Хаттарш а, шари1атехь жоьпаш а
Стаг цхьадолу х1уманна т1ехь комаьрша ца хилча, иза ялсамане г1ур вац олу, цунах ша кхетавахьара боху.
Дала Ша вай кхоьллинчул т1аьхьа вайн кара рицкъанаш дохкуьйту, цхьаволчунна — алсам, кхечунна — гаттам бина. И дукха даьхни карадаьхкина берш, и хьал карадаитарца зуьйш ву и Дела. Куралла йо те цо (Х1амана а, Пир1уна йинарг санна) йа комаьршалла йо те цо цуьнца (Абубакар Сиддикъа а, 1усмана а йинарг санна). Къезиг даьхни карадаьхкина берш къеллица, гатталица зуьйш ву Дела. Цхьа кица далор ду ас эццахь. Гуьмсехь дуьххьара маьждиг дуг1учу заманчохь, кхайкхабора и маьждиг деш г1о лаьцна болу нах, х1окхо х1ара деана, вукхо х1ара деана олуш. Т1аккха ши шай оцу маьждигна делла а боцчу дешначу наха бехк буьллура, и кхайкха х1унда до бохуш, хьадис а далош. И ца хууш тхо а дацара, х1етахь ас, хьалаг1аьттина, элира: «Х1ай нах, со жима велахь а, ца аьлча ца волу со, ладог1ал. И шуна гина хьадис тхуна а гина. Х1окху маьждигана дукха даьхни деза (х1инца санна 1едало деш дацара маьждигаш). Лакха эвла йисттера стаг ги дукъо а диллина, хьо стенга воьду аьлла шега хаьттича, ша х1ара маьждигана эцна воьду бохуш, и дуьйцуш охьавеъча, и г1иллакх дац шуна. Амма и г1одеш болу нах кхайкхийча, кхечарна а дагадог1ур изза, т1аккха бен вайга х1ара маьждигаш далур дац». Иштта маьждигаш дуьйг1ира оцу хенахь. Делан пурбанца, х1инца санна парг1ато хуьлда вайна, динан хьашташ кхочушдан массо а хенахь!
Воккхачу стага, ша велча, шен кошана дог1а аьлла кечдина чурт ду, х1оккху метте д1а а волла аьлла, билгалйина меттиг а йу. Ткъа иза валале хьалха цигахь чурт х1оттадайта мегий?
Шена чурт кечдар шари1атехь бехке хир дац. Х1оккху меттехь со д1авуллур ву аьлла меттиг билгалйар – иза бакъо йолуш дац, и весет д1адохуьйтур дац. Кешнийн хьаьрма йуьртара бахархойн массеран а цхьатерра меттиг йу. Цуьнан бакъо йу ша 1аш волчу кертахь, шен декъа т1ехь, шена луъучохь т1улг а боьг1на, д1аволла иза.
Больницера кеман т1ехь ц1а йалош аэропортехь йалар нисделла шайн ненан. Цунах дагахьбаллам бисина ц1ерачарна, больницехь йитинехь, цунна г1оли хир йара, бохуш. Цунах лаций дийцахьа.
Дуьненчохь йоккхуш йолу зама хан тоьхна йу. Ткъа 1ожаллаш бахьанашца йу. Шу холчу ма х1уьттийла. Цара иза больницехь йитинехь а, х1окху дуьнен т1ехь мел волу лор валийнехь а, оцу хена чохь цуьнан 1ожалла хилаза ца йолура. Оцу нанна, цуьнан доьзалхошна хууш а долуш, Дала цхьа дика дина: новкъахь йалар нисделла цуьнан. Новкъахь велларг шен дег1ан г1азотехь хир ву аьлла.
Шуна Дала собар лойла, шун нана Дала декъал а йойла!
Даима валар дагара ца долуш, цуьнан бен ойла ца йалуш хьал ду щегахь, цунах лаций дийцахьара боху.
Валар дагадар ийман ду, цамгар йац. Валаран ойла йеш волу стаг воккхавен веза, г1айг1ане хила ца веза. Делахь а, даима валаран ойла йича, стаг вахалур вац. Кхана лийр волуш санна эхарт а лохуш, цкъа а лийр йоцуш санна дуьне а лохуш – оцу шинна йуккъехь хьанал а, хьарам а къастош вахар ду магийна. Къинхетамечу Дала и цамгаре баьлла сингаттам ца лаьтташ, дуьне а, эхарт а лаха пурба лойла цунна!
Къемат-дийнахь хиндолу 1азап цхьанна ханна тухуш ду йа даима лан дезаш ду?
Къемат-дийнан 1азап керста нахана даима лан тоьхна ду, цунах цхьа а шеко йац. Дела цхьаъ винчу бусалба нахана шайгара девллачу бехкашка хьаьжжина хан тоьхна лур ду и 1азап, и текхна бевллачул т1аьхьа Делан къинхетамца хьалхабевр бу уьш (Даламукълахь).