Пророк Мухаммад (мир ему и благословение Всевышнего)

Элча – дахаран масал

ЭЛЧАНАН IАМАЛ
(Делера салам-маршалла хуьлда цунна)

Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лаккхара масал хилла шен вахарехь. Шен дахаран хьаштана даггара Iамалъеш хилла цо. Шен дегIаца а, дагца а, сица а Далла тIевоьрзуш хилла иза, Iибадат дан ша дIахIоьттича, Лекхаволчу Делан дашо бохург деш: «Ахь лаха Дала хьайна деллачуьнца (хьолаца) эхартан цIа (Дела реза волчу хIуманаш тIехь харжъеш), дуьненан хьайн дакъа а диц ма де.Нахана дика а хила (сагIа даларца), Дела хьайна дика ма-хиллара». (Къуръан, 28 сурат, 77 аят)
Шен бусалба умматана дика хьехар дина Цо (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен дашехь: «Хьайн дуьненан Iамал е, хьуо даим вехар волуш санна, хьайн эхартан Iамал е, хьуо кхана лийр волуш санна», – аьлла.
Исламо кхайкхам бо, дуьненна а Iамал е, эхартана а Iамал е бохуш. ХIокху буха тIехь толам баьккхина бусалба наха, Исламан юьхь йолалуш, Iаламан баьччанаш хилла дIахIиттира уьш ойланашкахь а, Iамалшкахь а.

ЭЛЧАННА ЦIАНО ЕЗАР
(Делера салам-маршалла хуьлда цунна)

Пайхамар волчу (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цхьа стаг веана, хьирчина, ченах юьзна маж а, коьртара месаш а йолуш. Пайхамара омра дина цуьнга, месаш къепе ялае аьлла. Цо аьлларг дина, юхавеана и стаг. Пайхамара аьлла тIаккха: «Хаза дерг хIара дац, шух цхьаъ корта (месаш) гIаьттина вогIучул, ша шайтIа долуш санна?». ТIехь боьха бедарш йолуш стаг гина Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Цо аьлла тIаккха: «Шен бедар йитта хIума ца карош ву-те хIара?». Элча (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) низам дезаш, цIано езаш хилла. Хаза куц-кеп дезаш хилла, хаза хьожа езаш хилла. Низам дацар а, хатI цахилар а, мода а, вон хьожа а ца езна цунна.
Ислам-дино вай кхойкху дегI а, дог а цIена хиларе, бедарш а, хIусамаш а, некъаш а цIена латторе. Иза дуьхьал ду боьха хиларна, гIаланашкахь а, ярташкахь а нехаш урамашка кхийсарна.
Тахана вай кхайкхош йолу цIано Ислам-дино дейтта бIе шо хьалха дуьйна схьа кхайкхош ю.

МУХЬАММАД
(Делера салам-маршалла хуьлда цунна)
ВОЛЧУ ДУЬХХЬАРА
ЖАБРАИЛ-МАЛИК ДАР

Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен хІусамненан цIа чохь Iаш вара. Хадижатана махлелош гIо дарца, шена ваха рицкъа доккхуш а вара. Шен деда Iабдул-МуттIалиб веллачул т1аьхьаша кхаьбна волчу девешина – Абу-ТIалибна гIо дан лууш а вара иза. Абу-ТIалиб къен стаг вара, бераш дуккха а дара цуьнан. Цуьнан уггаре а жимах волу кIант Iали (Турпал-Iела) ша волчу кхаба дIавуьгу Мухьаммада, девешина хьалха ша декхарийлахь хеташ, ша кхабарна цунна баркалла олуш. Хадижатана а, Мухьаммадана а, шинне а дукхавийзира Iали. Шайн кIант санна лелош вара цаьршимма иза. Сих-сиха КаIбат долчу воьдура Мухьаммад, ойланаш йора цо, ИбрахIим Пайхамара (IалайхIис-салам) дина хIара цIа, цхьаъ волчу Далла Iибадат дан меттиг ма ю, цхьана а тайпана нахана дан гIо а доцуш, дан зен а, бала пайда а боцуш долчу суьртех юьзна ма ю. Цхьа а хIума гуш, хезаш ма дац и суьрташ. Маккарчу наха тIулгех, дечигах дан а дина, уьш шайн деланаш бу бохуш, царна Iибадат деш, царна хьалха, гIурба до бохуш, даьхни дойуш леларх лаьцна ойланаш йора Мухьаммада. ЧIогIа дагахьбаллам а, лазам а бара цунна цара лелош йолчу харцонна, церан галбовларна. Шена гонаха хьаьжча, цунна гуш берш телхина нах бара. Къаьркъа муьйлуш бара. Хьалдолуш болу нах мискачарна тIехь таIзар латтош бара, буоберийн а, бисина Iаш болчу зударийн а даьхни дууш бара. ГIо оьшуш болчу нахана юхалург ахча а лора цара, тІера йоккха ял (проценташ) йоккхуш. Къиза нах бара. Йоккха хилча, тIе эхь доуьйтур ду олий, шайн йоI юьйра цара, яа хIума цатоарна кхоьруш, тухий, шайн кIант а вуьйра.
Паччахьаша нахах шайн лайш бинера, къам, жа санна, лоллий дIаса а дуьгура шайна луъуче. Адамийн бала болуш, царна хIун оьшу хьожуш цхьа а вацара. Цаваьллачу денна царах къаьстина, генаваьлла Iаш вара Мухьаммад. КаIбате зерате воьдура иза, тIаккха шен цIа воьдура. ИбрахIим Пайхамаран динехь а волуш, цхьаъ волчу АллахIана Iибадат деш вара иза. АллахIе доьхуш вара иза шен къам бакъдолчунна тIехь нисдар. Кест-кеста Маккина гергахь болчу ломара Хьираъ олучу хьеха воьдура иза, цигахь цхьа хан йоккхий, цIа вогIура. Хадижата цунна тIаьхьа юург-мерг йохьуьйтура. Наггахь Хадижат Мухьаммадца (IалайхIис-солату вас-саллама) хьехахь Iара. Дала цунна кечдинчу гIуллакхехь гIо-накъостала деш, малх а, бутт а, латта а, стигланаш а, дерриге а Iалам а низамехь кхоьллина Волчух ойланаш еш.
АллахІан Iадатехь дара боданал тIаьхьа даима нур гучудаккхар. Ша кхоьллина адам телхича, АллахIа Элча воуьйтуш хилла, нахах къинхетам беш Ша волу дела. Нахана оьшура Пайхамар, дуьнен чуьра харцо дIаяккха а, мискачу нахана тIехь латтош долу зулам дIадаккха а, Iалам тодан а, бакъо, нийсо толо а, суьрташна гIуллакхдар дIатасийтина, цхьаъ волчу АллахIана Iамал яре кхайкхам бан а.

Бетиев М.