ХАТТАРШ А, ЖОЬПАШ А – ШАРИ1АТЦА
Зудчо йа стага шайна т1ера совнахадолу дилха д1адаккха, куц тодан х1ума цайаар къилахь дуй?
Дела вовзарехь лакхабийлина нах, кхачанах к1езиг кхеташ хилла. 1аьржачу чохь, дууш йа молуш доцуш, халбатахь 1аш хилла эвлайааш. Кхача а, наб а йухатеттина, шена дезарг ца лоху дег1 Далла дезна ду. Цундела, йуучух йухавалар къилахь
дац, амма куц хаздан г1ерта а ца олуш, ламазана хьала-охьа та1а атта хилийта, Делан дуьхьа аьлла, нийат дина хилча, дика хир дара. Дела резаволчу аг1ор бан мегаш бу дег1ана ницкъ, амма Дела резавоцу ницкъ дег1ана бахь, жоп доьхур ду, хьайн дег1ана, хьакъ д1а х1унда ца делла аьлла.