Общество

Оьздангалла

Стеган оьздангалла цуьнан г1иллакхашца гучуйолу, цо шен гайна дола дан дезаш йолчу меттигашкахь муххале а: и нахана юкъахь лелаш, нехан диканехь вонехь. Ч1ог1а товш ца хуьлу стаг нахана юккъехь шен гай хьалхаяккха г1ерташ хилча. Тахана вайн заманахь дукха го нехан диканехь, вонехь я хьошалг1ахь шена хьалхайиллинчух тоам ца беш, чорпа яхьа,бананаш юй, дерстина жижиг ма диллахь суна, цергаш юкъа1отта х1ума юй, салфеткаш яхьа бохуш, цхьа болчу нахана лела ца хууш. Шен елахь  йохьур ма ю цо хьуна ахь йоьхург. Ткъа нагахь санна, ахь схьая бохуш ерг цуьнан яцахь я цуьнан и хила аьтто бацахь, и стаг юьхь1аьржа х1оттош ма ву хьо. Оьздангалла цахилар, нахана юкъахь лела цахаар ду иза. Нехан шуьнехь къонахчо х1ун г1иллакх лелон деза гойтуш, б1ешераш хьалхалера цхьа дийцар ду нохчийн халкъан барта кхоллараллехь вайн замане схьакхаьчна. Таркхойн Шовхала ша волчу хьошалг1а кхайкхина хилла вайн махкахь ц1е яххана болу к1ентий. 1уьйранна туьха тасаза, теза яах1ума хьалха йиллина хилла цо царна. Ткъа хьеший цхьа а инкарло йоцуш, хьешо юъучу барамехь х1ума а йиъна, юхабевлла. Делкъанна туьха сов даьккхина кхача хьалха биллина цо царна. 1уьйранна санна, х1ума йиира цара я цхьаммо а х1ара дуьра ю а ца элира. Суьйранна чам то а бина, мерза кхача биллина цо царна хьалха. 1уьйранна а, делкъанна йиъначу барамехь йиъна цара. Т1аккха церан оьздангаллех тамаш бина Шовхала. «Деллахь, ма тамашийна х1ума ду-кха х1ара дан-м». – Дуьраниг, тезаниг, мерзаниг цхьатерра йии-кха аш» – цо аьлча, Эвтархойн Ахьмада аьлла: «Тхо хьо волчу чемаш хержа даьхкина дац, Шовхал. Нехан шуьнехь къонах а верстар вац, хьешан хьаьвди т1ехь дин а берстар бац»  ­­–аьлла боху цо. Г1иллакхе хила стаганна оьздангалла оьшу, ткъа оьздангаллина доьналла оьшу, доьналла оьшу шен дег1ан дола дан, шен дег1ан лаам нахана юкъахь оьздангаллин гурашкахь латтон. Т1аккха хуьлу хьох дика стаг, нахана гергахь а, Далла гергахь а.

Г1оьрдалара Тумчин  Ша1манан Адам