Вопросы и ответы по Шариату

ХАТТАРШ А, ЖОЬПАШ А – ЩАРИ1АТЦА

Цхьаболчу божарша дашо мух1ар леладо, йа коча уллий з1е лелайо. Вайн нохчийн 1адатехь нуц невцалг1а вахча, дашо сахьт йа дашо мух1ар луш хуьлу. Иштта деши лелорехь зударшийн, божаршийн х1ун башхалла йу? Мегаш дуй божаршна дешин мух1ар а, кхийолу дашо х1ума а лело?
Дала Къуръан чохь билгалдина, дашо х1ума божаршна лелайар хьарам ду аьлла. Зударшна, хазаллина кечбала безаш уьш болу дела хьанал дина. Невцалг1а вахча делла хуьлийла и мух1ар, йа доттаг1чо совг1атна делла хуьлийла, цунна и миччара даьллехь а , дашо х1ума лелайар божаршна хьарам ду. Къаьсттина мегаш дац, зудабераш кечлуш санна, з1енаш коча оьхкина лелайар. Х1унда аьлча, нехан дог дохош долу х1ума ду иза, «со вехаш ву, со хьал долу шву, со дешийлахь луьйчуш ву» ала, коча оьхкина з1енаш йу уьш, къечу нехан дегнашна эшам беш ду и. Цундела баа межарг боцуш 1аш болчу нехан дегнаш ма дохаде боху вайга Дала. Хьарам ду иза, мегар дац.