Год истории-2024 год

ХАНТИЕВ КАНА-ШАЙХ

Накъшбандин  тIарикъатехь  эвлайаъ  хилла Хантиев Кана-шайх. Iер-дахар Теркйистерчу Лаха-Неврехь  хилла  цуьнан.  Иза  дуьнен  чу  ваьлла  1848-чу  шарахь.  Iусман-Хьаьжин  жимахволу  ваша  хилла  иза,  цуьнан мурид  а  волуш. Шел тIаьхьа  тоба хьеха билгалвина  а хилла иза Усман-Хьаьжас.  Жима  волуш,  вашас  Таьшки-чу Абу-шайхан  (Башир-шайх)  хьуьжаре  дIавелла  Кана.  Абу-шайх  дуьнен  чуьра  дIакхелхича, Хож-Ахьмад-шайхас хьехна  цунна  итт  шарахь. Хож-Ахьмад-шайх гIумкийн къомах хилла. Абу-шайхан тешаме мурид а хилла.

 Iусман-Хьаьжас  шен  метта  билгалвина  Кана-шайх. Тоба хьеха бакъо а йелла цунна.

1911-чу  шарахь  кхиболчу  эвлайаашца  цхьаьна Калуга шахьаре ссылке вахийтина Кана-шайх пхеа шарна. Доьзал шеца  ца  хилла  цуьнан.  Iовдин  хIусамнанас  АругIаза  терго йеш  хилла  Кана-шайхин,  бедарш  йуьттуш,  йуучуьнца  таро йеш. Дукха ца Iаш, Кана-шайх а, Докка-шайх а цIа ваийтина Iедало, бехке вац аьлла.

 1918-чу шарахь Кана-шайх бахьана долуш хIаллак ца йеш йисина Девкар-Эвла. Цуьнга ладугIуш дукха  нах  хилла.  Деникинан  эскаршна  дуьхьал тIом латтийна цо. Советийн Iедал толийта дукха гIуллакхаш  а  дина.  Iедал  чIагIделча,  Кана-шайх новкъа хилла муьжгашна.

Кана-шайх  1933-чу  шарахь  Iедало  дIалаьцна. Бехк боццушехь набахтехь тоьпаш тоьхна цунна.

Теркан  кIоштан  Лаха-Неврерчу  кешнашкахь  зерат ду Iусман-Хьаьжин а, Кана-шайхин а.

Дукха наха лерам беш меттиг йу иза. Дала зерат къобалдойла цига богIучеран массеран а!

М. Зурбеков