Новости

Кадыров Рамзан Ахьмад-Юьртахь динан туш (комплекс) ечохь хилира

Ахьмад-Юьртахь хазчу меттехь еш ю и туш.

Нохчийн Республикан Куьйгалхо Кадыров Рамзан Ахьмад-Юьртахь динан туш «Хьаьжин беш» ечохь хилира.

Шина б1е стагана лерина маьждиг а хир ду цу юкъахь. Ткъе итт божаберана а, зудберана а лерина, ши класс а йолуш, хьуьжар а хир ю. Социальни сетерчу шен аг1онехь, Кадыров Рамзана дийцира, иштта туш (объект) динан а, юкъараллин а даккхий цхьанакхетарш д1адахьаран майда хирг хиларх лаьцна.

«Ларамаза дацара, кху меттехь и туш ян йолор. Кхуза, сан ден деда Бенойн Илес волчу вог1уш хилла Кишин Кунта-Хьаьжа. Цу заман чохь Илесан х1усам кху меттехь хилла. Иза Кунта-Хьаьжина ч1ог1а тешаме хилла. Шен гергара нах битина, цуьнца махках ваьлла иза. Цигахь д1акхалхар а хилла цуьнан. Бусалба динехь волла ма-веззара Кишин Кунта-Хьаьжас д1аваьллина Бенойн Илес», – дагадаийтира Кадыров Рамзана.

Цо билгалдаьккхира нохчийн халкъан ч1ог1а йоккха истори хилар.

«Берриге и бохамаш хиллашехь, халкъана даха, кхиа ницкъ карийна. Хьалха девлла г1алаташ юха ца довлийтархьама, вайн дайн истори 1амон а, т1екхуьучу чкъуоре д1аяла а еза. Шайн бераш хьакъ ма-дду 1амон декхарийлахь болчу дай-наношка кхайкхам бу сан: кегий болуш дуьйна уьш динца кхиор, царга дика дешийтар, уьш вайн къоман хазчу г1иллакхашца, 1адаташца кхиор. Интернета чуьра вочу хьехамчийн т1е1аткъамах ларбе уьш. Дукхахьолахь, интернето берашна дика х1ума ца 1амадо, ахь цара хаамаш(информации) схьа стенгара оьцу терго ца яхь. Дай-наной декхарийлахь бу шайн берийн хиндолчунна. Цакхоьрруш, нохчийн халкъан кхоллам шайх тешон хьакъйолу тоьлла т1аьхье оьшу вайна», – т1етуьйхира Нохчийн Республикан Куьйгалхочо.