ХАТТАРШ А, ЖОЬПАШ А – ШАРИ1АТЦА
Доьзалхочуьнгара цхьа ледарло йаьлла, дас дов дича, къадехарх, сардамаш дохкарх лаций дийца боху.
Шен доьзалан хьокъехь дас-нанас деш долу до1а а, пайхамарша шайн умматана деш долу до1а санна, жоп луш хир ду аьлла ду. Иштта жоп луш хилча, къадеха муха мегар ду, оьг1азваханчу дас човхийнера аьлла? И къа ца деха лазош тоха мегар дара, сакхталла ца йисчахьана. Къа ма деха, кхетош къамел де. Ас сайн доьзалехь д1ах1оттийна йукъаметтигаш иштта йу — тоьхна вуьтур вацара-те, къамел а ца деш? Бехк болчуьнга цунна эхь хетталц, б1аьргех хи даллалц кхетош къамел дина ас. Иштта хила йезаш йу доьзалца йолу йукъаметтиг. Сардамаш дохка ца деза, къа деха ца деза. Дас къадехча, цуьнан амал бераша схьаоьцур йу, цунах масал оьцур ду, т1аьхьено т1аьхьене а луш, д1аг1ур ду иза, цунах бохам хир бу вайи дерриге а халкъана а. «Дала кхетам лойла хьуна!
Дала нисвойла хьо!» олуш, кхетош къамел дан деза.
Цхьаволу стаг, шен х1усамнанас аьлларг а деш, шен дена-нанна а, вежаршна а, йижаршна а дуьхьалволу. Стаг оцу хьоле валар иза лартехь цахилар ду. Иза меттавалоран 1алашонца х1ун дан деза?
Кертахь хьекъале а, кхетам болу а несарий нисбелча, вежарийн барт хилла аьлла вайн дайша. Хьекъал доцуш, ийман доцуш болу зударий керта баьхкича, хьекъале а, доьналле а болчу вежарийн барт бохийна аьлла вайн дайша. Барт беш берш а, и барт бохош берш а зударий бу. Шен х1илланца-говзаллица зудчуьнга дукха х1ума дало. Ц1ийнден керта ша йахча, цигахь болчеран баха меттиг йоций а хууш, цаьрца таръйала хьажа йеза иза. Т1аккха марвежарех накъостий а, марйижарех йижарий а хир бу цунна, эшна меттиг йалахь, цунна карор бу уьш. Цхьана ханна ша ц1ийнда 1ехийча, ша тоьлла йаьлла моьттуш хуьлу хьекъал доцу зуда. Цо шена беш берг боккха эшам бу. Х1унда аьлча, церан доьзал кхуьу, шайн ден-ненан йукъаметтиге а хьовсу бераш, цу шимма вовшийн деш долу сий гуш болчу цара иштта сий до шайн ден а, ненан а.
Шен ц1ийнда молуш а ву, харцахьа лелаш а ву. И санна ледарло зудчуьнгара йаьлча, даздой дуьйцуш, генадоккхур дара , ткъа боьршачу стага лелош дерг хьаха а ца до.
«Скорая помощь» машен т1ехь лоьран болх бан дезна сан масех шарахь. Цу хенахь со кхайкхина вигнера цомгаш волчу стагана т1е. Вахана д1акхаьчча, цхьана а кепара хаалуш пульс йацара цуьнан, детталуш хаалуш дацара дог, амма та1ам болуш бара, сайн лоьрийн хьесапца иза дийна вуй хиира суна.
Т1аьхьа шеквелира со, къаьркъа маларо эшийна витина вуй-те xlapa аьлла. Дехьачуьра цуьнан зуда а, йиша а схьа а кхайкхина, ас хаьттира: «Xlapa стаг къаьркъа мелла велахь, сан молханах rlo хир дац х1окхунна, мелхо а д1овш дер ду, xlapa мелла вуй?».
Цу шимма дийцира: «Цхьа к1айн шиша а, цуьнца цхьаьна ц1ен шиша а иэ а дина, д1амелла цо». Шен ваша бехказавоккхуш, йишас т1етуьйхира. «Божарша молуш хуьлу-кх иза», аьлла. 1уьллуш волчунна т1ех1оьттина 1аш молла а вара. «Д1ахьарчаде хьайн Къуръан, — элира ас молле. — Ши х1ума гучудели суна». «Х1ун ду хьуна гучудаьлларг?»
— хаьттира моллас. «Цкъа делахь, xlapa стаг х1умма а хилла вац, къаьркъа мелла воьжна ву. Шолг1а, вайшиъ стаг воцийла хии суна». «И муха хиира хьуна?» — йуха а хотту моллас. «Х1окху зударша бахарехь, божарша молу къаьркъа, амма вайшиъ и молуш вац, цундела кхарна гергахь вайшиъ стаг воций хии суна».
Ткъа и воьжна волу стаг меллачуьра ша васта ма веллинехь, то а велла, хьалаг1аьттира. И санна долчу х1уманашкахь ма тидахьара, ма алахьара — йац дера-кх кьаьркъа малар стогалла-м, стаг воцчо бен и мер ма дац. 1умара (Дела реза хуьлда цунна) аьлла хиллера: «Къуръан долчу чохь вахош долу малар бехке дина ду шега аьлча, ша ийман диллале хьалха дуьйна а вара и дитина». Х1унда вара хьо дитина аьлла, хаьттира цуьнга. 1умара жоп делира: «Дог1а деанчу суьйранна ц1а вог1уш вара со. Бодашкахь цхьана элан аз девзина, т1еволавелира со. Вехна воьжна вара иза. Ша г1атто хьалаойуш волчу лена т1ара тухура цо. Цунах кхера а лой, вукхо охьавожавора иза, йуха а уьшала вужура эла. Иштта вуьтийла ма дац xlapa аьлла, и лай иза хьалаг1атто хьаьжча, шениг ца дуьтура эло. Оцу меттехь ойла кхоллаелира сан: оьзда волчу стага мер ма дацара иза, оцу элах лай винарг и малар ду-кха, аьлла. Цу меттехь сайна малар дихкира ас». Дала хьарамдинарг, стаг шен оьздангаллех вохош долу иза, мала мегар дац. Массо а вочу х1уманан корта бу вахош долу малар. Самаволийла и лело г1ерташ верг. Маггане а мегар дац маларца эвхьазвала. Дала Къуръан чохь цхьатерра хьарам дина иза зударшна а, божаршна а. Та1зарш цхьатерра дийр ду царна дуьненахь а, эхартахь а. Дала и та1зар дан хьакъ болчех ма бойла вайн кегийрхой а, баккхийнаш а.
Декхар даьккхина волу стаг веллехь, цуьнан бисина доьзал бацахь х1ун дан деза? Адамаша дахарехь вовшашкара даьхни доккхуш а, д1алуш а ду, ткъа валар ц1еххьана хуьлуш ду. Нагахь санна оцу стеган декхар, дерриге даьхни д1аделча а, д1адолуш дацахь, цунна кхо чкъор марчо хьарчо йиш йац. Оцу декхаран дас х1умма а дац, хьарчаде цунна марчо аьлла пурба делча бен. Деккъа цуьнан дег1ан 1оврат д1акъовла цхьа чкъор хьарчор ду цунна. Оццул ч1ог1а бу оцу декхаран бехкам. Нагахь и декхар д1адала долуш, амма декхаран да т1екхочехь вацахь, т1аккха и ахча къастийна охьадуьллур ду, бухадисинчух шайн стаг д1авуллур ву. Оцу веллачун весет делахь, х1оккхул даьхни хьовзаде шена аьлла, и кхочушдийр ду. И хьовзо бакъо йу церан бухадисинчу даьхнех кхо дакъа дича, цхьана декъал хьаладолуш и дацахь, цул совдаьлларг верасашна кхачош ду. Оцу весетах и стаг д1авуллур ву цара, бухадисинарг верасашна доькъур ду цара, шари1ато ма-бохху. Нагахь и декхар д1адала и стаг т1екхочехь вацахь, амма цуьнан даьхнин бакъо караелла волу стаг ву, цуьнга д1адала мегар ду. Саг1ийна х1ума йала мегар ду, и декхар схьа ца лахь, xlapa йухкур йу аьлла, цуьнан даьхнех х1ума билгалйаьккхина. Шен декхар д1адала доллушехь, д1а ца луш 1ийна, кхано т1аьхьа дохковаьлла и д1адала дагадог1уш хуьлу. Бусалба нехан и декхар хиллехь, долчу дена т1ера аьлла саг1ийна хьовзор ду иза, да гучавалахь, цунна а д1алур ду-кх х1ара бохуш, нийат долуш.
Декхар даларан х1ун бехкамаш бу шари1атехь?
Дала (Веза-Сийлахь ву иза) Къуръана чохь боху: «Х1ай, ийман диллина нах! Шаьш декхарш луш хилча, тоьхна цхьа хан йолуш (х1окху хенахь схьалур ду аш аьлла) аша д1айаздойла иза».И иштта ца хилча, деллахь, ахь суна хан ма-тоьхнера, оцу хене ма ца кхаьчна со аьлла, девне вала а герга ду. Ахь соьга делла декхар х1оккхул ма дацара ала а тарло. Цундела декхар луш делахь, иза йозанца д1айазде, теш х1оттаве боху вайга. Тоьшаллина дац и йоза, вицваларна к1елхьаравоккхуш ду иза. Далла вай вовшашна г1одар дезнера, вайх бинчу къинхетамца вай вовшашца вежараллехь ч1аг1дар лоьху Дала декхар даларехь.
Йухалург ахча делча, caг1a лучул а деза ду олуш хезнера, цунах лаций дийцахьа боху.
Элчано дийцина (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ша стигала хьалаваьккхинчу хенахь йалсаманин не1ара т1ехь йоза гира шена, цхьана саг1ийна дуьхьал итт дика долуш, стаг гатвелча, цунна йухалург декхар далар, берх1иттазза лекха ду аьлла.
Хаттар кхолладала герга ду эццахь, caг1a йуха схьадахьар долуш ма дац, йухалург делларг тоьхначу хенахь йухакхочур долуш ма ду, ткъа и берх1иттазза лекха х1унда ду-те, саг1анал лекха х1унда ду-те и аьлла. Дера ду цуьнгара долучу беркатна. Оцу саг1ийца цкъа дика дина оцу стага, и дика д1аэцначо цунах шена пайда а бина, цундела и иттаза хьаладаьккхина Дала Шен комаьршаллица. Ткъа йухалург деллачу даьхнино и стаг гаттонгера хьалхаваьккхина, оцу стеган г1айг1а д1аайина, цунна г1o дина цо. И бахьана долуш лекха ду и декхар далар оцу саг1анал а.
Адам мел ч1ог1а 1амалйеш делахь а, цуьнгахь г1иллакх дацахь, цуьнан 1амал коьртел хьалайер йац олу. Цунах лаций дийцахьара боху.
Хаза г1иллакх ийманах ах ду аьлла. Х1овсал и г1иллакх ийманах ах хилча, цуьнан 1амал нийсса ах ийман доцуш йеш йу-кх. И цхьаъ ду.
Вайн Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «Хьо дика а, хаза а долчу г1иллакха т1ехь вахийтина ву Оха дин кхайкхо», — аьлла Дала Шен Къуръана чохь.
Г1иллакх дацаро цо мел лелош долу х1ума терзанна т1ехь дайдо Далла гергахь а, халкъана гергахь а.
Мел лерина лелаш стаг велахь а, нахаца и г1иллакхе вацахь, цуьнан 1амал д1аоьцур йолуш йац Дала.