ХьаьжцIа (КаIбат) догIар
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Баккъал а, нахана (Iибадат дан) угаре а хьалха доьгIна цIа Баккахь (Маккахь) дерг ду, Iаламашна беркате долуш, нийса некъ а болуш («Алу Iимран», 96).
ИбрахIим-пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) ша Макка веана волуш, шен кIанте ИсмаьIиле (Делера салам хуьлда цунна) элира: «ХIай сан кIант! АллахIа цхьана балхаца омра дина соьга». ИсмаьIила (Делера салам хуьлда цунна) жоп делира: «ХIай сан да! Дала хьайга дина омра кхочушде ахь». ТIаккха ИбрахIима (Делера салам хуьлда цунна) цуьнга хаьттира, оцу тIехь шена гIо дийр дуй ахь, аьлла. Шена иза хIун ду а ца хууш волчу ИсмаьIила (Делера салам хуьлда цунна) жоп делира, Дала хьоьга омра дина хилча, ша гIо ца деш муха Iийр ву, аьлла. ТIаккха ИбрахIима (Делера салам хуьлда цунна) шен кIанте элира: «Баккъал а, АллахIа соьга омра дина, хIокху меттехь нахе Шена Iибадат дайта цIа догIа, аьлла». Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Оха ИбрахIимна ХьаьжцIа догIа меттиг билгалйина хан хьахае ахь, (Тхаьш олуш): «Соьца накъост ма лацалахь цхьана а хIуманца, Сан цIа (КаIбат) цIанде ахь (тIаваф деш) гуо боккхучарна а, Iибадат (иIтикаф) деш чохь сецна болчарна а, руку1е, сужуде баханчарна а (ламаз дечарна)» («Аль-Хьадж», 26).
Дала шайн меттиг билгалйича, Ибрах1им-пайхамара (Делера салам хуьлда цунна), цуьнан к1анта Исмаь1ила а (Делера салам хуьлда цунна) хьаладотта долийра Хьажц1а. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Ибрах1има, Исмаь1ила а Хьаьжц1ийнан баххаш ойбу хан хьахае ахь, (Деле доьхуш): «Х1ай тхан Дела! Къобалде Ахь х1ара (г1ишло яр) тхоьгара, баккъал а, Хьо ма ву Хезаш верг, Хууш верг («Аль-Бакъарат», 127)
Цул тIаьхьа цаьршимма Деле дийхира, шаьшшиъ а, шаьшшиннан доьзал а Цунна муьтIахь хилийтар, Iибадат дарехь шаьшшиъ нисвар. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «ХIай тхан Дела! Тхойшиъ Хьайна муьтIахь вехьа, тхан тIаьхьенах а Хьайна муьтIахь долу уммат де Ахь, оха (ХьаьжцIахь) дан дезачу Iибадатан бакъонаш гайта Ахь тхуна, тхуна гечдехьа, баккъал а, Хьо ма ву Гечдеш верг, Къинхетаме верг » («Аль-Бакъарат», 128).
ИбрахIима, ИсмаьIила а (Делера салам хуьлда цаьршинна) оганаш хьаладуттучу хенахь, соне билла тIулг хьаштхилира цаьршинна. Веза-Сийлахьчу Дала ялсаманера тIулг бохьуш, Джабраил-малик (Делера салам хуьлда цунна) даийтира. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен хьадисехь дийцина, иза чIогIа кIайн бос болуш тIулг бара, аьлла. Адам-пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) тIаьхьено летош долу къинош тIеэцар бахьанехь, жим-жима Iаржлуш, Iаьржа тIулг хилла цунах. Оганаш лакха хьаладевлча, ИбрахIима (Делера салам хуьлда цунна) шен кIанте ИсмаьIиле (Делера салам хуьлда цунна) шена тIехIотта боккха тIулг баийтира. Берзинчу когашца иза оцу тIулга тIеваьлча, цуьнан ши ког тIулга чу боьссира, оцу тIехь лараш а юьтуш. ИбрахIим-пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) макъам (меттиг) аьлла, цIе тиллира цунна. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Аш лаца ИбрахIиман макъамах (иза тIехIоьтттина лаьттинчу тIулга тIехьа) ламаз дан меттиг» («Аль-Бакъарат», 125).
Цундела ХьаьжцIа баханчу наха шаьш КаIбатна ворхI гуо баьккхина бевлча, тIаваф даран ши ракаIат суннат ламаз до оцу тIулгана тIехьа. ХьаьжцIа доьгIна даьлча, Делера омра деара, ийман диллинчу нахана тIехь ХьаьжцIа бахар фарз хилар хоуьйтуш. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Нахана тIехь важиб ду — АллахIан дуьхьа ХьаьжцIа бахар, цига новкъа дIасабаха ницкъ кхачахь (некъ маьрша белахь, могашалла елахь, шена а, цIахь буьсучу шен доьзална а тоам беш кхача белахь)» («Алу Iимран», 97).
Цул тIаьхьа Дала омра дира ИбрахIим-пайхамаре (Делера салам хуьлда цунна), нахе ХьаьжцIа дуьйла але кхайкхам бе, аьлла. ТIаккха ИбрахIим-пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) Iарафат лома тIе хьала а ваьлла, мохь туьйхира: «ХIай нах! Дала шуна Iибадат дан цIа доьгIна, Цо шуна важиб дина цига дахкар, шайн Делан омра кхочушде аш». Шен юхь Малхбалехьа, Малхбузехьа, Къилбехьа, Къилбасдехьа ерзош, кхайкхам бира цо. Дала цуьнан аз хазийтира дуьнен чохь болчу берриге а нахана, цул совнаха — церан дегнаш чу ХьаьжцIа (КаIбат) дезар а диллира Цо. Азаллехь Дала шаьш ХьаьжцIа гIур бу аьлла яздинчеран синоша жоп делира цунна, шаьш олуш: «Лаббайкалло́хIумма лаббайка (ХIай АллахI, Хьан омранна муьтIахь ду тхо, и кхочушдан кийча ду тхо)». Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Ахь нахе кхайкхам бе, ХьаьжцIа дуьйла алий, тIаккха уьш богIур ма бу гIаш а, хIора гIелъеллачу эмкална тIехь а генахь йолчу ерриге а меттигашкара» («Аль-Хьадж», 27).
Дала шега кхайкхам бе аьлча, ИбрахIим-пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) аьлла хилла: «ХIай сан Дела! Сан аз массо нахана хезар ма дац». ТIаккха Дала цуьнга аьлла: «Хьан декхар – кхайкхам бар ду, и дIакхачадар – Тхан декхар ду». Веза-Сийлахьчу Делан пурбанца, дуьнен чохь мел йолчу шахьаршкара ХьаьжцIа бахка, цуьнан лерам бан буьйлабелира нах. ИбрахIим-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) вазвира Дала, цуьнга итт жайна а доссийра Цо. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «АллахIа ИбрахIимна Ша дукхавезар делира» («Ан-Нисаъ», 125).
ИсмаьIилан (Делера салам хуьлда цунна) нана ХIажар ИбрахIимал (Делера салам хуьлда цунна) хьалха дIакхелхира, иза Маккахь дIайоьллира цара. Цул тIаьхьа ИбрахIиман (Делера салам хуьлда цунна) зуда Сарат дIакхелхира, шен 127 шо долуш. ИбрахIим-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) шен 175 шо кхаьчча дIакхелхира, цуьнан шина кIанта ИсмаьIила а, Исхьакъа а дIавоьллира иза Саратна уллехь, Хьаброн цIе йолчу меттехь.