Пророк Мухаммад (мир ему и благословение Всевышнего)

Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), стигалаваккхар

Раджаб беттан ткъе варх1олг1а буьйса ша тайпа лоруш ю бусалба нехан рузман т1ехь. Доккхачу декъана таханлерчу исламан динан куц цу буьйсанна эцна. Тахана вай кху статья т1ехь хьахор болу хилам – Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) стигала Далла дуьхьал вигар ду

Къуръан доссар а, Лайлатуль къадри буьйса а д1аяьллачул т1аьхьа шозлаг1а хилам лара мегар ду и. Цундела хаа деза мел коьрту бу цу буьйсанна хилла хилам, цуьнан ойла ян а еза.

Дуккха а бусалба нахана хаьа, Исраъ вал-Ми1раж буьйсанна Делан Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тамашийначу хьолаца Маккара Байтал-Мукъадиссерчу маьждиге вигар, цул т1аьхьа стигалаваккхар. Ша хьалавуьгуш тамашийначу хиламийн теш х1оьттина иза – Дела пайхамаршца цхьана веттавелар, маликаш б1аьрга гар, Ялсамане, Жоьжаг1ате б1аьрга гар хилла. Цу хиламехь уггар коьртаниг – Делаца къамеле валар хилла.

     Дела шиъ вечара бусалба нах, Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), хьийзочу хенахь хилла Исраъ-вал-Ми1раж. Уггар ч1ог1а бусалба динна, бусалба нахана дуьхьал берш Макки чохь Къурайшаш хилла. Уьш ч1ог1а бусалба нахана т1аьхьабевлла, Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) г1ело еш хилла. Цу хенахь Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) уггар гергарчу нахах ваьлла хилла – езаш йолчу х1усамненах Хадижатах, шен доладеш цхьаъ бен воцуш волчу гергарчу стагах-дедех Абу Т1алибах.

Оцу дерриге а цу шарахь Дела Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Т1оиф шахьара а вахана, меттигера бахархой бусалба дине кхойкхуш. Амма иза цара сийсазвина, цигара цхьа адамалла йоцу кепара лаьллина. Т1оифа бахархоша шайн бераш хьовсийна, т1улгаш детташ, Делан пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лалла.

И берриге баланаш, сийсазалла лайначул т1аьхьа Сийлахь волчу Аллах1-Дала шена везачу Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) комаьрша т1еэцар а дина, Цунна Шен ша-тайпа 1аламаташ гайтина.

Делан Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) сийлахьчу меттигашка вахана а, стигланан а, лаьттан а дозанаш хедийна а ца 1ийна и, Делаца къамел дар а, цуьнан серло б1аьрга гар а хилла цуьнан.

      Цу буьйсанна Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) даима санна Хьаьжц1а долчу ламаз дан араваьлла хилла. Жимма сада1а дагахь Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) д1атевжинчу хенахь цунна т1е Жабраил малик деана, адамийн юхь-сибат долуш, аль-Буракъ ц1е йолуш тамашийна хьайба а далош. Делан Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) оцу тамашийначу Дала кхоьллинчу  т1ехиъна, цул т1аьхьа аль-Буракъ Байтал-Мукъаддис  йолчухьа стигал хьалаайаелла.

 Имама Муслима дуьйцу, Анаса ибн Малика дийцина Элчанан хьадис: «Суна т1е ялийра Буракъ. Иза хьайба дара, вирал лекха а, б1арзал лоха а долуш. Иза сихха муьлххачу 1алашоне кхочуш дара, б1аьрг тухучу м1аьргонехь. Со д1авахара цу т1ехь Байт-аль-Мукъаддисе кхаччалц, невкъаца Мединатехь севцира тхо, цигахь ас ширака1ат ламаз дира.

Иштта,  тхо севцира Мадьян олучу Муса Пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) диттана уллехь. Цигахь ширака1ат ламаз дира ас. Цул т1аьхьа «Тур Синин» (Синай) лаьмнашна т1екхаччалц, д1адахара, Муса Пайхамара (Делера салам  хуьлда цунна) Делаца къамеле вийлина хилла болчу. Цигахь ширака1ат ламаз дира ас. Цул т1аьхьа Мареман к1ант 1ийса Пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) дуьнен чу ваьллачу метте кхечира. Цигахь ширака1ат суннат ламаз дира ас»

Эххар Делан Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аль-Акса маьждиге д1акхечира. Цигахь цуьнга хьоьжуш 1аш вара 124 эзар Делан пайхамар. Оцу берриге пайхамарашна хьалха ваьлла, Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ламаз дира.

        Дала Шен Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), хьалавигна Шена дуьхьал. Некъаца баккхийберца иза т1еэцна маликаша а, д1абаханчу пайхамарша а. Уьш и варе хьуьсуш 1аш хилла.

Хала ду т1екхиа, х1ун ойла хилла-те Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), шен вежаршца-пайхамаршца и цхьана кхетачу хенахь, царах х1ора а бала хьегна вара Шен заманхой бахьана долуш. Цара ч1ог1а боккхачу ларамца т1еийцира Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна),къурайшаша ца бина болчу. Пайхамарша маршалла хоьттура : «Маршалла ду хьоьга беркате, ц1ена Пайхамар, беркате, ц1ена Ваша!». Адам Пайхамара (Делера салам хуьлда цунна), маршалла хаьттира: «Марша вог1ийла хьо, беркате, ц1ена к1ант!».

Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), ялсамани а, жоьжаг1ати а гайтина, цул т1аьхьа цо сих-сиха шен асхьабашна юьйцуш хилла йолу. Т1аьхьара Пайхамарна Делаца къамеле вала сийлалла кхаьчна. Мел лекхара сий-ларам бина Пайхамаран, мел эсала, тийна хилла И!

Оцу буьйсанна Дала т1едиллина хилла бусалба нахана парза ламаз. Бусалба стаг ламазна т1ехь Делаца къамеле волуш а, цунна герга хуьлуш а ву.

Сатоссучу хенахь Делан Элча Макки чу юха веана. Невкъаца маккахойн къепалш гина хилла цунна, цул т1аьхьа Пайхамар стигал хьалаваккхаран тоьшалла хилла долу. Цо ма-хиллара Байтал-Мукъаддис йийцина царна. Цигахь сих-сиха къепалшца хуьлуш болчу совдегарша иштта и хилар къобалдина а хилла. Х1етте а боьха меттанаша 1иттарш еш хилла Мухьаммадана (Делера салам-маршалла хуьлда цунна).

Оцу хиламо дагадоуьйту вайна х1ора а халонна т1аьхьа атто юй. Къаьсттина хазахеташ ду, вайн умматана хьалхаваьллачу элчанан иштта сий-ларам бар.

И тамашина хилам хууш а, гуттар дагахь латтош хила безаш бу.