Новости

Веданан к1оштахь ч1ир т1ехь ерш хьалхабитира

Нах а леш, некъаца бохам(аварии) хилар бахьана долуш, куьг бехкенаш т1ебитира Веданан к1оштарчу Махкат1ехь .

Хьалхуо, некъан бохам хилар бахьана долуш, Махкат1ера ши вахархо кхелхира: Дени а, Мех1ди а. Хиллачунна куьг бехке Тевзанара вахархо И. Зулпухаров вара.

«Динан урхалло бина боккха болх бахьана долуш, и дов д1адерзор нисделира. Веллачун верасаша гечдина Зулпухаров доьзална», – билгалдаьккхира Нохчийн Республикан динан урхаллехь.

Дагадаийта лаьа, Нохчийн Республикин муфтиятехь ч1ираш д1аерзош масех шо хьалха кхоьллина комисси хилар. Цуьнан г1оьнца, Нохчийчохь цхьа эзар сов доьзал, вовшашна гечдина, барте баьхкина.