ХАТТАРШ А, ЖОЬПАШ А – ШАРИ1АТЦА
Х1усамнана шен ц1ийнда чуваьлча, хьалаг1атта йезий?
Доьзалехь лерам хиларх терра марзо сов йер йу церан. Ц1ийнда лийрича, шайн сий лахло моьттуш болу зударий хьекъална эшна бу. Вайн зударшна хаа дезара ц1ийнда лерича бен, шайн сий лакха дер доций. Вайна дуккха а къаьмнийн шайн-шайн г1иллакхаш гина, бусалба нехан г1иллакхаш вайн г1иллакхашца ца дог1уш дайна вайна. Бусалба дин 1аьрбашна шайна, нохчашна шайна, туркошна шайна доссийна дац. Массо а махкахь 1аш болчу нехан г1иллакхашца, амалшца нисдан йиш а йолуш, Дала шегахь шорто йолуш даийтина ду бусалба дин. Дин дохош доцу вайн мехкан г1иллакхаш, амалш – уьш йерриге а динехь магийна йу, дин дохош деъна доцу х1ума – и дин ду. Х1унда? Оцу динехь ду вовшашца лерам бар. Ц1ийнден лерам беш х1усамнана хьалаг1оттуш хилча, цо шен беш болчу лераман а хам бийр бу оцу ц1ийндас. Йукъаметтиг хазлур йу церан, 1ер-дахар хаза хир ду церан. Иштта лерам х1усамнанас латтийча, доьзалан хир бу шайн деца лерам, ненан сий лакха дер ду доьзална хьалха. Шен ц1ийндех эла веш и зуда йелахь, оцу шен доьзалан эла хилла д1ах1уттур йу иза. Шен ц1ийндех лай веш и зуда йелахь, шеен доьзало сий дойур ду цуьнан. Бусалба дино санна бакъонаш цхьана а дино ца йелла. Болх бан декхар йоцуш, т1едуху х1ума, йаах1ума – массо а х1уманца 1уналла а, дола а ц1ийндас дан дезаш йу зуда. Оццул йоккха парг1ато йелла д1ах1оттина дино х1усамнана. Ц1ийнден сий дийр дац ша сийлахь йолчу зудчо бен. Шен х1усамда сийсазвеш зуда йелахь, цо шен доьзална вон масал гойту. Кхано баккхий хилча, оцу доьзало шайн да тергал ма ца во, оцу нанас виннарг ма ву х1инца царна хьалха верг. Ц1а латтош йерг х1усамнана йолу дела, оцу х1усамненехь хьалха хила йезаш йу оьздангалла, цуьнца шен х1усам серлайоккхур йу цо, беркат доуьтцр ду цо, ийманехь доьзал кхиор бу цо. Кхечу къоман г1иллакхаш йуккъе тийса г1ерта ца деза, шен къоман хазачу г1иллакхех пайдаэца беза.
Тхан имама рузбанан дийнахь маьждиге пхийтта шо кхаьчна воцург ма вола олу. Нийса дуй иза?
Пхийтта шо кхачаза верг имама маьждиг чу вуьтуш вацахь, пхийтта шо кхаьчча, вайга уьш цу чу бигалур а бац. Цуьнан ворх1 шо кхаьчча дуьйна, итт шо кхаччалц ша бусалба вуй а хоуьйтуш, хьехарш де бохуш, дуьйцуш ма ду тхо. Итт шо кхаьчначул т1аьхьа човхийна а, тоьхна а, хьаьстина а, кхетош къамел дина а, цуьнга ламаз дайта боху, пхийтта шо кхаьчначул т1аьхьа «таклип ох1лу» хуьлу цунах, баккхийчарах санна декхар хьаьрча цунах. И декхар хьарчале хьалха динах марзо кхета йеза цуьнан. Вайн дайша лаа ца олура: «Хьокхах ца бо х1оз, х1оз серах бан беза». Жимачохь дуьйна 1амо деза доьзална г1иллакх а, дин а, оьздангалла а. Иштта ду цуьнан маь1на. Цундела и бераш йухатоха мегар дац. Сан кхетамехь, маьждига чохь готта хир йа бераш г1овг1анаш йеш хир йу. Цундела аьлла хир ду имама и дешнаш. Г1овг1анаш йеш уьш белахь, и ма йе аьлла, хьехам бан беза. Чохь готта йелахь, шайн ма-хуьллу парг1ато йан хьовса деза: хьалхарчунна букъ т1е корта тухуш а, чуьра ара ца бохуш, д1а ца хьежош, мелхо а, цу чу бало г1ерташ, къахьега деза, амма д1акъахко мегар дац. Т1ехь декхар дацахь а, маьждиге вахча, йал йу цунна, ткъа пхийтта шо кхаьчначул т1аьхьа ца вахча, къа ду цунна.
Ц1ахь 1ийна цахилар бахьанехь динах дерг к1езиг хаьа шайна, х1инца шаьш ц1а дирзина, шайн бераш ишколе оьхуш ду, царна и ламаз-марха ишколехь 1амийча, дика хир дацара те?
Оьшуш само йу иза. Дин йемалдеш долу 1едал д1адаьлла. Массарна а йелла шен дин лело парг1ато. Дин лело иштта парг1ато йолуш зама хилла йац. Керста наха йукъадаккха хьийзош ду ишколашкахь дин хьехар, вайн ишколашкахь а ма йу 1аьрбойн метан урокаш. Шаьш бусалба хиларх дог ч1аг1делла ма ду нохчийн халкъ. Альхьамдулиллах1, Дала делла и ни1мат ма ду вайгахь. Ишколийн директорш а, дешаран министерствон, муфтиятан белхалой, вовшех дага а бевлла, ламаз 1амор ишколашкахь йукъадаьккхича, кегийрхошна боккха пайда хир бара цунах. Суна т1е хийла нах ихна, шайна ламаз дан ца хаьа, 1амадахьара бохуш. Оцу кепара г1ело хир йац вайна т1екхуьуш долу къона чкъор ламаз дан 1амийча. Шен хеннахь х1оттийна хаттар ду иза. Вай 1едалца а, муфтиятаца а цхьацца некъ бича, динан бух ишколашкахь хьеха бакъо лур йу аьлла хета суна.
Диъ бер ду шен. Ц1индегара хуьлуш цхьана а кепара г1о дац. Шен карадеана ахча къайла а доккхуш, цунах малар оьцу цо шена а, шен накъосташна а. Х1ун дан деза ша ц1ийндега малар дитийта?
Вахош долу маларш муьйлуш берш Делан оьг1азалла т1еоьцуш болу нах бу. Оцу кепарчу некъа т1е х1оттарца шен доьзална а, х1усамнанна а, дена-нанна а, гергарчу нахана а – массарна а зулам ду цо деш дерг, царах массарах а барт хоттур бу цуьнга. Доьзалан а, х1усамненан а напха дена т1ехь ду, къаьркъа а муьйлуш цо уьш мацбича, шеен дег1ехьа а ваьлла, цо доьзал меца битича, церан хьокъах вер вац иза. Йог1ур йу цо ша лелийначу некъах жоп дала деза кхин зама (дуьненчохь а, эхартахь а). Тахана долу г1ора а, хьал а лаьттар дац цунгахь, шен бераш чехочуьра д1а а ваьлла, беро ша чехор волчу хьоле кхочур ву иза, х1унда аьлча, и бераш нийса кхиош къа ца хьегна цо. Шен парг1атонехь а, ша санна болчу дайшца йолчу дикачу йукъаметтигех ирс оьцуш болчу нийсархойх а хьегийна цо шен бераш. Оцу дерригенах болу бекхам дуьненахь оьцур бу оцу «да ву бохучо». Шен доьзалан хьакъ д1акхачош иза вацахь, ма тиша, г1ийла болх бу цуьнгахь хинберг. Х1унда волу те оцу хьоле, ойла х1унда ца йо те? Валлах1и, бакъ ма ду, байттамал хир ма ду цунна! Стага ша лардан деза шен сий, цунна т1ехь ду доьзалан сий лардар а. Цхьажимма хан йаьлча йо1 кхуьур йу цуьнан, ткъа оцу йо1ана а, г1иллакх а, оьздангалла а 1амийна хир дац, деша йаха аьтто хилла хир бац, йоь1ан х1ун бехк бу да ларт1ехь ца хилча? Кхин г1олехь к1ентан хьал а хир дац, зуда йало йеза цо, мича буха т1ера йалор йу цо иза? Оцу шина а белхан ойла а йина, шена т1ехь долу декхарш кхочушдан хьажа веза, нисвала веза.
Хож-Ахьмад-Хьаьжа Кадыров