АналитикаОсновы поклонения

ЖамIатехь ламаз даран дозалла

Бисмиллахиррохьманиррохьим

Хастам бу АллахIана, бусалба нахана ламаз тIедиллина волчу. Делера салам-маршалла вай Элчанна Мухьаммадна, цуьнан доьзалшна, асхьабашна хуьлда.

Лераме махкахой! Веза-Сийлахьчу Дала вайна ламаз дар тIедиллина, уггар а коьрта Iамал и хилар билгалдеш. Бакъду, Дела лууш ву вай дечу Iибадатехь вайна алссам ял хилар, юккъехь марзо, барт болуш вайн дахар хилар.

Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Делан динах тасало шу дерриге а, декъа а ма ло шу» («Алу-Iимран», 103).

Дала вайга омра дина жамIатехь ламаз де, вовшех къеста а ма къеста, аьлла. Iумаран кIанта (Дела реза хуьлда цунна) далийначу хьадисехь ду, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «ЖамIатехь дина долу ламаз ша хIоьттина динчу ламазал ткъе ворхI даржехь деза ду». Бухари.

Парз ламаз маьждигехь дар гуттар а деза ду, къинойх цIанвеш а ду, хIунда аьлча, маьждигаш АллахIан хIусамаш ю.

Iумаран кIанта IабдуллахIа (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш хезира шена, аьлла: «Баккъал а, АллахI, Беркате а, Лекха а ву Иза, дукхадезаш ву жамIатехь деш долу ламаз» (Ахьмад).

Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Шен цIахь ламаз а эцна, цул тIаьхьа АллахIан хIусамех цхьана цIачу ваханарг милла велахь а, АллахIан парзах цхьа парз кхочуш дан, цо цига воьдуш баьхна когаш хир бу, цхьаьнца вон дIадоккхуш, вукхуьнца даржехь ойбуш» (Муслим).

 Iусмана (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш хезира шена, аьлла: «Ша эца ма деззара ламаз а эцна, цул тIаьхьа маьждиге вахана имамана тIаьхьахIоьттина ламаз динарг, цуьнан къинош гечдина ду» (Ибн Хузаймат).

 Маьждигехь жамIатца ламаз деш цхьа тоба яцахь, ерриг а юрт Далла Iеса хилла ю. Абу Дардаа (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш хезира шена, аьлла: «Кхо стаг хир ма вац юртахь, я аренахь, шайна юккъехь жамIатца ламаз ца хIоттош, шайтIано царна тIехь толам боккхуш а бен. ТIаккха шун декхар ду жамIатца хилар, баккъал а, барзо жанах гена баьлла дIакъаьстинарг буу» (Абу Давуд).

 Анаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Шовзткъа дийнахь маьждигехь жамIатца ламаз динарг, ламаз дехкаран такбире ша кхуьуш, цунна язбо ши тешам: жоьжахатах хьалхавитаран тешам, мунепакъ цахиларан тешам» (Тирмизи).

 Маьждигехь жамIатца ламаз дан нийат долуш араваьлларг ял йоцуш ца

вуьсу, оцу ламазе иза ца кхиънехь а.

 Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Ша эца ма деззара ламаз эцна маьждиге ваханарг, тIаккха нах ламаз дина бевлла цунна карийча, Дала цунна ламаз динчарна, маьждиге баьхкинчарна йоллу ял лур ю, церан йолах хIумма а эша ца еш» (Абу Давуд).

 Лераме вежарий! Бусалба дино вай сутара до ламаз жамIатца дарна тIехь. Цо вайн безам тIебохуьйту къаьсттина Iуьйра а, пхьуьйра а ламазаш маьждигехь жамIатца дарна. Дала вайна ерриг буьйса Iамал еш денъяран мел язбо, и ши ламаз жамIатца дича.

 Iаффанан кIанта Iусмана (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш хезира шена, аьлла: «Пхьуьйра ламаз жамIатца динарг – ах буьйса ламазехь яккхинчух терра ву. Iуьйра ламаз жамIатца динарг – ерриг буьйса ламаз деш яккхинчух терра ву» (Муслим).

 Iумаран кIанта (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Iуьйра ламазехь, пхьуьйра ламазехь цхьа стаг тхайна (маьждигехь) ца карийча, цунах лаьцна вон ойла кхоллалора тхан» (Тiабарани).

 Абу Дардаа (Дела реза хуьлда цунна) ша вала герга ваханчу хенахь элира: «Ас шуна дуьйцур ду Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьйцуш сайна хезнарг. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш хезна суна: «АллахIана Iибадат де ахь, хьайна Иза гуш волуш санна. Хьуна Иза гуш вацахь а, Цунна хьо гуш ма ву. Беллачаьрна юккъехь хьо вагарве ахь, айхьа зулам динчун доIанах (сардамах) ларло хьо, иза шена жоп луш ду хьуна. Iуьйра а, пхьуьйра а ламазе ваха ницкъ кхочуш верг – цига гIойла, текхаш вахна а» (Тiабарани).

 Iуьйра ламаз жамIатехь динарг Дала Iалашвеш хуьлу. Джундубан кIанта Самурата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Iуьйра ламаз (жамIатехь) динарг, иза Веза-Сийлахьчу Дала Iалашвеш ву» (Ибн МажахI).

 СаIдан кIанта СахIла (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш хезира шена, аьлла: «Боданашкахь маьждиге боьлхучу нахе кхаъ баккха ахь, къематдийнахь царна кхоччуш нур хир ду, аьлла». Ибн МажахI.

 Маликан кIанта Анаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «ЖамIатехь Iуьйра ламаз а дина, тIаккха малх схьакхетталц АллахI хьехо охьахиъна, цул тIаьхьа ши ракаIат суннат ламаз динчунна – хьаьж, Iумрат динччул ял хир ю». Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Кхоччуш, кхоччуш, кхоччуш» (Тирмизи).

 Iуьйра а, пхьуьйра а ламазаш маьждигехь жамIатца деш волчунна мунепакъалла тIедогIур дац. Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Iуьйра ламазал, пхьуьйра ламазал мунепакъ нахана хала долуш цхьа а ламаз ма дац. Оцу шина ламазехь дерг (цу шиннан дозалла) царна хиъча, оцу шина ламазе (жамIатца дан) гIур ма бара уьш, текхаш бахана а. Суна дагадеара, молалла кхойкхуш волчуьнга ламаз дIахIотто омра дан, тIаккха цIеран алу схьа а эцна, ламазе ца баьхкинчарна цIейилла». Бухари.

 Лераме махкахой! Тахана вайн махкахь дуккха а маьждигаш дина, хазачу куьцахь а долуш. Бакъду, оцу чохь ламазаш дарца, Къуръан дешарца, хьехамаш барца бен кхочуш ца хуьлу церан хазалла. Тахана Дала вайна еллачу паргIатонна вай пусар деш ца хилахь, Дала цунах вай хьего герга ду.

Сан весет ду вежаршка, шайн ницкъ кхачаран барамехь ламазаш маьждигехь жамIатца де аьлла.

Веза-Сийлахьчу Дала ийман, хьекъал лойла вайна, шайна чохь

жамIатца ламазаш дар бахьанехь маьждигаш дендан.

Магамедов Сулиман