Разное

Динан байташ

ДоIа

Дуьненчохь деха тхо, ахь дахар делла,

Ахь тхуна кхуллушехь рицкъанаш делла.

Деллачух тоам беш, хастам беш лела,

Комаьрша тхан паччахь, Я Аллахь Дела!

Ахь бен тхох къинхетам бийр боций хаьа,

Хьо вицван дезачохь даха а ца лаьа.

Дуьненчохь тхан дахар цахиларх шера,

Ийман чохь кхалха тхо лууш ду, Дела!

Бусалба кхолларна хастам бо Хьуна,

Цул деза совгIат дац дуьненчохь тхуна.

Эхартахь юьхькIайн тхо ахь гIиттадехьа,

Тхан Iамалш къобал яй, къинхетам бехьа.

Хьо воцург деха я дала вац цхьа а,

Хьайх тешнарг жоп доцуш ца витна цхьа а.

ДоIийна жоп луш а Хьо волу дела,

Доьху Хьоь, къиношна гечдехьа, Дела!

                        Даудов Гилани

  ***

Зама йоьду Орга санна чехка.

Кхуьур вуй-те кхин цхьа ламаз дехка?

Цу тIехь ойланаш тIегульян Iама,

Кхуьур вуй-те кхачаяле зама?

    ***

Къиношна гечдаре сатуьйсуш

Хир ю вайн кхане,

Мийзанан терзанахь

Iамалш узучу меттехь.

Гур ю-кха вай кхоьруш

Хилла и маьхьшаран аре,

Дуьненчохь диначух жоп доьхуш,

Кхойкхур ду вай девне.

                              Хизриев Адам

Iожалла

Iожалла ваша вац, цхьа а хержац цо.

Ткъес хилла кхочу и ца ешшехь терго,

Гергарчех, безачех хьегадеш вай,

ЦIеххьана дIахеда дахаран тай.

Йолийначохь бIов юсу, биллаза цIурко.

И юьсу дай кхелхий, замано херцо.

Хьолада ца вуьту, хиларх токх гай,

Дешех цо кхелинехь уьйтIара бай.

Хилазза лаппагI го тхов биъна дарцо,

Дай белла, есалло хьарчийна марчо.

Мисканиг а ца вуьту, лайннашехь къахь,

Текхорах мел веха къизаллин мохь.

Цуьнца барт ца бало кховдийча деший,

Сутар яц бахамна, схьаэцац даьхний.

Цуьнца ду шен даржехь нийсонан терза,

Массеран а дезар ду цуьнан куьпа дерза.

Инуркаев Сулейман