санна, хьала-охьа те1ча а, ял ю цунна. Вайна бийца мотт белларг а, ни1маташ делларг а Дела ма ву, Цунна гуш ма ду вай Шен дуьхьа деш дерг. Дала Шен йоле юьллийла цуьнан 1амал.

Хаттарна жоп делларг КЪКФО-н Iеламнехан кхеташонан куьйгалхо Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжа