ХАТТАРШ А, ЖОЬПАШ А – ШАРИ1АТЦА
Хаттарш а, ШариIатехь жоьпаш а
Стаг веллачул тIахьа, кошахь цуьнга хоттур болчу бартах лаций дийцахьара.
И стаг чувиллина долу лахьта дIахьулдина даьллачул тIаьхьа дуьйна схьа барт хаттар дIадолалуш ду. Цундела, оцу веллачунна вай заIам доьшучу хенахь, цуьнга само яйта, хьан Дела мила ву, хьан элча мила ву, хьан дин муьлхарниг ду бохуш, хетта доьлча, хIарра жоп лолахь бохуш, оцу веллачунна хьехам бар ду заIам дешар. Веллачунна чу са даладо Дала оцу заманчохь. Кхетемахь самавоккху и. Дуьненчохь къораволуш и веллехь а, мел долу хIума хезаш хир ву и эццахь. Каш чу цхьа гали дуьззина борц хецча, цуьнан хьесапдан хуур долчу барамехь хьекъал лакхадоккху Цо. Эццахь барт хотту маликаш тIедогIу цунна. И барт хаттар ворхI денна чохь ду. Оццу заманчохь, цуьнан верасо, я гергарчо, я, и ший а цуьнан вацахь, мах белла хIоттийначо, и стаг дIавуллуш, цунна заIам дешначу хенахь, цу денна тIера дуьйна схьа, ялх дийнахь заIам доьшур ду цунна. Лурвоьлла стаг шен наха, эзар стаг а хIоттийна, ларвеш хилча, паргIат дIавуьжург ма-хиллара, оцу тайппана цунна каш тIе а вахана, и барт хоттучу хене а нисдеш, Къуръан доьшуш стаг хилча, оццул паргIатваьлла хир ву боху и велларг.
Валарна чу вирзинчу стагана уллехь, аренца я чохь хуьлийла и, иштта хьал тIехIоьттича, хIун лело деза ца хууш верг я цхьа жимха нисвелча, цо хьалха дан дезарг хIун ду, хIун само ян еза цо?
Тахана къаьсттина машенийн чехкаллица, дахар-дахкаран сихаллица алсам нисло баларш вайна юккъехь. Валар миччанхьа а тIеIоттаделлачохь, и стаг вала воллу аьлла шена хетча, сихаллица кхойкхуш болу лоьраш кхайкхин чул тIаьхьа, уггаре а хьалха дан дезарг хIун ду аьлча, и стаг къилбехьа верзо веза, корта жимма айбина хила беза, когийн кIелонаш къилбехьа а ерзош, охьавилла веза. ТIаккха цунна гергахь Делан цIе яккха еза, кхидолу дуьненан къамелаш а ца деш. Леш волу стаг, садоьIучуьра ваьллехь а, цуьнан ши бIаьрг дIахьаббалц, царна чуьра са дIадаьлла ца долуш, зама жимма дIайоьду цуьнан, шена гонаха верг а вевзаш, цо дийриг а гуш.
Ишттачу хьолехь дуьненан хIуманна тIе ойла а яхна, цуьнан валар шайтIанан карахь ца хилийта, Делан цIе йоккхур ю. Леш волчу стагана а хозуьйтуш , ша ла илахIа иллалахI эр ду цо, тIаьххьара цунна хезна дош Делан цIе хилийтархьама. Хууш волчо «Ясин» доьшур ду. Иштта, шен ницкъ кхочучу барамехь терго йийр ю-кх леш волчу стагана тIенисвеллачо.
Стаг велча, и дIаволларна кечам бина а болуш, цхьана бахьанина дIа а ца вуллуш, шолгIачу дийне и ваьлча, юха лийча а вина, и дIаволарна кечам юха бан безий цунна?
И стаг веллачу дийнахь дIаволлар ца нислахь а, цуьнан са даьллачул тIаьхьа, ма-кхуьу сиха, и лийчо веза, садолучу хенахь цунна тIехь хилла бедарш ма-кхуьу сиха тIера дIа а яьхна, марчо тIехьарчо деза.
ХIунда аьлча и бедарш тIехь а йолуш, вахкавалар чехка хуьлу цуьнан. Цхьана бахьаница дIа а ца вуллуш и шолгIачу дийне висина меттиг нислахь, шариIат талхийначарех хир бац уьш. Дала мукъ лахь. Делахь а, тоьлаш дерг, ма-кхуьу чехка и стаг дIаволлар ду.
Велла стаг дIавуллуш, кешнашка баьхьна куз а, гIайба а, цхьа хан яллалц, чубахьа мегаш дац олу. Ткъа билгал цунах дерг муха ду?
Вайн адамаша цхьацца хIума схьа а лоций, цунах Iадат а дой, дIахьо. Цхьадолчу адамашна дегаза хетта садаьллачу чохь Iен а, дакъа хиллачу чохь буьйса яккха а. Иштта докъах хьарчийна хIуманаш а ларйо цхьаволчо.
Цхьана а жайни тIехь а, я далилехь а хьахийна дац, докъах хьарчийна хIуманаш чуян ца мега аьлла. Бакъду, цхьаволчо докъах тоьхначу мискан я IатIаран хьожа дIаяллалц, чу ца йохьуш а юьту и хIуманаш. Иза а шайн лаам бу хIораннан а.
Хаттаршна жоьпаш делла
КЪКФО-н Iелимнехан кхеташонан куьйгалхочо
Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжас