Юсуф-пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)
ЯIкъуб-пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) шийтта кIант хилла. Юсуф а, Биньямин а цхьана нанас вина хилла, шен цIе Рахьийл йолчу. Бисинчарах ялх ваша цхьана нанас вина хилла, виъ ваша шина гIарбашо вина хилла. Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) царах уггар сийлахь верг а, везаниг а вара. ЯIкъубана (Делера салам хуьлда цунна) Юсуф а, Биньямин а чIогIа дукхавезара. И бахьанехь бисинчу вежарша хьагI лецира цуьнца. Шен берех цхьадерш вукхарал алсам дезар къа долуш хIума дац, амма вайн Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) оцу балхах ларло аьлла вайга, цара вовшашца хьагI лацарна кхерам болу дела. Шен шийтта шо кхаьчначул тIаьхьа, Юсуфна (Делера салам хуьлда цунна) тамашийна гIан гира, стиглара седарчаша, малхо а, батто а шена сужда деш; цо иза шен дега ЯIкъубе (Делера салам хуьлда цунна) дийцира. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Юсуфа ма элира шен дега (ЯIкъубе): «ХIай сан да‚ суна гина (гIенах) цхьайтта седа а‚ малх а‚ бутт а; суна гина уьш сайна сужда деш» («Юсуф», 4).
Цунна гина болу цхьайтта седа – цуьнан цхьайтта ваша вара, малх а, бутт а – цуьнан да-нана дара. Цо (ЯIкъуба) элира: «ХIай сан жима кIант‚ и хьайна гинарг (гIан) ма дийцалахь хьан вежаршка – хьуна мекарло йийр ю цара. Баккъал а, шайтIа билггал адаман мостагI ду. Иштта хьан Дала хоржур волуш ву хьо‚ хьуна Iамор долуш ду Цо гIенаш тидар‚ хьуна а, ЯIкъубан доьзална а Шен ниIмат кхочушдийр долуш ду Цо‚ Ша хьалха хьан дайшна – ИбрахIимна а‚ Исхьакъна а кхочушдина хиларе терра. Баккъал а, хьан Дела Хууш верг а‚ массо хIума нийса деш верг а ву» («Юсуф», 5-6).
ХIара дийцар Дала дуьйцу, хоьттуш болчаьрга цунах масал эцийтархьама. Жуьгташа Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дехна хилла, Юсуф-пайхамарх (Делера салам хуьлийла цунна) лаций шайна дийцахьара аьлла, тIаккха Дала цунах лаьцна Къуръанан дуьззина сурат доссийра. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Баккъал а, Юсуфехь а, цуьнан вежаршкахь а билгало яра хоьттучарна. Цара (вовшашка) элира: «Юсуф а, цуьнан ваша а (Биньямин) вайл дукхавеза вайн дена, ткъа вай цхьа тоба ма ю, баккъал а, и вайн да билггалчу тиларчохь ву-кх» («Юсуф», 7-8).
Уьш вовшашца дагабевлира, церан оьгIазло а, Юсуф цавезаран хьагI а совъелира, иза вен бен ойла йоцуш. Цара элира: «Юсуф ве я цхьана (кхечу) махкахь дIакхосса – шун ден юьхь шуна тIейоьрзур ю, шу хир ду цул тIаьхьа дика нах».Царах олучо элира:«Юсуф ма ве, кIоргачу гIу чу кхосса иза, и ца дича шаьш Iаш дацахь – цхьаболчу новкъа боьлхучу наха схьавоккхур ву иза» («Юсуф», 9-10).
Оцу балха тIехь барт хилира церан, тIаккха шайн да волчу бахара уьш. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Цара элира: «ХIай тхан да! Ахь хIунда ца вуьту Юсуф тхох тешна‚ тхо цунна хьехамчаш ма ду! Ваийтахь и тхоьца кхана шен самукъадаккха а‚ ловза а‚ оха и Iалашвийр ву» («Юсуф», 11-12).
ЯIкъуб-пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) царна жоп делира, цхьана сохьтана а Юсуфах (Делера салам хуьлда цунна) къаста хала ду шена, шу гIопал а хилла, иза барзо ваарна кхоьру ша, аьлла. Берзалой дукха йолуш мохк хилла иза. ЯIкъуб-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) реза хиллалц дехарш дира цара, шаьш Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) ларвийр ву, бохуш. Юсуф (Делера салам хуьлда цунна)вига а вигна, гIу чу кхоьссира цара. Суьйранна белха а боьлхуш цIа баьхкира уьш, цуьнан коч йохьуш, цунна тIе цIий а хьаькхна. Шайн дега, Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) барзо виъна, элира цара. ЯIкъубана (Делера салам хуьлда цунна) хиира уьш харцлуьйш хилар. Куча тIе а хьаьжна, цо цаьрга элира: «Ма къинхетаме борз хилла иза, коч а ца ятIош, сан кIант виъна йолу». Веза-Сийлахьчу Дала боху:«Уьш баьхкира цуьнан (Юсуфан) куча тIехь харц цIий долуш. Цо (ЯIкъуба) элира: «Шун синоша цхьа гIуллакх хаздина шуна. Собар дар дика ду-кх», АллахI ву-кх аш хIотточу суьрта тIехь Шега гIо деха хьакъ верг» («Юсуф», 18).
Мадъян махкара Мисара (Египет) йоьдуш йолу къепал кхечира гIу тIе. Цара шайна мала хи эца гIу чу чийлак кховдийча, Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) оцу тIе кхозавелла хьалавелира. Цуьнан оцу хенахь 12 шо хилла. Шаьш Мисара дIакхаьчча, Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) воьхкира цара цигахь волчу министарна. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Мисарара и ша эцначо шен зудчуьнга элира: «Хазделахь цуьнан Iар-вахар (вайн хIусамехь)‚ вайна пайда бан мега цо‚ я вай цунах вайна кIант вийр ву» («Юсуф», 21).
Юсуф (Делера салам хуьлийла цунна) воккха хилча, Дала цунна кхетам а, гIенаш тидаран хаар а делира. Веза-Сийлахьчу Дала боху:«Иза гIеметта хIоттинчу хенахь, Оха цунна кхетам а‚ Iилма а делира. Иштта бекхам бо Оха дика деш болчарна» «Юсуф», 22.
Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) Дала шена хаза куц делла вара. Вайн Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Дала стигала ваьккхинчу буса Юсуфна (Делера салам хуьлда цунна) дуьхьал кхийтира, цо цунах лаьцна элира: «Баккъал а, дуьненан хазаллех ах (Дала) шена елла вара иза». Цуьнан хазалла шена гуш йолчу Зулайхас Юсуфна (Делера салам хуьлда цунна) шен дагара хаийтира. Цхьана дийнахь неIарш дIа а къевлина, шеца зина де аьлла хьовзийра иза Зулайхас. Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) реза цахилира, цо элира:«АллахIа ларвойла! (муха хир ву со ямарт) Баккъал а, иза (хьан хIусамда) сан эла ву‚ цо сан Iар-вахар хаздина‚ баккъал а, ирсе хир бац зуламхой» («Юсуф», 23).
Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) неIарна тIехьаьдира‚ тIаьхьаяьллачу Зулайхас цуьнан коч тIехьахула катоьхна ятIийра.ТIаьххьарчу неIарна тIекхаьчча, цаьршинна дуьхьал кхийтира цуьнан эла. Кхераеллачу Зулайхас Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) бехке вира, и шена ямарт хила гIоьртина, аьлла. ТIаккха, Делан лаамца, агана чохь долчу беро тоьшалла дира: «Нагахь санна цуьнан коч хьалхахула ятIийна елахь – иза (Зулайха) бакълуьйш ю‚ ткъа иза (Юсуф) харцлуьйчарах ву. Нагахь санна цуьнан коч тIехьахула яьтIийна елахь – иза (Зулайха) харцлуьйш ю‚ ткъа иза (Юсуф) бакълуьйчарах ву» («Юсуф», 26-27).
Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) бехке цахилар гучуделира царна тIаккха. Шахьарахь болчу зударшна юкъахь эладита даьржира, Зулайхас шен хIусамехь волчу кIантана дагара хаийтина, бохуш. Цара ша бехке еш хабарш дуьйцуш хилар шена хиъча, Зулайхас цхьана дийнахь ша йолчу хьошалгIа кхайкхира уьш. Царна хьалха стоьмаш бехкина, хIора зудчун кара урс а делла, Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) схьакхайкхира Зулайхас. Цуьнан хазаллех цецбевлла, шаьш хIун леладо а цахууш, цара шайн куьйгаш а хедийра,шаьш олуш: «ХIара адам дац! ХIара сийлахь малик ду!» («Юсуф», 31). ТIаккха Зулайхас элира: «И ву-кх шуна аш суна шен хьокъехь бехкаш бехкинарг! Ас цунна дагара хаийтира – иза чIогIа ларвелира. Ас шега омра дийриг цо ца дахь‚ набахти чу вуллур ву иза» («Юсуф», 32).
Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) везавелира царна, цкъа бен шайна иза гина воццушехь; Зулайхас хьайга де бохучунна реза хила хьо, элира цара цуьнга. ТIаккха Юсуфа (Делера салам хуьлда цунна) Деле доьхуш доIа дира:«ХIай сан Дела, набахти дукха ма еза суна, цара соьга де бохучул а». («Юсуф», 33).
Дала цуьнан доIина жоп делира, Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) цхьана ханна набахти чувоьллира цара. ВорхI шарахь бехк боцуш набахтехь лаьттира иза. Мисарахь волчу паччахьна тамашийна гIан дайра, берстина ворхI етт озачу ворхIамма бууш‚ баьццара ворхI кан а‚ важа ворхI канн а бакъабелла болуш. Шена гина гIан тида элира цо гIан туьдуш болчаьрга. Цара жоп делира, ийна гIенаш ду хьуна гинарш, иштта гIенаш тида хууш дац шаьш, аьлла. Юсуфца (Делера салам хуьлда цунна) цхьана набахти чохь лаьттинчу паччахьан чагIар доккхучо чIагIдира, шена вевза и гIан туьдур верг, аьлла. Набахтехь волчу Юсуфе (Делера салам хуьлда цунна) дийцира цо паччахьна гина гIан, и туьдуш Юсуфа (Делера салам хуьлда цунна) цуьнга элира: «ВорхI шарахь тIеттIа дика ялта дуьйр ду аш‚ шаьш гулдинарг – иза кена чохь диталаш, шаьш дуучух цхьакIеззиг доцург. Цул тIаьхьа хала (йокъа йолуш) ворхI шо догIур ду, цара дуур ду аш царна хьалха кечдинарг, аш Iалашдеш долчух цхьакIеззиг доцург. Цул тIаьхьа цхьа шо догIур ду‚ шена чохь нахана дика догIа доьлхур долуш‚ шена чохь цара (стоьмех) мутт доккхуш» («Юсуф», 47-49).
ЧагIардоккхучо паччахье и дийцича, цо ша волчу Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) схьавалаве,элира. Ша волчу геланча веача, Юсуфа (Делера салам хуьлда цунна) цуьнга элира: «Хьайн эла волчу юха агIой‚ ахь цуьнга хатта: «Шайн куьйгаш хедийначу зударех хIун хилла? Баккъал а, сан эла церан мекарлонаш хууш ма ву» («Юсуф», 50).
Паччахьа таллам бича, цунна хиира Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) бехк боцуш чувоьллина хилар. Зулайхас мукIарло дира, ша яра цунна дагара хаийтинарг, ткъа цуьнан цхьа а бехк бац, аьлла. Паччахьа Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) шена тIевалаве, элира. Цуьнца шен къамел хилча‚ цо элира: «Хьо тахана тхуна гергахь доккха дарж долуш а‚ тешаме верг а ву» («Юсуф», 54).
Юсуфан (Делера салам хуьлда цунна) лаамца паччахьа иза лаьттан хазнина тIехIоттийра. ВорхI шо деара догIанаш догIуш, дIадийна ялта дика кхуьуш. Цул тIаьхьа Мисарахь а, кхийолчу меттигашкахь а йокъа хIоьттира. Массо а меттигашкара нах ялта эца богIуш хилла Мисара. Юсуфан (Делера салам хуьлда цунна) вежарий а баьхкира цига ялта эца, цунна уьш бевзира, амма царна и ца вевзира. Цаьрга хаьттира цо, кхин цхьа а ваша вуй шун, аьлла. Цара жоп делира, дена вина ваша ву, аьлла. Царна ялта доьхкина, уьш дIабохуьйтуш, Юсуфа (Делера салам хуьлда цунна) цаьрга шайн дена вина ваша валаве, элира. Нагахь и ца валавахь, шуна ялта духкур дац ша, элира цо. Шаьш цIа баьхкича, шайн дега ЯIкъубе (Делера салам хуьлда цунна) дийцира цара паччахьа шайга аьлларг. Биньямин шайца ваийтахьара аьлла, дехар дира цара шайн дега. ЯIкъуба (Делера салам хуьлда цунна) царна жоп делира, ша Биньямин воуьйтур ву шуьца, аш Делаца чIагIо ца яхь, шаьш дийна а, маьрша а долуш иза цIа ца валош вуьтур вац‚ аьлла. Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) волчу уьш баьхкича, цо шен ваша маравоьллира, ша цуьнан ваша вуй хаийтира. Иза ша волчохь сацон ойла хилира цуьнан. Церан тIоьрмигаш чу кIа духкучу хенахь, Биньяминан тIоьрмига чу ялта дустуш болу дашо кад биллийтира цо. Уьш новкъабевлча, царна тIаьхьа мохь тоьхна, шу къуй ду, элира. Церан тIоьрмигаш чу хьаьжначул тIаьхьа, Биньяминан тIоьрмига чуьра хьалабаьккхира дашо кад. Иштта Дала аьтто бира Юсуфан (Делера салам хуьлда цунна) шен ваша ша волчохь сацон. Шайн дега ЯIкъубе (Делера салам хуьлда цунна) шаьш йина чIагIо дагаеана, цара дехар дира, цуьнан метта шайн юкъара цхьаъ лацахьара, аьлла. Юсуфа (Делера салам хуьлда цунна) шайн дехарна жоп ца делча, догдиллина дIабахара уьш. Хьан кIант Биньямин къола дар бахьанехь схьалаьцна, элира цара шайн дега. ЯIкъуба (Делера салам хуьлда цунна) цаьрга элира: «ХIаъ! Шун синоша цхьа болх хазбина шуна. Собар дар дика ду-кх» («Юсуф», 83).
ТIаккха царна къайла а ваьлла, чIогIа вилхира иза, шен гIайгIа-бала Деле балхош. Цул тIаьхьа цо элира: «ХIай сан кIентий! ДIагIо‚ Юсуфах а, цуьнан вешех а лаьцна таллам бе. Делан къинхетамах дог ма дилла. Баккъал а, Делан къинхетамах догдуьллур ма дац, Делах ца тешачу къомо бен» («Юсуф», 87).
Шаьш Мисара кхаьчча, Юсуф (Делера салам хуьлийла цунна)волчу бахара уьш.Цара цуьнга балхам бира, шайга хало, мацалла кхаьчна, аьлла. Юсуфе (Делера салам хуьлда цунна) шайна сагIина ялта лахьара аьлла, дехар дира цара. ТIаккха Юсуфа (Делера салам хуьлда цунна) цаьрга элира: «Шаьш Юсуфна а, цуьнан вешина а динарг хаий шуна‚ шаьш жехIил долуш?» («Юсуф», 89).
Вежаршна хиира, иза шайн ваша Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) вуйла, цара элира: «Баккъал а, Юсуф ву хьо?!» Цо царна жоп делира: «Со Юсуф ву, хIара сан (нанас вина) ваша а ву. Дала къинхетам бина тхох. Баккъал а, Делах кхоьруш верг а‚ собар деш верг а (Дала Iалашво), баккъал а, Дала ца эшайо дикадечеран ял» («Юсуф», 90).
Юсуфа (Делера салам хуьлда цунна) дIабахийтира уьш, шайн берриг а доьзалш балош ша волчу схьадуьйла, аьлла. Цо шеен коч а яхьийтира цаьрга, шен ден юьхьа тIе хьакха и, цунна бIаьрса юхадогIур ду, аьлла. Цара Юсуфан (Делера салам хуьлда цунна) коч шайн ден юьхьа тIе хьаькхча, цуьнан бIаьрса юхадеара. ТIаккха уьш берриге а Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) волчу баьхкича, шен да-нана мара а къевлина, цо элира: «Чоьхьа довла Мисарна‚ Дала мукъ лахь‚ маьрша а долуш!» («Юсуф», 99).
Шен да-нана паччахьан гIанта тIе охьа а хаийна, уьш цунна суждане бахара. ТIаккха Юсуфа (Делера салам хуьлда цунна) элира: «ХIай сан да, хIара ду-кх суна хьалха гинчу гIенан тидар‚ сан Дала бакъдина иза. Цо суна дика дина, со набахти чуьра араваккхарца‚ гIум-арара шу схьадалорца, шайтIано суна а, сан вежаршна а юкъа дов тесначул тIаьхьа. Баккъал а, сан Дела тIех Къинхетаме ву-кх Шена луучуьнца. Иза хууш верг а ву‚ хьукма нийса деш верг а ву» («Юсуф», 100).
Юсуфа (Делера салам хуьлда цунна) дуьнен чохь баккхий баланаш лайра, цул тIаьхьа доккхачу дарже а кхечира иза. И дерриг а хьелаш шега кхаьчча, Везчу Деле ша ийманехь а волуш валийтар дийхира цо: «Сан Дела‚ баккъал а, Ахь паччахьалла а делла суна‚ Ахьа суна гIенаш тидар а Iамийна. ХIай стигланаш а, латта а Кхоьллинарг! Хьо ву-кх сан доладийриг дуьненахь а‚ эхартахь а‚ дIакхалхавехьа со бусалба волуш‚ дIатохахь со дикачу нахах!» («Юсуф», 101).
Магомедов Рахьман Сулиман