Вопросы и ответы по Шариату

Хаттарш а, жоьпаш а шари1атца

Тасбихь ламаз Тах1аджуд ламазца дан мегар дуй? Цуьнан хенаца доьзна х1умма а дуй?

Кхин башхалла йолуш хенаца доьзна х1умма а дац цуьнан, шен аьтто боллучу хенахь дан мегар ду. Иза Тат1аво1 1амал йу – Далла муьт1ахь хиларан. Буьйсанна Дела воцчунна иза гуш а воцуш йолчу меттехь цо и дар мелхо а лекха хир ду цуьнан.

Ша г1ишлам йечехь болх беш йу, ламазан хан хилча, шен т1ерачу х1уманашца ламаз дан мегар дуй? Т1ера х1уманаш хийца а хуьйцуш дан ларор йац ша.

Х1инца стройкашкахь нажжаз йолу х1уманаш лелош йац. Цемент а, раствор а, кира а кхид1а – боьха йац. Шайн дег1 хьулдина хилчхьана, муьлххачу духарца д1а а х1оьттина, шайн ламаз дан мегар ду, ламаз ца дан мегар дац. Х1инца вайн бусалба паччахь ву, бусалба низам а ду, х1инца санна динна парг1ато йолуш зама йеххачу оьмарехь тхуна йайна йац. Хьалха хенахь оха дин хала лелийна, динах тасабелларш хала баьхкина, бусалба 1илма 1амо г1ерташ болу нах кхин а хала баьхкина. Маца хилла вайна йуккъехь х1инца санна динах лаьцна хаттар деш, цунна жоп а луш хенаш? Х1ара доккха ни1мат ду. Миччанхьа д1а а х1оьттина, ламаз дан йиш йолуш ма ду вай, ламаз деш бан беза болх. Ма хьанал хир бу иза, ма беркатехь сов бер бу иза.

Йуьртахь, докъан ламаз а дина, стаг д1авоьллина п1ерасканан буьйсанна, т1аккха п1ераскан дийнахь рузбанехь, йуха а хьенехана докъан ламаз до вай аьлча, докъа ламаз дийр дуй?

Иштта оха ца дина. Ткъе итт шо хан йу вайн маьждигаш схьаделла долийна, дуьххьара цхьа маьждиг Жимачу-Атаг1ахь схьа а доьллуш. Х1етахь дуьйна оцу йуккъехь ву со. 1елимнаха барт бира, оцу йуьрта белла болу нах, йуьртан ох1лано ламаз дой, д1абухкуш, цунна йуха докъан ламазаш маьждигехь ца деш, дехьа-сехьа йарташкахь кехат дохьийтий, оцу йарташкахь докъан ламазехь кхачам беш. Оха иштта лелош схьадеана и х1ума, тахана вай д1акхехьча, и некъ бакъоне хета суна, нийса хета суна.

Ламаз дечу хенахь сужуде вахча, хьаж лаьттах кхеташ ца хилча, х1умма а дуй?

Хьан коьртан масс дег1ан цхьа дакъа ду, и духар лоруш дац. Ламазана тесна болчу кузана хьан мас йуккъе нисйаларх, цо зен дийр дац. Амма, бакъду, куй а, цуьнан коьртаца хьала-вахьа лелаш йолу чалбанаш а, уьш йуккъехь долуш, хьаж охьакхеташ ца хилча, ламаз дац цуьнан, хьаж гуш хила деза. Масала, коьртара чалба схьайастайелла цуьнан, цхьа маь1иг лаьттахь 1уьллуш йолуш, и хьалатаь1ча а, охьатаь1ча а, цу т1е хьаж кхетарх, ламаз духур дац цуьнан.

Цундела шен коьртахь соцур йолу х1ума а тиллина, дан деза ламаз. Йеха лаба йолу куй йа шляпа коьртахь йолуш, сужуде воьдуш лаба латана а, хьажна а йуккъе нисйелча, ламаз хир дац цуьнан. Цундела ларвала веза. Зударийн хьал божарийн санна дц, церан, йовлакхца д1а а хьулйина, цхьа а мас хила ца йеза гуш.

Больницашкахь хан токхуш болу нах, дукхахьолахь, ламазаш ца деш хуьлу. Цара ламаз ца деш к1ира а, ши к1ира а дала тарло. Оцу хенахь церан балар нислахь, Далла гергахь и муха ду?

Вайн ницкъ кхочуш боцчу х1уманна Дала вайна гечдина, амма бакъду, стаг кхетамчохь а волуш, цунна ламазан хан хиллий а хууш, къилба муьлхачу аг1ор ду а хууш хилча, ламаз т1ера ца долу цунна. Цундела цомгаш волчу стага, шега оахьа а хиъна далахь, оахьахиъна дийр ду, оахьахиъна далуш вацахь, вижина Іуьллучохь дийр ду ламаз. Дала вайна йеллачу бакъонех ирс а оьцуш, и шайн леш волу стаг декъала хинволу некъ лахахьара цунна гонаха хьийзаш болчара, шайна пайде дерг а ца лоьхуш. «Ву дера хьо цомгаш, ахь дуккха а дина ламазаш, х1инца 1ад1ен мегар ду» аьлла, и Іадвита атта ду. Цуьнга ламаз а эцийтина, ц1ано а йайтина, къилбехьа а верзийна, шен ма-хуьллу иза декъала хинволу аг1о йан хьажа веза. Шена иштта йал лаха хьажахьара цомгашчунна гонаха хьийзаш верг. Цомгаш хиларца цунна ламаз т1ера долуш ду вайна моттахь а, мел хала цамгар цуьнгахь йелахь а, нагахь санна иэсехь и велахь, ламаз т1ера долуш дац цунна. И стаг мел онда велахь а, цуьнан кхетам бацахь, ламаз дац цунна т1ехь. Нагахь санна цомгаш волу стаг вала гергаваханехь, чохь дуьненан къамелаш а ца деш, цуьнан ойла Далла т1ейоьду аг1о йан йеза, т1аьххьара цуьнга Делан ц1е йаккхийтархьама.

Кхоччучу барамехь шен дег1ана дола далуш воцчу стаге, цунна г1о а деш, ламаз эцийта мегар дуй?

Мегар ду. Г1ора доцчуьнга, куьг а, ког а, йуьхь а йуьлуш, ламаз эцийта, хьалха шен куьйгаш цІан а дина, нажжаз дуй а хьожуш.