Вопросы и ответы по Шариату

Бицлуш болчу нахехь йерг цамгар йу ала мегар долуш, ламазехь вицвалар бахьана долуш бала хьоьгуш нах бу. Х1ун дан деза ламаз дарна а, эцарна а?

Иштта вицвалар Дала стеган хьекъал д1аайар ду. Иштта вицвелла стаг бехке хир вац цхьана а х1уманна, х1унда аьлча «Таклиф ох1ла» волчуьра д1аволу иза, декхарш т1едехкинчуьра д1аволу иза. Иштта ша вицваларна, цхьаьнга схьа а хьоьхуьйтуш, дан деза аьлча, ца деза аьлла, жоп делла. И цунга Дала х1оттийна хьал ду, тохара таза волчу хенахь дина долчу ламазел лекха лерина Дала х1инца цо, шена дан а лууш, дина ламаз. Цундела х1инца цо, шена дан а лууш, дина ламаз. Цундела цунах тешна хир ду вай, Дала мукъ лахь.
Ламаз эцарехь а, дарехь а цхьаболу нах сих-сиха бицбалар долуш хуьлу, масала, ламаз дан д1ах1оьттича, «Аллах1у Акбар» олий доьхку. Т1аккха ша нийса ца дихкина моьттуш, йуха а, йуха а доьхку. Ишттачу хьолехь х1ун дан деза?
Къуръана чохь аьлла ду: «Оха дуьненчохь йехха оьмар йелла дукха вахийнарг, дуккха а шерашкахь ваьхнарг, шен кхолларехь: хьекъалехь, дег1ехь эшавеш, йухахьовзаво». Стаг къанвала воьлча, цуьнгара ницкъ д1аболу, б1аьрса г1елло, лерса хазарна ледара хуьлу , церг-кхела телха, хьекъална де мел дели эшаме хуьлу. Иштта Дала вайна т1ехь кхоьллина хьал ду стаг х1уманна вицлуш хилар а. Иза х1ора а дукха ваьхна волчу стагехь ду. Вай дицдаларна, эс д1адаларна, Далла гергахь бехк хир бац вайна т1ехь. Цу хьокъехь кхоллалучу хаттаршна жайнашкахь х1ара а, х1ара а дийр ду ахь бохуш, жоьпаш ду.
Ламаз оьцуш волу стаг вицвеллехь, цкъа йилира те ша х1ара меже йа шозза йилира те бохучохь, ша цкъа йилина хилар коьрте а лаьцна, ша шекволу меже йуха а йуьлур йу цо.
Ткъа ламаз дечу хенахь ша вицвеллехь, дукха дийши ша йа к1езиг дийши аьлла, шек велахь, масала, кхоъ дешнарг схьа а лаьцна, диъ доьшур ду. Т1аккха, ламаз дина ваьлча, салам далале, вицваларан сужуд дийр ду шозза.
Доьзал цхьаьна ламаз дан д1ах1уттуш, да мичахь хила веза? Нана мичахь хила йеза? Доьзал мичахь хила беза? Церан д1ах1иттар муха хила деза?
Дела реза хуьлда и хаттар даийтинчарна, Дала ийманехь совбохийла уьш. И тайпа хаттар хазахета суна, х1унда аьлча, шайн доьзалца, шайн ц1ийнан ох1ланца жама1ат лардан г1ерташ хилча, доьзалан ийман ч1ог1а хиларан билгало йу. Пхийттара ваьлла боьрша стаг хьалхаваьлла хила веза, т1аьхьах1уттуш шиъ божабер делахь, оцу имамана т1ехьа д1ах1уттур ву, цхьаъ бен вацахь, аьтту аг1ор цхьажимма йухаозавелла д1ах1уттур ву, цул т1аьхьа зударий х1уьттур бу. Оцу кепара ду цуьнан низам.
Ша 1уьйкъа-ламаз дечу хенахь «доьзалан каффаратан шиъ рака1ат суннат» олуш долу ламаз а дина, х1инца и дан ца оьшу аьлла хезна шена, цунах лаций алахьа боху цхьана зудчо.
Важиб дина Дала т1едехкина долу ламазаш Къуръанца билгалдина ду. Лелоза ца довлуш долу суннаташ, Элчанан (1алайх1и-ссолат вас-салам) хьадисашца а долуш , цо лелийна хилла йолчу билгалонашца а долуш асхьабаша схьаоьцуш хилла ду. Х1инца оцу зудчо, шен доьзалан каффаратан олий, деш долу шиъ рака1атан ламаз «Тат1авву1» ду – Далла муьт1ахь хилар ду. Дела, Элча хилар хууш, Цо делларг бен цхьа а ни1мат шена а, шен доьзална а доций хууш, шен доьзал ларбар Деле доьхуш, Далла хьасталуш йу и зуда. Х1ара мегар дуй-даций бохург нехъан къамел ду. Х1ара йан йеза аьлла йазйина цахиларх, цо йинна йолу 1амал дин дохош йац, цунна меле йазйеш йу. «Каффаратан» аьлла а ца доьхкуш, «Т1ат1аву1» шиъ рака1ат суннат ламаз аьлла, дехка деза и ламаз. Мага-м муххале а мегар дара и дан, массо а нана йелара оцу кепара шен доьзал Деле боьхуш.
Сурт долчохь ламаз дан мегар дуй?
Цу хьокъехь хьадис ду Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «Сурт долчу ц1а чу малик дог1ур дац» аьлла. Цундела и суьрташ бехкаме ду, цуьнан тапсир дича, чу са кхоьллича, денделла д1ах1уттур долуш и сурт хилча, мегар дац аьлла сацийна 1уламааша. Берашна ловзон акхарой, лаца меже йолу адамийн куьцехь х1уманаш йа басаршца дехкина суьрташ чохь хиларх лардала деза. Делан къинхетам къаьхкар бу цу ц1ийнах. Хьовсал, тахана дуьне девзина вайна, дуккха а нах Маккахь а, Мединатехь а хилла, цигахь цхьанна а маьждиг чохь д1атоьхна ма дац цхьа а тайпа сурт. Оцо гойту и цамагош хилар. Магош хилча, 1ибадат дечу ц1а чохь хир ма дара уьш.