Пророк Мухаммад (мир ему и благословение Всевышнего)

МУХЬАММАД МАККА ВАР

(АллахIера къинхетам, маршо хуьлда цунна) Мединатера бусалбанаш-ансараш сагатдан бевлира, хIинца ша винчу Маккичохь вуьсур ву пайхамар, бохуш. Цуьнан бахьана дара, цкъа Сафа гу тIера Макки чу а хьаьжна: «ЦIена бакъдерг ду-кх гIаланашна йукъахь хьо тоьлашха йерг а, АллахIана дукхаха йезнарг а хилар! Сайн тайпанан наха со хьоьха ваьккхина ца хиллехьара цкъа а хьох къаьстина со вехар вацара!» — аьлла, цо ша шега аьлла хилла дешнаш.

Шаьш барт бина, бакъонан де

Цара лардеш, шо кхечира.

Фарз кхочушдан шайн Хьаьждарехь

Бакъонан хан тIекхечира.

Сийлахь – дезчу цу ХьаьжцIенна,

Зерат даре кхайкхам бина,

Шаьш ларйина хан тIекхаьчна,

Макка даха кечам бира.

Ши эзар сов бусалба стаг,

ХьаьжцIа ваха кечвелира.

Делан Элча и Мухьаммад (I.с.в.с.)

Царна хьалха ша велира.

ХIорангахь а баттахь доллуш,

Церан хаьнтIехь тур а дара.

Шайн бералла дагалоьцуш,

Макки чу уьш богIуш бара.

Мухьаммад шен асхьабашца,

ВогIуш хилар хаам хилла,

Цигара нах Маккичуьра,

Кхаа денна арабевлла.

Макка гонах доьгIна четарш,

Цхьана ханна дIатарбелла.

Четаршкара схьа бIаьрг бетташ,

Хьуьйсуш бара уьш цецбевлла.

Царна гира бусалба нах,

Вовшийн безар, марзо йолуш.

Дегнаш дуьзна шайн ийманах,

Делах кхерар шайгахь долуш.

Ойла Далла тIеерзийна,

«Лаббайка, Лаббайка»,- бохуш.

Элчанна тIаьхьахIиттина,

КаIбатана гонаш дохуш.

Ша вархI шарахь сатийсина,

И КаIбата чувахара.

Цу чохь делккъалц ша дIатийна,

Мухьаммада Iамал йира.

Делан Элча хьалха ваьлла,

Цара Iумрат кхочушдира.

Ша кхочушдеш имамалла,

Церан дола деш и вара.

ТIаккха Билал векал вина,

Цуьнга молла кхайкхийтира.

Элчанна тIаьхьа къамат дина,

ЖамаIат-ламаз дехкийтира.

Къурайшийн нах хьоьжуш бара.

Гушдолчунах цецбевллера.

Тамаш бора ницкъболчара,

ГIо деш гича, гIийлачарна.

Мискачарна гIо деш гича,

Цара къаьркъа дитар хиъча,

ЧIогIа тамашбора цара,

И Мухьаммад ХьаьжцIа варах. (I.с.в.с.)

Цхьа шо хьалха барт беш цара,

Шаьш диллина кхо де даьлча,

Маккичуьра, Мединате

Йухавирзи Делан Элча. (I.с.в.с.)

Пашаев Нурди