Разное

Беркатечу гIуллакхийн гулам

БисмиллахIиррохьманиррохьим

05c88b330acfba9e68f797b95c82ae47Ламазан бакъболу мах хадо Далла бен (Веза-Сийлахь ву Иза) хуур дац. Делахь а, Къуръанан аяташкара а, Делан Элчанан хьадисашкара а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вайна хаьа, иза сийлахь йолчу Іамалех лаьтташ долу Іибадат хилар.
Ламаз дарехь а, цунна кечам барехь а, иза дерзорехь а долчу диканех цхьадерш хьахор ду вай.
Делан лай шен коьртачу Іибадатана кечам бан волавеллачу хенахь дуьйна Делан новкъахь ву. Цо ламаз эца нийят дар а боккха мел болуш ду. Делан салам хиларо ма аьлла: «Баккъал а, Іамалш нийяташца ю». Нийят ах Іибадат ду. Іибадат нийятах а, Іамалх а лаьтташ ду.
Ламаз эцале хьалха «аІузу биллахІи минаш-шайтІанир-ражийми» алар а, цул тІаьхьа бисмилла даккхар а стаг бусалба хиларан билгалонех ду. Цул сов, цо юьлуш йолу меженаш къинойх цІанлуш ю. Ламаз эцарехь долчу беркатна царна тІера дерриг къинош дІадовлуш ду бІаьр-негІаршна кІелхьара а цхьаьна, куьйгийн а, когийн мІарашна кІелхьара а цхьаьна.
ТІаккха ламаз эцна ваьлча, до1а дар мел деза ду?!
Элчано ма аьлла (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «Кхоччуш ламаз эцна, тІаккха «ашхІаду ан ла илахІа иллаллахІу вахьдахІу ла шарика лахІу, ва ашхІаду анна Мухьаммадан ІабдухІу ва РасулухІу, АллахІуммажІални минаттаввбийна, важІални миналь-мутатІаххІирийна» — аьлларг милла велахь а, цунна ялсманин барххІе а неІ схьайоьллур ю, царех шена луъучух и чугІур ву».
Иштта суфиййунаша (т1арикъатан ох1ла) а ма аьлла: «Ламаз карахь хилар муъминан (ийман диллинарг) герз ду, шайтІанан некъаш доьхкуш ду, шен ламаз доггах оьцуш волчун ламаз дар а доггах хир ду».
Ламаз эцна ваьлча, ламаз эцаран ши ракаІат суннат ламаз дар мел мелехь ду?! Делан салам хиларо, кхоччуш ламаз эцна, цул тІаьхьа шен дагца а, шен юьхьца а къилбанна тІевирзина ши ракаІат ламаз динарг милла велахь а, цунна ялсмани важиб (хила хьакъ) ю ма аьлла.
ХІокху ламазан бекхам ялсмани хилар гойтуш ду рогІера хьадис а: «Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Билале аьлла (Дела реза хуьлда цунна): «ХІай Билал, Исламехь уггаре хьан бІобулуш ахь йина йолу Іамал йийцахь суна, баккъал а, хьан шина мачийн болар ма хезна суна ялсмани чохь сайна хьалха». Цо жоп делла тІаккха, шена гергахь, хІора ламаз эцарна тІаьхьа ламаз дарал тІех шен бІобулуш цхьа Іамал ша йина яц аьлла.
ТІаккха, ламаз эцна а ваьлла, маьждиг чохь цуьнан хан хилале хьоьжуш Іар мел деза ду?! Йиллинчу хенахь, Лекха волчу Далла дуьхьал хІотта кечвелла Іаш верг ламазехь ву аьлла ма ду хьадисехь. Ламазна кхойкхуш хезча, ламаз дан сихо еш берш, Къемат-дийнахь, седарчий санна нур лепаш яххьаш йолуш хир бу аьлла ма ду хьадисехь. Ламазна кхойкхучу хенахь, ламаз карахь, кийча хилларш буьзна бутт санна яххьаш къегина хир бу ма аьлла. Амма ламаз карахь, маьждиг чохь, ламазана кхайкхаре хьежнарш – церан яххьаш малх санна нур лепаш хир ю ма аьлла.
Азан дар (ламазана кхайкхар) мел мелехь ду?!
Делан салам хиларо ма аьлла: «Ламазна кхайкхарехь а, (жамаІат-ламазан) хьалхарчу могІарехь (мелах) дерг а нахана хаахьара, (и къуьйсуш) цу тІехь кхаж тасар бен (кхин гІоле дерг) царна карор ма дацара, цара кхаж тосур ма бара. Де дохделлачу хенахь ламазе бахарехь (мелах) дерг царна хаахьара, уьш цига хьалхаваларх къуьйсуш бевдда гІур ма бара. Пхьуьйра ламазехь а, Іуьйра ламазехь а (мелах) дерг царна хаахьара, уьш цига (жима бер санна) биълара текхна богІур ма бара».
(Аль-Бухари)
Иштта, муаззинаш (ламазана кхойкхурш) Къематдийнахь массо нахал а сийлахь хир бу аьлла цо, Делан къинхетамна массарал герга хир бу аьлла.
Азанан беркатах ду цо Делан мостагІ, шайтІа къахкор а. Хьадисехь ма ду, и кхералой, шен хуттурш вовшахъюьйлуш, татанаш деш доду аьлла. Азан ца хаза а, Къематдийнахь и хезна аьлла тоьшалла ца дан а додуш ду и мостагІ.
Цхьана къонахчо аьлла: «ХІай АллахІан Элча, баккъал а, муаззинаш (моллалла кхойкхурш) мел алсам хиларехь тхоьл тоьлуш бу-кха».

ТІаккха Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Цара эрриг ахь а ала, тІаккха хьо ваьлча, деха – лур ду хьуна».
(Абу Давуд, ан-Насаи)
Лекха волчу АллахІе деха, ахь дехнарг Цо лур ду хьуна бохург ду иза.
Ша, я кхиверг кхайкхина ваьлча, салават диллар а, Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) василат доьхуш доІа дар а мел пайдехь ду?! Делан салам хиларо ма аьлла: «Шайна кхайкхар хезча цо эрриг алалаш, цул тІаьхьа суна салават диллалаш, баккъал а, суна салават диллинарг милла велахь а, АллахІа цунна уьттазза салават дуьллу шуна, цул тІаьхьа АллахІе суна василат дехалаш, боккъал а, иза АллахІан лайх цхьанна бен хила йиш йоцуш долу ялсманин (лаккхара) дарж ду, ас и со хиларе догдоху, тІаккха суна и василат (дарж) дехнарг милла велахь а, сан шафаІат (ас Деле и вехар) хьанал ду цунна».
(Муслим)
Иштта, цо (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Шена (моллалла) кхайкхар хезча: АллахІума Рабба хІазихІид-даІва-тит-таммати, вас-салатиль-къаимати, ати Мухьаммаданиль-василата, валь-фадылата, вабІасхІу макъаман махьамуданиллези ваІадтахІу» аьлларг милла велахь а, цунна Къемат-дийнахь сан шафаІат хьанал ду».
(Аль-Бухари)
ДоІанан маьІна: «ХІай АллахІ, (Къемат-де даллалц хийцалур доцуш) дуьззина долчу хІокху кхайкхаран а, (Къемат-де даллалц ) лаьттар долуш долчу (хІокху) ламазан а Дела, Мухьаммадна василат (боху ялсаманин лаккхара дарж) а, тІехсийлахь меттиг а лохьа, Ахь шена ваІда дина хилла йолчу хастамечу макъаме а кхачавехьа иза».
Шина кхайкхарна юккъехь дина доІа, хІара вай лакхахь хьахийнарг а, и доцург а мел пайдехь ду?! Делан салам хиларо ма аьлла: «Азан дарний, къамат дарний юккъехь дина доІа юхутухуш дац». (Жоп луш ду бохург ду иза). Оха хІун деха деза тІаккха аьлла шега хаьттича, Цо аьлла: «АллахІе дуьненахь а, эхартахь а вочух шаьш лардар деха».
(Ат-Тирмизий)
«АллахІумма инна насъалукаль-Іафията фид-дунья валь-ахира» – боху доІа ду кхузахь дуьйцуш дерг.
ТІаккха раватиб ламазаш (раватибаш) дийр ду. Уьш шайн хенаш билгалйина долу суннат ламазаш ду, фарз ламазана хьалхарнаш а, тІаьхьарнаш а. Равибат ламазийн хан, хиларехь а, тиларехь а шел хьалха я тІаьхьа деш долчу фарз ламазан хенаца йогІуш ю. Раватибаш чІагІдинарш а, чІагІдина доцурш а ду.
ЧІагІдинарш – Іуьйра ламазана хьалхара ши ракаІат, делкъа ламазна хьалхара шиъ, цул тІаьхьара шиъ, маьркІаж ламазана тІаьхьара шиъ, пхьуьйра-ламазна тІаьхьара шиъ ду.
ЧІагІдина доцурш – уьш, делкъа ламазна хьалхара кхин шиъ, цунна тІаьхьара кхин ши ракаІат ду. (Рузбан-ламазан суннаташ делкъа ламазан суннаташ санна ду цу агІор диллича. Хьалха а, тІаьхьа а шишша чІагІдина а, шишша чІагІдаза а долуш).
Малхбуза ламазна хьалха диъ ракаІат ду, шишша ракаІат долу ши ламаз.
ЧІагІдинарш – уьш Делан салам хиларо даима деш хилларш ду. ЧІагІдина доцурш деш, дуьтуш хилларш ду. Уьш дерриш а мелехь ду, гІиллакхехь ду, царах хІораннан а дозалла дуьйцуш хаза хьадисаш ду, яздина дукха жайнаш ду.
ХІорш суннат хилар тІечІагІдеш ду Бухарис гучудаьккхина долу Ибн Іумаран хьадис а. Цо аьлла: «Ас Пайхмарера (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) схьэцна итт ракаІат: Делкъа ламазан хьалхара шиъ, цунна тІаьхьара шиъ, маьркІажа ламазана тІаьхьара шиъ, пхьуьйра ламазна тІаьхьара шиъ, Іуьйра ламазна хьалхара шиъ.
Кхарах уггаре чІогІа Элчанна дезаш дерг Іуьйра ламазна хьалхара ши ракаІат хилла. Цо аьлла: «ши ракаІат дуьненал а, цунна чохь мел долчу хІуманал а дика ду».
(Муслим)
Бухарис а, Муслима а дийцинчу кхечу риваятехь (дийцарехь): «Суна дерриге а дуьненал а дукха дезаш ду», — аьлла.
Делкъа ламазца долчу раватибех Делан салам хиларо аьлла: «Делкъа ламазана хьалхара диъ ракаІат а, тІаьхьара диъ ракаІат а лардинарг милла велахь а, Дала иза жоьжахатийна хьарам вина».
(Ахьмад а, и воцурш а)
Малхбуза раватибех Делан салам хиларо аьлла: «Дала къинхетам бина малхбуза ламазана хьалхара диъ диначу къонахчух». Малхбуза ламазана хьалхара шишша ракаІат долу ши ламаз ду кхузахь дуьйцуш дерг.
(Ат-Тирмизи)
Иштта кхин а, кхин а дукха хьадисаш ду кхеран а, суннат ламазах кхечеран а (тахІаджуд а, зуьхьа а, истихарат а, таравихь а, хьажат а, тавбат а, тасбихь а) хазалла, дозалла дуьйцуш.
ТІаккха фарз ламаз дехкале шолгІа кхайкхар ду – къамат дар ду иза. Иза а суннат ду хьалхарниг санна, азан санна. Азано ламазан хан тІекхаьчна хилар хоуьйту, ткъа къаматдаро — иза дІахІоттар, дІадоьхкуш хилар.
Оцу шина а кхайкхаран маьІна доккха ду, чІогІа чулацаме ду и шиъ: бусалба динан билгало гучуяккхар ду цуьнца, бусалбанаш жамаІате кхайкхар ду. Дешнаш кІеззиг делахь а, ийманан бахех ду и кхайкхар (азан, къамат). АллахІу Акбар олуш дІадолош, АллахІан Возалла, Воккхалла чулоцу цо. ТІаккха «ашхІаду ан ла илахІа иллаллахІу» аьллачохь тавхьид (Дела цхьаъ вар) гучудоккху, ширк (Делаца накъост лацар) харцдо. ТІаккха «ашхІаду анна Мухьаммадан расулуллахІи» олий, Элчанан пайхмаралла (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тІечІагІдо. Цул тІаьхьа «хьаййа Іалас-салати» олий, нах коьртачу Іибадате, ламазе кхойкху, Далла муьтІахь хиларе кхойкху, тІаккха «хьаййа Іалаль-фалахьи» олий гуттаренна а долчу декъал хиларе кхойкху.
ТІаккха юха а «АллахІу Акбар» олуш, «ла илахІа иллаллахІ» олуш, АллахІан Воккхалла а, АллахІ воцург кхин Дела цахилар а тІечІагІдо.
Къамат динчул тІаьхьа жамаІат ламазехь могІанаш дІанисдар мел хаза ду, мел мелехь ду?! Бусалба нах Далла хьалха, кІайниг, Іаьржаниг ца къестош, паччахь, мог1арера вахархо ца къестош, хьолада а, мисканиг ца къестош, цхьаъ хилла дІахІиттар ма ду цуьнца. Керста наха даима кхийкхош йолу бусалба динехь гуттара а хилла йолу нийсо а, демократи и ю-кха иза.
ТІаккха хьалхара могІа хьалха бузар мел мелехь ду?! АллахІан къинхетам хьалха хьалхарчу могІаре буссу аьлла ма ду жайнахь. Адаман гІулчех уггаре мелехь ерг, цо хьалхара могІа дІабуза яьккхинарг ю ма аьлла хьадисехь.
ТІаккха юха а нийят дар.
Нийятан дозалла вайн динехь доккха ду. Цунах цхьадерг ламаз эцар дуьйцучохь хьахийра вай.
Нийят Делаца ду, Цуьнан дуьхьа а ду, Цуьнгара а ду. Нийят динчул тІаьхьа ламазехь юьйлуш йолу ледарлонаш, хуьлуш йолу новкъарлонаш мостагІчуьнгара (дегІ а, шайтІа а) ю. Ткъа мостагІчун болх Делаца долчу нийятал тоьлар бац, иза мел боккха белахь а.
Нийят дар – ламазан арканашка (хІоттаман дакъа) хьалхара рукна ю. Нийят доцуш я ламаз, я цхьа а Іибадат хуьлуш дац.
ТІаккха ламаз доьхкуш «АллахІу Акбар» алар. Иза а лараме киртиг ю ламазехь. Іарифийнах (шен синхаамца АллахІ вевзина волу Іелимстаг) цхьаьнга хаьттина хилла, ламаз доьхкуш «АллахІу Акбар» муха ала деза, аьлла. Цо жоп делла: «Делан Сийлахь, Еза цІе йоккхуш, ахь АллахІ олуш цуьнан хьалхарчу элпаца, алифца Делан Возалла, Воккхалла хаалуш хила веза хьо. ШолгІачуьнца, лам-элп аларца Делах кхераро дІахьулван веза хьо. КхоалгІачуьнца, «хІа» элпаца хьо Далла гергахь вуйла хаадала а деза хьуна».
Жунайда аьлла: «ХІора хІуманан харжар (угаре а дикаха дерг) хуьлу, ткъа ламазан харжар – цуьнан такбийр (АллахІу Акбар алар) ду. Такбийр ламазах угаре а дика дерг ду, иза нийятца хоттаделла долу дела, иза ламаз долош долу дела».
Абу СаьІид аль-Харраз бохучо, шега ламазана хІоттар муха хила деза аьлла хаьттича, аьлла: «Къемат дийнахь хьуна а, Цунна а юккъехь талмаж воцуш хьо Лекха волчу АллахІана хьалха хІоттар санна хила деза, И хьуна тІехІоьттина лаьтташ волуш, хьо Цуьнга къамел деш волуш, хьуна Иза Возаллин а, Сийлаллин а Да вуй хууш.
Цхьаболу нах бу аьлла ду жайнахь, шаьш ламаз доьхкуш «АллахІу Акбар» аьлча, АллахІан Возаллина хьалха бешна дІабовлуш, Цуьнан Сийлалло дІахьулбеш. Царах ву тІаккха дерриге хІара дуьне шен кийра схьабоьллуш даьржинчу Делан нуьран шортонехь, гІум-аренгахь долчу кІоллин (горчица) жима хІу санна хилла дІахІуттуш верг, тІаккха тІаьххьара а цунах а паргІатволуш. И санна волчунна ламаз тІехь шайтІано новкъарло ярна кхерам бац, иза дегІан лаамо а, дуьненан сингаттамо а ламазах вохор вац. Цуьнан шовкъ йистерчу киртиган хьоле яьлча, цуьнан са Делан Возаллех хотталуш, нийят даге доьрзуш дацахьара, оцу шовкъо нийятана зен дан сахьт дацара.Амма ишттачу хьолехь, цІена долу нийят лен кийра доьссинчу Делан Возаллин нуьрехь дІатарделла хуьлу, маьлхан нуьрехь дІатарделлачу вайн дуьненах терра.
ТІаккха, «АллахІу Акбар» аьлла дихкинчул тІаьхьа, ламаз долош доьшуш «таважжухІ» олу доІа ду. «ВажжахІуту важхІий тя лиллези» бохуш долош дерг ду иза.
И доІа дешар мелехь ду. ЖамаІатехь а ша хІоьттина волуш а, хьалхаваьллачу имамана а, тІаьхьахІоьттинчу маъмумана а суннат ду и дешар. Бакъду, фатихьат деша дагахь аІузу…аьллехь, я оцу фатихьатан хьалхара аят ларалуш долу бисмилла даьккхинехь, «важжахІту» дешар суннат долчуьра дІадер ду. Фатихьат долийнехь юкъах ма даккха бохург ду иза.
ТІаккха «фатихьат» дешале «АІузу биллахІи минаш-шайтІанир-ражийм» алар мел дика ду?! Ламазехь «фатихьат» дешале и алар суннат ду. Шен Сийлахь долчу Къуръанехь, «Ан-Нахьл» суратан 98-чу аятехь, Лекха волчу Дала шаьш Къуръан дешале хьалха ала аьлла ду иза. Жайнехь уггаре чІогІа и Делан а, нехан а мостагІ, шайтІа оьгІаздохуьйтург ду аьлла иза.
ТІаккха бисмилла… шен хьалхара аят ларалуш долу фатихьат доьшур ду. Фатихьатан дозалла дийцина цаваллал доккха ду, цуьнан беркаташ дукха ду.
Ламазан коьрта рукна а (хІоттаман дакъа) ю иза. И ца дешча-м ламаз хуьлуш дац.
Делан салам хиларо ма аьлла «Фатихьатул-Китаби ца дешначун ламаз хир дац».
(Аль-Бухари, Муслим)
Фатихьатуль-Китаби бохург цуьнан сийлахь йолчу цІерах цхьаъ ю. Китаб (Къуръан) схьадоьллуш дерг бохург ду иза. Уммуль-Китаби а аьлла цуьнах. Къуръанан нана бохург ду иза. Салат (ламаз) аьлла цуьнах, кафи (кхачо йийриг) и ду, Шафи (дарба дийриг) и ду, Іаршана кІелахь йолчу хазничуьра схьаэцнарг и ду. Доллучу а Къуръанан маьІна фатихьат чуьра схьадолуш ду, цуьнга доьрзуш ду. Тавхьид цуьнца ду, Далла хастам бар цуьнца ду. ЦІена долу Іибадат цу чохь билгалдина ду, болх берриг Далла тІебиллар цу чохь хьахийна ду, Деле ниІмат (нийсачу новкъа дахар) дехар а цуьнца ду, Делан оьгІазло шайна тІехь йолчу нехан некъах а, шайн керстаналлехь тилла болчу нехан некъах а лардалар дехар а цуьнца ду.
Фатихьатал тІаьхьа догІу и цхьа дош «Амин» алар а мел пайдехь ду?! Делан салам хиларо ма аьлла: «Шух цхьамма ламазехь волуш «Амин» аьлча, стиглахь долчу малийкаша а «Амин» аьлча, тІаккха оцу шиннах цхьаъ вукхуьнца цхьаьна нислахь, цунна цо хьалха диначу къиношна гечдийр ду».
(Муслим)
Фатихьатал тІаьхьа сурат я аяташ дешар мел мелехь ду?!
Делкъан а, малхбузан а, маьркIажан а, пхьуьйран ламазашкахь хьалхарчу шина ракаІатехь а, Іуьйра ламазехь а, суннат ламазехь дерриге а ракаІаташкахь а уьш дешар суннат ду.
Ламазехь «Фатихьатана» тІаьхьа аяташ дукха мел дийши а, мелехь ду, жамаІат-ламазехь нахе ламаз дойтуш, хьалхаваьлла имам воцчунна. Дагахь хууш аяташ дукха мел дийши а, эхарт толуш ма ду, ялсманин дарж лакхадолуш ма ду. Суннат ламазашкахь аяташ дукха дешар мелехь ду, дешар дацдеш, юхадоьхкуш ламазаш дукха дарал а.
Ламаз карахь долуш дешна аяташ ламаз карахь доцуш дешначарал а деза ду, ламазехь дешнарш кхин а сов мелехь ду.
ТІаккха ламазехь рукуІ дар, сужуд дар, ирахІоттар, охьахаар мел деза ду!
Веза-Сийлахь волчу Дала стигланийн охІланна, маликашна юккъехь декъна долу Іибадат ма ду иза, вайна цхьана ламазехь гулдинарг. Делан маликех цхьадерш ма ду, Цо шаьш кхоьллинчу дийнахь дуьйна а Къематде даллалц рукуІан хьолехь, вуьйш – сужудан хьолехь, иштта ирахь лаьтташ дерш а ду, хевшина Іаш дерш ду.
Ламазехь лерина лелаш верг ша рукуІ деш, рукуІехь долчу маликан сурт хІоттош ву, сужуд деш, сужудехь долчеран сурт хІоттош ву. Ламазан массо а хьолехь иштта ву иза, ша царах волуш санна, царна юккъехь волуш санна. Иштта хІоранна а, хІокху куьцехь сих а ца луш, тем беш волчунна шен ламазехь асар хир ду, Іибадатан чам а кхетар бу, цуьнан беркат а кхочур ду.
ТІаккха, хьалагІаттарехь, охьахаарехь, хьала-охьатаІарехь «АллахІу Акбар» алар мелехь ду, суннат ду иза, рукуІера хьаланисвалар доцучохь. РукуІера хьалатаьІаш «СамиІаллахІу лиман хьамидахІу» (хезаш ву АллахІ Шена хастам беш верг) алар суннат ду. ТІаккха рукуІехь таспихьдар, кхузза «Субхьана Раббияль-Іазим» (ЦІена ву сан Воккха Дела) алар, рукуІера хьаланисвеллачохь «Раббана лакаль-хьамду» (Тхан Дела, Хьуна хастам бу) алар, сужудехь кхузза «Субхьана Раббияль-аІла» (ЦІена ву сан Лекха Дела) алар, шина сужудан юккъехь «РаббигІфир ли вархьамни» (Сан Дела, гечдехьа суна, къинхетам бехьа сох) алар суннат ду, мелехь ду.
Цул тІаьхьа ТашаххІуд (Аттахьиййат) дешар мел деза ду!? Муслима а, и воцучо а Ибн Іаббассера (Дела реза хуьлда цунна) дийцинчу хьадисехь аьлла ду: «АллахІан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тхуна Аттахьиййат Іамадора, Къуръанчура сурат Іамадарх терра. Цо олура: «Аттахьийатуль-мубаракату, Ас-салавату-тІаййибату лиллахІи, ас-саламу Іалайка аййухІан-набиййу ва рахьматуллахІи ва баракатухІ, ас-асламу Іалайна ва Іала ІибадиллахІис-салихьийн, ашхІаду алла илахІа иллалахІу, ва ашхІаду анна Мухьаммадан расулуллахІ» (Беркате маршалш, ламазаш, диках долу дешнаш (зуькар, тасбихь, доІа, Къуръан дешар) АллахІана ду. Салам хуьлда хьуна, хІай Пайхамар, АллахІан къинхетам а, цуьнан беркаташ а. Салам хуьлда тхуна а, АллахІан дикачу лайшна а. Ас тоьшалла до, АллахІ воцург кхин Дела цахиларна, иштта ас тоьшалла до Мухьаммад АллахІан Элча хиларна а).
ТІаккха Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салават диллар мел мелехь ду, къаьсттина ИбрахІиман (ИбрахІим-пайхамар, Делера салам-маршалла хуьлда цунна, юкъавалош долу) салават. «АллахІума салли Іала Мухьаммадин ва Іала али Мухьаммад, кама саллайта Іала ИбрахІима ва Іала али ИбрахІим, ва барик Іала Мухьаммадин ва Іала али Мухьаммад, кама баракта Іала ИбрахІима ва Іала али ИбрахІим, иннака Хьамидун Мажид» (ХІай АллахІ! Мухьаммадах къинхетам бехьа, Мухьаммадан доьзалх къинхетам бехьа, Айхьа ИбрахІимах къинхетам баре терра, ИбрахІиман доьзалах къинхетам баре терра, Мухьаммад декъалвехьа, Мухьаммадан доьзал декъалбехьа, Айхьа ИбрахІим декъалваре терра, ИбрахІиман доьзал декъалбаре терра. Баккъал а, хастаман хьакъверг Хьо ву, Возаллин а, Сийлаллин охІла а Хьо ву).
Хьалхарчу Аттахьийатал тІаьхьа «АллахІума салли Іала Мухьаммад» аьлла, салават диллар ламазехь кхачо еш делахь а, шолгІачу Аттахьийатан тІаьхьа «АллахІума салли Іала Мухьаммадин ва Іала али Мухьаммад» аьлча, кхачо елахь а, тІаьххьарчу Аттахьийатехь «Салаватун ИбрахІиймиййатун» (ИбрахІим-пайхамар юкъавалош долу салават) алар сийлахь ду, суннат ду иза.
Цул тІаьхьа доІа дар суннат ду. Цул сов, иза ца деш дитар – карахІат ду. Делан салам хиларо де аьлла хьахийна долу дела. Цо (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ма аьлла: «…цул тІаьхьа цо доІанах шена дукхаха дезарг хоржийла, тІаккха цуьнца доьхийла».
(Аль-Бухари)
Кхузахь деш долу доІа Элчанера (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) схьаэцначех хилар сийлахь ду. Вайн махкахь дукхах долчу хьолехь лелаш дерг хІара ду: «АллахІумагІфир ли ма къаддамату, ва ма аххарту, ва ма асрарту, ва ма аIланту, ва ма асрафту, ва ма Анта аІламу бихІи минни Анталь-Мукъаддиму ва Анталь-Муаххиру ла илахІа илла Анта». (ХІай АллахІ! Соьгара хьалха даьллачу къинна а, тІаьхьа даьллачу къинна а гечдехьа суна, ас къайлаха диначунна а, гучохь диначунна а гечдехьа суна, ас кхоам ца беш (барамал тІехдаьккхина) исрап дайинчунна а гечдехьа суна, Хьайна суначул а дика хуучунна а гечдехьа суна. Хьалхадаккха дезарг хьалхадоккхуш верг Хьо ву, тІаьхьататта дезарг тІаьхьатоттуш верг Хьо ву, Хьо воцург кхин Дела вац).
Иштта, къаьсттина, вайн мазхІабехь лелош хІара боккха чулацам болу доІа а ду: «АллахІума инни аІузу бика мин Іазабиль-къабри, ва мин Іазаби жахІаннама, ва мин фитнатиль-махьйа валь-мамати, ва мин фитнатиль-масихьид-дажжал» (ХІай АллахІ! Хьоьца ларло со кошан Іазапах а, жоьжахатин Іазапах а, вахаран массо а баланех а, валаран халонах а, Дажалан гІомаллин вуонах а). ТІаккха деган къайленаш Лекхачу АллахІана хьалха Іораяьхна, Цуьнца дагара дийцина ваьлча, ламаз достуш, маликашка а, бусалба нахе а, бусалба жинашка а маршалла хоттуш, салам далар мел деза ду! Цул сов, аьтту агІор салам далар фарз ду. Ламазан арканех (хІоттаман дакъош) тІаьххьара рукна а ю иза.
ТІаккха аьтту агІор салам даларца ламазан арканаш кхочуш хиллехь а, аьрру агІор салам далар Элчанан (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) суннат ду. Салам луш «Ас-саламу Іалайкум» аьлча, ламазан кхачо елахь а, цуьнан юьззина кеп «Ас-саламу Іалайкум ва рахьматуллахІ» аларца ю. Дуьненан а, эхартан баланех маршо а, АллахІан къинхетам а хуьлда шуна бохург ду иза.
Цул тІаьхьа саца йиш йолуш верг, оцу беркатечу меттера дІавала сих ца луш, и беркате болх юкъахбаккха ца гІерташ, зуькарна, таспихьна, доІанна тІаьхьасацар мел мелехь ду!
Лекхачу АллахІа а, Цуьнан Сийлахьчу Элчано а де баьхнарг ма ду иза. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) динарг ма ду иза.
Лекхачу АллахІа аьлла: «Шаьш ламаз кхочушдича, АллахІ хьахаве ирахь а, охьахиъна а, шайн агІонаш тІетевжина а…».
(Ан-Нисаъ: 103)
«…Фарз ламазал тІаьхьа Далла хастамбарх хІоьттина тасбихь де».
(Къаф: 40)
ХІора фарз ламазана тІаьхьа, ламаз дерзош тасбихь, зуькар, доІа дар Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннатехь лелийна ду. Уьш къайлах дешар суннат делахь а, имама нахана Іаморхьама хозуьйтуш дешарх, цхьа а новкъарло яц. Бухарис а (805-гІа хьадис), Муслима а (583-гІа хьадис) Ибн Іаббасера (Дела реза хуьлда цунна) ду аьлла, дийцинчу хьадисехь: «Наха фарз ламаз дина бевлча, зуькар деш аз айдар – Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) заманахь хилла ду», аьлла.
Делан Салам хиларо дина зуькарш, доІанаш дукха ду. Уьш дерриге а деза а, сийлахь а ду. Царех цхьадерш хІорш ду. Муслима дийцина: «Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ша ламазехь салам деллачул тІаьхьа кхоазза «АстагІфируллахІа» (АллахІе гечдар доьху ас) олура, «АллахІумма Антас-Саламу ва минкас-саламу табаракта я Заль-жалали Валь-икрами» (ХІай АллахІ! Хьо массо а кхачамбацарех маьрша ву, маршо а Хьоьгара ю, дукха хилла Хьан беркаташ, хІай, Возаллин а, Сийлаллин а Да) олура аьлла. Иштта цо (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «ХІора (фарз) ламазал тІаьхьа кхузткъе кхойттазза «субхьаналлахІи» аьлларг, кхузткъе кхойттазза «аль-хьамдулиллахІи» аьлларг, кхузткъе кхойттазза «АллахІу Акбар» аьлларг, тІаккха бІе дузуьйтуш «Ла илахІа иллаллахІу вахьдахІу ла шарика лахІу, лахІуль-мульку ва лахІуль-хьамду ва ХІува Іала кулли шайин къадир» аьлларг, милла а велахь а, цуьнан къиношна гечдийр ду, уьш хІордан чопа санна (дукха) делахь а».
(Муслим)
МаьІна: «ЦІена ву АллахІ, хастам АллахІана бу, Воккха ву АллахІ, АллахІ воцург кхин Дела вац, Ша цхьаъ ву Иза, Цуьнан накъост вац, паччахьалла а Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хІуманна тІехь ницкъ кхочуш ву».
Иштта Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Іуьйра ламаз динчул тІаьхьа, ша хиъна Іаш волуш, къамел доладале хьалха: «Ла илахІа иллаллахІу вахьдахІу ла шарика лахІу, лахІуль-мульку ва лахІуль-хьамду ва хІува Іала кулли шайин къадир» аьлларг, милла а велахь а, цунна итт дика яздийр ду, цуьнан итт вон дІадойур ду, цуьнан дарж уьттузза лакхадоккхур ду, оцу дийнахь массо а вуонах Іуналлехь хир ву иза, шайтІанах а ларвийр ву».
(Ат-Тирмизи)
ХІара тасбихь шен маьІница лакхарчунна юккъехь дийцина ду «йухьйи в йумийту» боху ши дош доцург. ХІума дендеш верг Иза (АллахІ) ву, дуьйш верг Иза ву бохург ду оцу шина дешан маьІна.
Иштта Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «ХІора ламазал тІаьхьа Аятуль-Курси дешнарг, милла велахь а, цунна ялсмани чуваха дуьхьало еш валар бен дац».

Муртазаев Сайдмохьмад