Вопросы и ответы по Шариату

Вопросы и ответы по Шариату

Хаттарш а, жоьпаш а шари1атца

Ц1ийнда вала а велла, ши бер долуш ша йисча, цулт1аьхьа маре йахана зуда. И ши бер шайн долчаьргахь, шайн ц1ахь дитина цо. Цул т1аьхьа хан-зама йаьллашортта, и бераш даккхий ду, и шайн нана хьалха марейаханера бохуш, бераш нене дист а ца хуьлуш, цуьнандола ца деш, шайх и нана хьоьгуйтуш бу. Цунах лацийалахьа боху. Вахар хала ду, дерриге там-товриг деш дац, доьзалш тергалбар доцуш, ас-со къовсий, ц1ийнда а, х1усамнана а вовшехдолий меттиг хуьлу, т1аккха цхьана дахар ца хуьлуш, и шиъкъаьста. Зуда кхечанхьа маре йоьдуш хуьлу, стага зуда йалош нисло. Велла йуьсий, бераш кхаба г1ерташ йоллузуда, йуха а шена зен хирдолчу некъах ларйаларан дуьхьамаре йахана меттиг хуьлу. Иштта оцу берашна эшамашдукха а хуьлу, и эшамаш царна хиллехь а, нана йолчуьрад1а ца йолу нана, доьзалш оцу нена болчара д1а ца бовлу. Нагахь санна оцу доьзалан даьхни а долуш, кхиа а кхиъна, и доьзалхо хилча, доьзалхо велча, цуьнан даьхни шарет дечухенахь, кхечанхьа марехь йелахь, оцу нанна цунах ирсдог1ур долуш ду. Цо гойту, царна йуккъера ненан гергарлодІадолуш цахилар. Уьш кхетаме а, хьекъал долуш а болчунахах дагабовлахьара, ненаца ийг1ина Іачул а. Дена-наннасуьдахо хила бакъо йац доьзалхочун, нана реза хуьлу аг1о лаха йеза доьзалхочо. Тоххара ма ца лехна цо со резавараьлла хетар ду доьзалхочунна, цуьнан хьекъал т1екхуьур дац, хаза 1елимстагах дага а ваьлла, динехь муха ду-те шенлелар аьлла ойла йича, меттах1уттур вара доьзалхо. Тесна йита бакъо йац, т1етт1 даха а деза, г1иллакх х1отто

Read More
Вопросы и ответы по Шариату

Хаттарш а, жоьпаш а шари1атца

«Нагахь санна  йа да, йа деваша, Делан новкъара гал а ваьлла, шен нах йуьхь1аьржа а латтош, вуон мел долу х1уманаш шехдуьйлуьйтуш велахь, ткъа и сацо тайпанах кхинвоккханиг ца хилча, цуьнан доьзалхочо и нуьцкъаха сацавар (йа д1авихкина, йачувоьллина) Далла гергахь бехк болуш дуй? Иштта стаг, х1уъу а аьлча а, сацалуш ца хилча, цуйуьртан къедане даккха деза и г1уллакх. Нагахьсанна, цо хьехам бича а, и нис ца лахь, цу къеданойеллачу бакъонца оцу доьзалан бакъо хир йу и стагсацо, и да велахь а. Ден хьурмат цадинарш хир бац уьш. Мелхо а и Іалашварна йал хир йу царна, цуьнан зуламах нах Іалашбарна йал а хир йу царна. Йо1 ц1ент1ера ара а йаьлла маре йоьдучухенахь урдо дуьллу-кх вай. Дуьллуш долу урдоцхьаболчара дега-нене д1ало, х1ара йо1 шуьгахьйаха йезаш йу, х1ара ахча оцу йоь1ан ду олиййуханехьа ло, цхьаболчара марзахошкахьшайгахь дуьту. Ткъа цуьнца нийсо муха хила йеза? Урдо диллар шари1атехь бехкам болуш, мах цут1ехь бан безаш важиб ду.

Read More