Вопросы и ответы по Шариату

Бусалба вашас хоьтту, шен дег1аца доккхуш долу г1азот муха доккхуш ду, бохуш

Гена мехкашка д1аоьхуш хилла г1азотана асхьабаш, шайца вайн Пайхамар а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волуш. Табук олуш цхьа шахьар йу Урдунан дозанехь, Мединатана 1265 чаккхарма генахь йу иза. Ойла йел шайна, вежарий: г1аш, хи доцучу меттехь, г1амаршкахула, шайца новкъайаьккхинарг бен йаа йоцуш, мала йоцуш, иштта халчу некъаца д1акхаьчча, т1ом бан безча, т1амо лазийнарш йуха ц1а бан безча, — оццул ч1ог1а къахьегна цара, г1азот доккхуш. Оцу кепара даккхийчу г1азоташкара ша йухавирзича, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш хилла: «Х1инца доккхачу г1азоте г1ур ду вай». Ткъа асхьабаша хаттар дина: «Я Расулаллах1, х1окху вай хьегначул ч1ог1а къа а хьоьгуш, кхин а доккха г1азот хир ду-те?». «Ду, дера-кх! Шен дег1аца деш долу г1азот доккха ду», — аьлла Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна).
Вайн дег1 а, шайт1а а лаамашна т1етийжаш хиларца доьзна, Къуръан чохь Юсуп-пайхамаран ц1арах аьлла ду айатца: «Х1ара сайн дег1 ца ц1андо (бехказа ца доккху) ас, х1ара сан дег1 соьга массо а вочу х1умманна омра деш ду». Х1ара вайн дог1маш вайга массо а вочу х1уманна омра деш ду. Х1унда? Шен хеннахь ламаз дан ца лаьа вайн дег1ана, марха кхаба ца лаьа вайн дег1ана, кхидолу къахьега ца лаьа вайн дег1ана. Дела реза волу х1ума дерриге а ма де бохуш, йухадетташ долчу шайт1анна накъост а хуьлий, цунна г1одеш, вайга к1адо йойтуш ду вайн дог1маш. Цундела аьлла: «Дег1аца долу г1азот доккха ду». Хьажал, и шен дег1аца долу г1азот доккхуш верг мила ву? Хьарамчух шен дег1 лардеш, хьанал дерг могуьйтуш верг ву. Д1ахьажо б1аьрг а, д1акховдо куьг а, боккху ког а, йеш йолу ойла а Дела реза волуш йу-те йа йац-те аьлла, ша мел деш долчу х1уманна терза х1оттош хила веза бусалба стаг.
Шен хенахь ламаз а деш, шен хенахь марха а кхобуш, доьзална а, шена а хьанал рицкъа а лохуш, ийманехь, ихьсанехь, оьздангаллехь, г1иллакхехь ша а гойтуш, шен доьзал цу т1ехь нисбеш дерг – и ду-кх шен дег1аца доккхуш долу г1азот! Массо а бусалба стага ч1аг1дина д1акхехьа дезаш ду иза, и д1акхехьча бен, вайх баккъал а бусалбанаш хир дац. Дала баккъал а бусалбанаш а долуш, оцу вайн дег1аца долу доккха г1азот даккха товфикъ лойла вайна!
Новкъахь, машенахь воьдучу хенахь, ца хууш адамана (зудчунна йа берана) машен т1етухий, стаг лазор йа валар нисло. Иштта х1ума т1едеъча, къаьсттина кегийрхошна, шаьш х1ун дан деза, шаьш х1ун лело деза ца хаьа. Шофераца цхьаьна накъостий белахь а, бацахь а, хьалхадаккха дезарг х1ун ду?
Ишттачу хьолехь шегара синтем байна волу стаг декхарийлахь ву шен карах лазийна волчу стагана вошалла дан г1орта, ма-кхуьъу сиха. Шен машен д1айоьдуш йацахь, новкъара муьлхха машен сацийна а. Вайн халкъ оьшучу меттехь вовшашка дика хьожуш ду. Лазийнарг сихха больнице кхачавар; эшахь, цунна ц1ий далар; эшахь, цунна т1е орца кхачадар т1ехь ду муьлххачу а стагана.
Маьрша воьдуш волу стаг шоферо, шен бехкенна машен т1е а тоьхна, вийнехь, шари1ато мах хьарчабо цунах. Стаг велахь – б1е эмкалан мах, зуда йелахь – шовзткъе итт эмкалан мах. Ишттачу хьолехь мах 1а1илата такха безаш х1утту, цуьнан тайпано такха безаш хуьлу иза.
Дела реза хуьлда вайн дайшна, вайна йукъахь 1илма латтийна болчу 1уламаашна а, вайн г1оранаш хууш, вайн ницкъаш хууш, гечдеш, шайн болчу аьттонца вовшийн г1одеш, кхидолу некъаш ца хьехийна цара, вайга д1адахьалур доцу дела. Тахана оцу т1ехь севцца ду вай, Дала мукъ лахь. Цундела вайн дайша ма-леладарра д1алелор ду вай а. Амма г1иллакх, йуха а г1иллакх х1отто деза-кх и х1ума шегара доьжна волчо. Нагахь эццехь и стаг веллехь, цуьнан верасашна т1екхаччалц, ша мила ву а ца хоуьйтуш, цуьнан дола а дина, цхььанхьа ваккха веза велларг. Шен нахе кечвайта веза иза, шен нахе дола дайта деза цуьнан. Доттаг1ий хуьлийла, тайпана нах хуьлийла, цаьрга дола дайта деза цуьнан, шайн волчу нахана ц1ийх вуьзна гайта ца веза иза. Хаза кечвина, хаза лийча а вина, марчо а хьарчийна, д1авахьа веза велларг, ххьалхаваккха хьакъ волу стаг хьалха а ваьккхина, охьатаь1на, г1иллакх лаьцна. Вон деанчу нахана и шийла кхаъ цу кепара бахьа беза.
Нагахь санна и нах т1ебахкар а нисделла, церан чехкаллица, оьг1азлонца и карах стаг велла волу стаг вийча, т1е ч1ир йог1ур йу стаг вийначунна. Х1унда аьлча, цуьнгара йаьлларг сихалла йу. Шари1атехь бакъо йоцург ду куьгбехкечунна, йина кхел а йоцуш, зен дар. Цундела и куьгбехке стаг къайла а ваьккхина (вукхеран хьекъал тоьа йа ца тоьа ма ца хаьа), оцу лазийначун (йа веллачун) дола кхечара а деш, х1ума лелор вайн халкъан оьздангаллица схьадеана ду. Вай тахана лелош дерг а ду.
Цу т1ехь Дала кхид1а а оьзда некъ бар лойла вайна.