Разное

Тоба дай, кечлохьа…

ГIайгIане дуьненчохь ма ловза вели хьо,
Кхана хьайх хиндериг ца хуушшехьа,
Вайн Делан Iожалла къайлаха ю хьуна,
Тоба дай, кечлохьа, хьайн Деле верза.

ДегIана хаамаш хуьлуш ма лаьтта,
Коьртара Iаьржа чо кIайлуш ма лаьтта,
Iожаллин цу метта виллале хьалха,
Тоба дай кечлохьа, хьайн Деле верза.

Кху новкъа вели хьо, дуьнено ловзавеш,
Вузийна, Iабийна хьо паргIат ца волуш,
Масане жимаха дIавели хьо вуьсуш,
Тоба дай, кечлохьа хьайн Деле верза.

Кховдийча куьг кхочехь, Iожалла ю хьуна,
Баьккхинчу кога кIел каш-лахьта ду хьуна,
Дуьненчохь яьржина хьайн ойла гулъяй,
Тоба дай, кечлохьа, хьайн Деле верза.

Везачу Делан кхел тIекхаьчна яьлча,
Хьан бIаьргийн сирла нур гIелдала доьлча,
ТIаккха а ца кхетта хьо хIун дан воллу,
Тоба дай, кечлохьа, эхарте верза.
Вежарех ваьккхина дог эшна вити хьо,
Жималла дIаэцна, дегI эшна вити хьо,
ТIаьхьло йоцчу дуьненахь толам ца лоьхуш,
Тоба дай, кечлохьа, Эхарте верза.

Ца йинчу Iамална дилхан дог делхадай,
Хьарамче кхийдадо хьайн куьйгаш совцадай,
Хьайн бIаьргаш белхабай, вайн Далла хьасталой,
Тоба дай, кечлохьа, вайн Деле верза.

Iамалъеш, кхайкхахьа кхоьллинчу вайн Деле,
ШапаIат лахахьа сийдолчу Элчанера,
Айхьа къобал виначу устазе кхойкхуш,
Тоба дай, кечлохьа, Эхарте верза.