ФАРЗ ЛАМАЗАШ
ХIора бусалба стагана тIехь ду, цхьана дийнахь-буса пхи фарз ламаз дар. И хIора ламаз шен-шен хенахь деш ду.
1) Хьалхарниг – 2 ракаIатехь долу Iуьйра ламаз ду (ши Бисмилла, цхьа Этхьиг). Оцу ламазан хан Iуьйранна малх кхетале йолу хан ю. Iуьйра ламазехь ший а Бисмилла чIогIа доьшур ду. Iуьйра ламаз иштта дийр ду:
ДегI нисдеш, ши ког къилбехьа берзийна, цхьа ша хиллал барамехь дIасабохуьйтуш дIахIуттур ву. «Ас нийят ди, сайн фарз ши ракаIат Iуьйра ламаз Далла дан», – аьлла, нийят деш, ши куьг хьалаайдина Алло́хIу Акбар аьлла, ламаз доьхкур ду. Ши куьг (аьтту куьг тIехула долуш) некха кIела а дуьллуш, ша суждане гIур волчу метте хьоьжуш волуш, лахарчу озехь таважжухI доIа дешар суннат ду, цул тIаьхьа оццу озаца АIу́зу билла́хIи минаш-шайтIо́ниррожи́м, аьлла, шена хезачу барамехь аз ойуш, Бисмилла (Фатихьат) доьшур ду. (Амма зудчо, хийрачу божаршна хезачохь ламаз деш иза елахь, Бисмилла аз лахдина доьшур ду).
«Бисмилла́хIиррохьма́ниррохьи́м.
Альхьамду лилла́хIи
роббиль-Iа́лами́н,
Аррохьма́ниррохьи́м,
Ма́лики йавмидди́н.
Иййа́ка наIбуду ва иййа́ка настаIи́н.
ИхIдинас-сыро́тIоль-мустакъи́м,
Сыро́тIоллази́на анIамта IалайхIим, гIойриль-магIду́би IалайхIим валаддо́лли́н. (А́ми́н)».
Фатихьатан маьIна:
АллахIан цIарца, Къинхетаме, Къинхетам бийр болуш Волчу.
Iаламийн Да Волчу АллахIана хастам бу.
Къинхетаме, Къинхетам бийр болуш Волчу.
Къематдийнан Паччахь Волчу.
Хьуна Iибадат до оха, Хьоьга гIо доьху.
Нийсачу новкъа нисдехьа тхо.
Айхьа ниIмат деллачеран некъа дигахь тхо, ма дигахь тхо Айхьа оьгIазло йинчеран, тилабеллачеран новкъа.
И дешна ваьлча, шена хуучех Къуръанан сурат я аяташ дешар суннат ду.
Цул тIаьхьа, ши куьг юха хьалаойбуш Алло́хIу Акбар олуш, рукуIе гIур ву (куьйгийн пIелгашца когийн голаш лоцуш, букъ, ворта лаьттаца пурхнехьа нисъеш, охьатаIар). Оцу рукуIехь тем беш, ша сужда дийр долчу меттиге (корта тухучу) хьаьжна волуш, кхузза «Субхьа́на роббияль-Iазы́м(ЦIена ву Сийлахь волу сан Дела)» эр ду. Цул тIаьхьа, ши куьг ойбуш, СамиIалло́хIу лиман хьамидахI олуш, рукуIера хьаланислур ву. Хьаланисвеллачохь тем бина (пауза), Алло́хIу Акбар олуш, хьалха шина коган голаш, тIаккха куьйгаш лаьтта дохкуш суждане гIур ву. Сужданехь ворхI меженна тIевазлур ву (хьаж-мара, ши куьг, шина коган голаш, шина кога пIелгийн геш). Ши куьг, пIелгаш герга хьабдина долуш, белшашна дуьхьал лаьтта диллина хилар суннат ду. Пхьаьрсаш агIонех цахьакхалучу барамехь, дегIана херадаьхна долуш, гай варех ца хьакхадолуьйтуш сужда дар суннат ду. Амма зудчо, пхьаьрсаш дегIана тIеоьзна (стага санна меженаш ца яржош) дийр ду сужда. Сужданехь тем беш, кхузза «Субхьа́на роббияль-аIла́ (ЦIена ву, Веза-Сийлахь волу сан Дела)» аьлла, Алло́хIу Акбар олуш, охьахуур ву. Охьахиъча, тем беш, «РоббигIфир ли́ вархьамни́ (Сан Дела, гечдехьа суна, къинхетам бехьа сох)» эр ду.
Юха а (шозлагIа) Алло́хIу Акбар олуш, суждане гIур ву, цигахь (тем беш) а кхузза «Субхьа́на роббияль-аIла́» эр ду. Сужданера охьахаарца жимма соцунгIа а хуьлуш, Алло́хIу Акбар олуш, ирахIуттур ву. Ирахь волуш, хьалха санна, шолгIа Бисмилла дешна, рукуIе ваханчуьра хьаланисвелча ши куьг лаьцна, шена хезачу барамехь аз ойуш, махIдин доьшур ду:
«Алло́хIуммахIдини́ фи́ман хIадайта, ва Iа́фини́ фи́ман Iа́файта, ва таваллани́ фи́ман таваллайта, ва ба́рик ли́ фи́ма́ аIтIойта, ва къини́ шарро ма́ къодойта, фа иннака такъды́ вала́ юкъдо́ Iалайка, ва иннахIу ла́ йазиллу мав-ва́лайта, вала́ йаIиззу ман Iа́дайта, таба́рокта роббана́ ва таIа́лайта, фа лакаль-хьамду Iала́ ма́ къодойта, ва лакаш-шукру Iала́ ма́ хIадайта, астагIфирука ва ату́бу илайка. Алло́хIумма ахрижни́ минад-дунйа́ маIаль-и́ма́ни, ва соллалло́хIу таIа́ла́ ва саллама Iала́ хойри холкъихIи́ Мухьаммадив-ва Iала́ а́лихIи ва асхьа́бихIи́ ажмаIи́н».
Цул тIаьхьа сужданаш дийр ду. ТIаьххьара сужда дича, охьахиъна, шена хезачу барамехь аз ойуш, Этхьиг доьшур ду: «Аттахьиййа́туль-муба́рока́тус-солава́тут-тIоййиба́ту лилла́хIи. Ассала́му Iалайка аййухIаннабиййу ва рохьматулло́хIи ва барока́тухI. Ассала́му Iалайна́ ва Iала́ Iиба́дилла́хIис-со́лихьи́н. АшхIаду ал-ла́ ила́хIа иллалло́хIу ва ашхIаду анна Мухьаммадар-росу́лулло́хI. Алло́хIумма солли Iала́ Мухьаммадив-ва Iала́ а́ли Мухьаммадин кама́ соллайта Iала́ Ибро́хIи́ма ва Iала́ а́ли Ибро́хIи́ма, ва ба́рик Iала́ Мухьаммадив-ва Iала́ а́ли Мухьаммадин кама́ ба́рокта Iала́ Ибро́хIи́ма ва Iала́ а́ли Ибро́хIи́ма филь-Iа́лами́на. Иннака хьами́дум-мажи́д».
Этхьиган маьIна:
Лерамаш, беркаташ, ламазаш, дика Iамалш, дешнаш а АллахIана ду. Маршо хуьлийла хьуна, хIай Пайхамар, АллахIан къинхетам, Цуьнан беркаташ а хуьлийла хьуна. Тхуна а, АллахIан дикачу лешна а хуьлийла маршо. Аса тоьшалла до, АллахI воцург, Дела вац аьлла, Мухьаммад – Делан Элча ву, аьлла. Я АллахI, Мухьаммадах (иза вазварца), Мухьаммадан доьзалх а къинхетам бехьа, Айхьа ИбрахIимах, ИбрахIиман доьзалх а къинхетам ма-барра. Я АллахI, Мухьаммадна, Мухьаммадан доьзална а беркат дехьа, Айхьа ИбрахIимна, ИбрахIиман доьзална а беркат ма-дарра Iаламашкахь. Баккъал а, Хьо Хастаме, Сийлахь ву.
Этхьиг доьшуш, куьйгаш когийн голаш тIе дехкина хир ду. Аьрру куьйган пIелгаш тIеттIа хилийна (хецна) дуьтур ду, ткъа аьтту куьйган буй бина, хьажон пIелг хецна буьтур бу, «Иллалло́хIу» олучу хенахь аьтту куьйган хьажон пIелг хьалаойбур бу.
Этхьигехь аьрру ха лаьтта дуьллуш, лаьттах гIортийначу аьтту когана бухахула аьрру ког дIахоьцуш охьахуур ву (таваррук кепара охьахаар). Этхьиг дешна ваьлча, салам далале хIара доIа дар суннат ду:
«Алло́хIумма инни́ аIу́зу бика мин Iаза́биль-къобри, ва мин Iаза́би жахIаннама, ва мин фитнатиль-махьйа́ валь-мама́ти, ва мин шарри фитнатиль-маси́хьид-дажжа́л (Я АллахI, баккъал а, Хьоьга со Iалашвар доьху ас кошан Iазапаххий, жоьжахатин Iазапаххий, дахаран а, даларан а баланаххий, Масихь-Дажалан питанаххий)».
И дешна ваьлча, корта аьтту агIор дIаберзош, шена хезачу барамехь аз ойуш: «Ассала́му Iалайкум ва рохьматулло́хI» (Делера салам, къинхетам хуьлийла шуна) аьлла, салам лур ду, юха аьрру агIор корта берзош а эр ду «Ассала́му Iалайкум ва рохьматулло́хI». Iуьйра ламазехь хьала-охьатаIарехь олуш долу Алло́хIу Акбар шена хезачу барамехь аз ойуш ала деза. Иштта дина волу Iуьйра ламаз.
2) ШолгIа ламаз – иза 4 ракаIатехь деш долу делкъа ламаз ду (диъ Бисмиллий, ши Этхьиггий).
Цуьнан хан малх делкъенга баьллачул тIаьхьа хуьлуш ю. Цунна нийят иштта дийр ду: «Ас ниййат ди, сайн фарз диъ ракаIат делкъа ламаз Далла дан», – аьлла. Iуьйра ламаз деш санна, ши Бисмилла, Этхьиг дешна ваьлча, салам ца луш, юха а ши Бисмилла, цхьа Этхьиг дешна лур ду салам. Ламазехь мел доьшуш дерг шена хезачу барамехь доьшур ду.
3) КхоалгIа ламаз – 4 ракаIатехь деш долу малхбуза ламаз ду (диъ Бисмилла, ши Этхьиг). Цуьнан хан – малх делкъалтIаьхьенга лестина, мажбала болабелча хуьлуш ю. Малхбуза ламаз, делкъа ламаз санна, деш ду. Цаьршинна юккъехь йолу башхалла – иза нийят дар ю. Малхбуза ламазна нийят иштта дийр ду: «Ас нийят ди, сайн фарз диъ ракаIат малхбуза ламаз Далла дан», – аьлла.
4) ДоьалгIа ламаз – 3 ракаIатехь деш долу маьркIажа ламаз ду (кхоъ Бисмилла, ши Этхьиг). Цуьнан хан малх чу ма-буьззи хуьлуш ю.
Цунна нийят иштта дийр ду: «Ас нийят ди, сайн фарз кхо ракаIат маьркIажа ламаз Далла дан», – аьлла. Iуьйра ламазехь санна, ши Бисмилла, цхьа Этхьиг дешна, хьалагIаьттина цхьа Бисмилла дешна, рукуI, сужданаш дина, шолгIа Этхьиг дешна, аьтту агIор салам лур ду, юха аьрру агIор салам лур ду. ХIокху ламазан хьалхара ши Бисмилла хозуьйтуш, юккъерчу озехь доьшур ду, ткъа дисина цхьа Бисмилла шена хезачу барамехь доьшур ду.
5) ПхоьалгIа ламаз – 4 ракаIатехь деш долу пхьуьйра ламаз ду (диъ Бисмилла, ши Этхьиг). Цуьнан хан, малх дIа а буьзна, цуьнан цIелла дIаяьллачул тIаьхьа (герггарчу хьесапехь, вайн махкахь малх чу буьзначул тIаьхьа цхьа сахьт ах сахьт даьлча) хуьлуш ю. ХIара ламаз, делкъа, малхбуза ламазаш санна, деш ду.
Цунна нийят иштта дийр ду: «Ас ниййат ди, сайн фарз диъ ракаIат пхьуьйра ламаз Далла дан», – аьлла. Цуьнан башхалла – хьалхара ши Бисмилла, маьркIажа, Iуьйра ламазашкахь санна, чIогIа доьшур ду, ткъа дисина ши Бисмилла шена хезачу барамехь доьшур ду.
Терго ян еза, делкъа, малхбуза, маьркIажа, пхьуьйра ламазашкахь, хьалхара Этхьиг иштта деша дезарна:
Аттахьиййа́туль-муба́рока́тус-солава́тут-тIоййиба́ту лилла́хI. Ассала́му Iалайка аййухIаннабиййю ва рохьматулло́хIи ва барока́тухI. Ассала́му Iалайна́ ва Iала́ Iиба́дилла́хIис-со́лихьи́н. АшхIаду ал-ла́ ила́хIа иллалло́хIу ва ашхIаду анна Мухьаммадар-росу́лулло́хI. Алло́хIумма солли Iала́ Мухьаммад.
Ткъа тIаьххьара Этхьиг иштта доьшур ду:
Аттахьиййа́туль-муба́рока́тус-солава́тут-тIоййиба́ту лилла́хI. Ассала́му Iалайка аййухIаннабиййю ва рохьматулло́хIи ва барока́тухI. Ассала́му Iалайна́ ва Iала́ Iиба́дилла́хIис-со́лихьи́н. АшхIаду ал-ла́ ила́хIа иллалло́хIу ва ашхIаду анна Мухьаммадар-росу́лулло́хI. Алло́хIумма солли Iала́ Мухьаммадив-ва Iала́ а́ли Мухьаммад.
ХIоттийнарг –
Илесов Iелин Iарби