Общество

Некъан низам — коьрта 1алашо

Кхидолчу х1уманан санна, некъан а ду шен низам. Оцу низамах галваьлча, уггаре а хьалха хьайна а, т1аккха нахана а бохамбо ахь. Ткъа ахь и низам лардича, уггара хьалха хуьо а ларво ахь, т1аккха нах а ларбо ахь. Зуламдинарг ца хуьлу хьо т1аккха. Нагахь санна, хьо низам лардеш вацахь, хьо зуламдеш верг ву. Ишттаниг ву адамех д1ахервеш верг. Адамаша дийриг деш, адамашца дахадала деза адам долу адам. Низам талхош, адамашна хьовзамаш баха а г1ерта ца веза. Шех нах маьрша буьтуш волуш стаг дикачу аг1ор вийцина динехь а.