Вопросы и ответы по Шариату

Хаттарш а, жоьпаш а – шари1атца

Йинчу йуьртахь марехь йу ша, амма к1иранах цкъа а хьажа-х1отта нанна т1е ца йохуьйту ц1ийндас. Цунах къа хир дуй цунна?

Вайн дайн цхьа кица ду «Хьо т1ехиъначу ворданан ден илли ала» олуш, цуьнга терра, марехь йолу зуда шен 1едал х1отто г1ерта ца оьшу. Х1оккху хенахь, оццу хенахь бохуш хенаш йетта а ца оьшу. Ц1а ца йахийтахь, шена хьалхара д1айала ца лууш сецайо хир йу, цунах йоккхайе йеза иза. Амма шениг нехан керта йахча, х1ун хир дара-те аьлла, ойла а йина, керта йеанчу зудчун даге хьажа веза ц1ийнда а. Цундела, хаза йукъахь уьйр-марзо а латтош, д1аса а боьлхуш, вовшийн даге а хьовсуш хила деза гергарлонаш. Дала вовшашца магар а, тарбалар а лойла царна.

Марнанас цхьа дош аьлча, цунна дуьхьал итт дош далош йолчу несах лаций алахьа боху.

Марнанас цхьа дош аьлча, итт дуьхьал далочу несана кхин ала дан а дац, жеро йер йу-кх иза катоьххина.

Дала шайна веллачу доьзалхочунна Мухьаммад-1алам аьлла ц1е тиллинера шаьш, и муха ду-те? Мегар долуш дуй-те и ц1е тиллар?

Дала шайн доьзалхо велча, ворх1алг1ачу дийне и доьзалхо ваьлча, хьакъикъат а деш, хазаниг ц1е тиллар а, шайт1анан зен цунна ца хилийта, аьтту лерга моллалла кхойкхуш, аьрру лерга къамат деш, бер даздар Далла шукра дарех ду. Хазачех хаза ц1е йу Дела Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна ц1е, и ц1е йукъа а хьакхош, ц1е тиллина долу бер дукхадехар ду аьлла ду. Цундела, х1ума девзачу наха, Мухьаммад-Салахь, Мухьаммад-Т1ах1ир, Мухьаммад-Хьабиб олий ц1ераш тохку. Цаьрга терра хаза ц1е йу Мухьаммад-1алам а, и тилларх хила бехкам бац. Дала вахавойла и ц1е тиллина волу доьзалхо, ийманехь дена-нанна кхиавойла иза. Мухьаммад-1алам а ца олуш, Мухьаммад-1алим аьлча, дика хир ду цунах.

Зударий цхьана чохь вовшах а кхетта, зуькар деш, мовлад доьшуш, Дела хьехорца 1ибадат дан мегар дуй?

Вайн кхетам к1езиг хиларна, уггаре а хьалха со а цхьана, массо молла а, 1еламстаг а и зударий йемалбеш лийлира. Ойла йича, оьзда доцучу духаршца базаршкахула, концерташкахула буьйлабелла лелачул г1оле ма ду цара, цхьанхьа вовшах а кхетта, Дела хьехош хан йаккхар. Бакъду, божаршна ца хезехь, аз лахдина хила деза церан назманаш, зуькарш, х1унда аьлча, Дала оцу зударшна диначу диканех дика ду церан аьзнаш хаза хилар. Зударийн аьзнаш хезча, божарийн дегнаш ловзадуьйлу, Далла т1е йирзина ойла зударшна т1е а йирзина, уьш шайн 1амалех бохарна кхерам бу. И бахьана долуш ду зударшна и бехкамаш бар. Хаза вовшах а кхетта, шайн 1амал йан мегар ду. И Дела хьехаварх марзо а, шовкъ а хуьлда царна.

Дас-нанас шайн доьзалхо, тхайна хуург оха хьехна, кхин т1ех дерг хьехахьара аьлла, 1еламстагана т1евигча, само хир йарий-те динца доьзна дерг нийса лелорна т1ехь?

Ден-ненан декхар ду шайна хуург хьехар. Ткъа, 1еламстагана т1е а дигна, цуьнга кхид1а а 1амадайтахь, и да-нана шайн беран бехках к1елхьарадолу, кхана дог1ур долчу Къемат-дийнахь ц1ена бу уьш, шайн ницкъ кхочург шаьш дина хиларна.

Зуда йалош, вай цу йукъа и дийцар кхочушдеш, молла лелаво, иштта нагахь и зуда д1айахийтар нислучу хенахь, йуьтучу хенахь, и молла цу йукъавоккхуш хилча, дика хир дацара-те?

Хир дара дер-кх дукха дика-м! Молле хаттахьара, ма к1езиг буьтур бара аш шайн зударий. Оьг1аздаханчу хенахь молла дага ца вог1у шуна, дукха дахарш. Хьо стаг велахь, со йита олий, зуда а карзахйолу, т1аккха стаг хила г1уртий, зудчуьнга майрачо «ас йити хьо» олу. Кхана 1уьйранна хазаниг духар дуьйхина и зуда арайаьлча, «эх1, х1ара-м йуьту зуда ма ца хилла» олий, стаг дохковолу, т1аккха «х1ара-м шех д1ахадийта йиш йолуш стаг ма вац» олий, и кехчунна т1ехьаьвзина карийча, зуда а дохкойолу. И дагахьбаллам хир бацара шуна, нагахь зудчунна ша йуьтийла лиъча, иза цкъа мукъане а моллех дагайалахьара, зуда йита дагадеъча, стаг а моллех дагавалахьара. Шаьш йалочу хенахь ма довлу шу дага, тхоьга «хьо вахча йог1ур йарий-те», олий. Эццахь ма караво шуна молла, цига ма вуьгу аша молла. Шина аг1ор ши хьаьким йукъаволла боху Къуръано, зудчун аг1о йуьйцуш волу цхьаъ, стеган аг1о йуьйцуш цхьаъ. Церан бакъо тала а таллий, харцдег муьлха ду хьажа боху. Нагахь санна тарлахь, «хьо харц ма ле, хьо тарло, хьайн зудчун коча ма лелха» алий, уьш вовшийн т1етт1абахийта, д1аса ца къаьста аг1о лаха боху тхоьга 1илмано. Тхо-м и дийр долуш дара, тхохшу дагадовлахьара.

Ша йитийта лиъча, зуда дагйалахьара, «варийлахь, мегар дац хьуна, собаре хилалахь, ц1ийдена муьт1ахь зуда хила йеза хьо» аьлла, зудчунна и хьехар дийр дара оха, и кхетош къамел дан хьовсур дара тхо. Зуда йита лаьа суна аьлча, «варийлахь, м йиталахь, ахь йуха йалон йерг цул а галйаьлла хир йу хьуна, и йита г1ертачул, хаза дош алий, хьостуш, цуьнца тарлолахь» аьлла, и стаг меттавалор вара оха. Аш кхайкха тхоьга, т1аккха тхо дог1ур ду шуна.