Общество

Доьзал кхиор

Цхьа х1ума тайп-тайпанчу дешнашца, тайп-тайпанчу масалшца,  маь1на цхьаъ а долуш, тайп-тайпана дийцалуш хуьлу. Цкъацкъа и х1ума бух болуш хиларан ч1аг1о ю аьлла а хета и. Царах ду беран кхиарх дерг а.

«1ожана 1аж гена ца бужу»,– олу. Дега а, нене а хьаьжжина хуьлу доьзал бохург ду иза. И иштта хиларе терра, дукхахьолахь, юкъараллехь гуш хуьлу оцу берийн да-нана муха ду, цара уьш муха кхиабо. Хийла эхь, бехк, г1иллакх доцуш долу бераш а хуьлу, шаьш воккхачуьнца муха хила деза а, жимачуьнца муха хила деза а цахууш, иштта эхь, бехк, г1иллакх долуш долу бераш а хуьлу, шаьш воккхачуьнца муха хила деза а, жимачуьнца муха хила деза а хууш. Цо гойту церан чохь долу хьал (г1иллакхаш, г1уллакхаш).

«Ден мах доьзало хадабо», – олуш, кица ду . Цунна т1е а дог1уш, и доьзал дика белахь, дикачу аг1ор а, и доьзал вон белахь, вочу аг1ор а ден-ненан мах хадабойтург  – доьзал бу. Х1унда аьлча, бер ша хьалакхиъначу юкъаралле хьаьжжина хуьлу (кхузахь вай юьйцуш йолу юкъаралла – доьзал бу).

Индейцашна юккъехь хьалакхиахь, – оцу берах ийдеец хир ву, Французашна юкъахь хьалакхиахь, – француз а.( Гонаха йолчу культуро т1е1аткъамбо цунна. Къаьмнашна юккъехь хилла ца 1аш, х1ора доьзалехь а ма юй шайн-шайн куьлтура…). Психологаша иштта билгалдоккху иза.  

«Серах ца бина х1оз, хьокханах балур бац»,– олуш хилла вайн дайша (Бераш кхетош-кхиоран хьокъехь далош хилла цара и кица). Цунна т1едог1уш х1ара цхьа дийцар дийца лаьа суна: Цхьана стага хаьттина хилла хьекъалче «Маца дуьйна 1амон деза бер?». Доьлхуш долчу берехьа д1а а хьаьжна, «Мел хан ю оцу беран?»,– хаьттина хьекъалчас.  Стага : «Ялх бутт бу»,– аьлла.  «Нийсса ялх бутт т1аьхьависина хьо и 1амон», – аьлла, жоп делла хьекъалчас цо деллачу хаттарна. Оцу дийцаро гойту бер аганахь дуьйна 1амон дезаш хилар, цуьнга амал лацийта езаш цахилар.

Бакъ а долуш, бер жима долуш дуьйна 1амон дезаш ду. И бохург дац, цунна цхьа хьехамаш бан беза, чехон деза я етта еза бохург. И цунна масал гайта деза бохург ду. Ахь гайттинарг схьалоцу беро… Ма-дарра аьлча, хьан леларе хьаьжжина хуьлу беран лелар а, хьуна мехала хеттарг мехала а хета цунна. «Бер ша хьалакхиъначу юкъаралле хьаьжжина хуьлу»,– бохуш, вай х1инцца дийцинчунна т1едоьду иза юха а. Юкъаралло иштта т1е1аткъам бо берана. Ткъа дукхахьолахь, беро дегара, ненера масал схьаоьцуш хилар-м дийца а ца оьшу, уггаре а хьалха оцу берана гонаха хуьлуш долу шиъ – и шиъ ду. Цаьршингара эцначу масаллица нахана юкъа долу иза, т1аккха оцу наха, оцу берехулу хадабо оцу ден-ненан мах. «Чохь г1иллакх хьоьхуш дац, эхьениг, бехкениг довзуьйтуш дац… Чохь г1иллакх хьоьхуш хиллехь, иштта хир вацара (иштта хир яцара)… Берриге а ден-ненан бехк бу», – бохуш, оцу беро диначунна жоьпалла дена-нанна т1едожадо цхьаболчу наха. Даима а и иштта дацахь а, цара бохург нийса а хетта, къобал а до. «Даима а и иштта дацахь» – аьлла, вай цигахь билгало яр – доккхачу декъана оьрсийн цхьана кицанна т1едоьг1на ду. Иштта кица ду-кха церан: «Цхьа телхинарг воцуш доьзал ца хуьлу» (Семья без урода не бывает»). Юха вукха аг1ор аьлча, и кица а нийса ца хета. Цхьа а доьзалхо телхина воцуш, берриге а доьзал г1иллакхца, г1уллакхца болуш доьзалаш а хуьлу….. Изза и цхьана тайпана х1ума – цхьа айп долуш а, доцуш а нислуш хуьлу. Дуьненан х1ума ду иза. Доьзалца дерг а ду иштта.

Аьрзу Банжаев