Пророки и посланники

Идрис-пайхамар

(Делера салам хуьлда цунна)

Веза-Сийлахьчу Дала Къуръана чохь боху: «Ахь хьахаве жайнахь Идрис, баккъал а, иза вара бакълуьйш верг а, пайхамар а. Оха иза хьалаваьккхира лакхарчу меттиге». «Маръям», 56-57.

Идрис (Делера салам хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла, Адам-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) дийна а волуш. Жима волуш дуьйна Iибадат деш, дикачу нахаца охьахуьйшуш, цаьрца цхьана хан йоккхуш а хилла иза. Адам-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) дийна а волуш 308 шарахь ваьхна Идрис (Делера салам хуьлда цунна). Шен куьйга доккхучу рицкъанах хене волуш хилла иза. Дала цунна хIума тегаран говзалла елла хилла. Уггаре а хьалха бедарш тегнарг, уьш тIеюьйхинарг Идрис-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) ву. Цул хьалха бежанийн а, уьстагIийн цIоканаш лелош хилла адамаша. Адам-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна), цул тIаьхьа цуьнан кIант Шис а (Делера салам хуьлда цунна) дIакхелхинчул тIаьхьа, Дала Идрисах (Делера салам хуьлда цунна) пайхамар вира. Дуьнен чохь угаре а хьалха къоламца йоза яздинарг, нахана яздан Iамийнарг Идрис-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) ву. Цул сов, терза озар а, хIума юстар а, седарчийн Iилма а Идрис-пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) гучудаьккхина. Шис-пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) шариIатца хьукма а деш вехаш хилла иза а, цуьнан къам а. Веза-Сийлахьчу Дала цуьнга 30 жайна доссийна. Къабилан тIаьхье жIарашна Iибадат деш а, бехк боцчу нехан цIий Iенорца лаьтта тIехь зулам даржош а хилла.Адамашна юккъехь бохамаш бар алсамдаьлча, Идриса (Делера салам хуьлда цунна), Делан пурбанца, кхидолу хьукманаш (законаш) юкъадаьхна. Доккха эскар, тIеман гIирс кечбина, Къабилан тIаьхьенах болчу нахана дуьхьал гIазотан тIом кхайкхийра цо. Идрис-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) дIакхелхинчул тIаьхьа Дала кхин пайхамар ца вохуьйтуш, еххачу заманахь дехира адамаш. Идрис-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) кхалхаран хьокъехь тайп-тайпана дийцарш даьхкина. Цхьаболчу Iеламнаха: «Оха иза хьалаваьккхира лакхарчу меттиге», – бохуш долчу Делан дешан маьIна дина: «ЙоьалгIачу стигала хьалаваьккхина иза, тIаккха саоьцучу малико саэцна цуьнан», – аьлла. Хьасан Аль-Басрис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Дала ялсамани чу вахийтина иза». Адам-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) дIакхелхинчул тIаьхьа кхин 1000 шарахь Дела цхьаъ варан Iибадатах цахедаш схьадеара адам. Бакъду, де дийне мел долу зуламаш совдуьйлуш лаьттира царна юккъехь, Нухь-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) царна ваийтталц.

ХIокху вай дийцинчух

схьалаца дезарг

1. Адам-пайхамар(Делера салам хуьлда цунна) волчу заманахь вехаш хилар бахьанехь, Идриса (Делера салам хуьлда цунна) цуьнгара хьекъал а, говзалла а Iамийна хилар.

2. Жималлехь дуьйна Iибадат деш, дикачу нахаца охьахуьйшуш, цаьрца цхьаьна хан йоккхуш иза хьалакхиъна хилар.

3. Шен куьйга даьккхина хьанал рицкъа дууш иза ваьхна хилар.

4. Уггаре а хьалха йоза яздинарг, цул тIаьхьа и дIахьехнарг Идрис-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) хилар.

5. Веза-Сийлахьчу Дала Идрис-пайхамаре(Делера салам хуьлда цунна) 30 жайна доссорца, иза дийна а волуш, ялсамани чу вахийтарца, цуьнан лерам бина хилар.

6. Терза озар а, хIума юстар а, седарчийн Iилма а Идрис-пайхамара (Делера салам хуьлийла цунна) гучудаьккхина хилар.

7. Дала хьарам дина хIуманаш лелош болчарна дуьхьал угаре а хьалха тIом кхайкхийнарг, тIеман гIирс кечбинарг Идрис-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) хилар.

     8. Цуьнан пайхамараллин коьрта Iалашо – цо адамаш Дела цхьаъ варан дине кхойкхуш хилар.

           Магомедов Рихьминин Сулиман