Основы поклонения

Марха карахІат долу денош

Ramadan: ripe dates and  fermented milk drink

ШариІатехь карах1ат бохург – иза Делан дуьхьа ца деш, дитича мелехь дерг ду.
Иштта къаьсттина карахІат ду:
а) пІераскан дийнахь марха кхабар;
Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Шух цхьамма а пІераскан дийнахь марха ма кхобийла, цул хьалха, я цул тІаьхьа дерг цуьнца цхьаьна кхобуш бен».
(Аль-Бухари, Муслим)
аь) къаьсттина шоьта дийнахь марха кхабар;
Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Шоьтан дийнахь Дала шайна фарз дина доцург марха ма кхабалаш».
(Ат-Тирмизи)
Іелимнаха, къаьсттина кІиран дийнахь марха кхабар а карахІат лерина, шоьтан денца цхьаьна кхабар магийна.
б) оьмаран йохалла марханаш кхабар;
ХІара шена зен хиларна я кхечунна хьокъала вахарна кхоьручунна ду караІат.
Элчано (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) вошалла тесна хилла Салманна а, Абу-ад-Дардаана а юккъехь, ткъа Салман Абу-ад-Дардаъ волчу хьажа-хІотта вахна. Абу-ад-Дардаан нана гина цунна, кечъялар дитина, шегахь тамбоцу бедарш юьйхина Іаш, тІаккха цо хаьттина: «ХІун ду хьуна хилларг? Цо аьлла: «Хьан ваша Абу-ад-Дардаъ, дуьненан дахарехь хьашто йолуш вац». Салмана аьлла тІаккха: «ХІай Абу-ад-Дардаъ, Хьан Кхиош-кхобучунна хьокъалахь ву хьо, хьан зудчунна а, доьзална а хьокъалахь ву хьо, хьан дегІана а хьокъалахь ву хьо, хьо хьокъалахь мел волчунна хьакъ (декхар) дІалохьа». Абу-ад-Дардаъа Делан Элчане (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина хилла Салмана шега аьлларг, тІаккха Элчано (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна): «Салман бакълийна», – аьлла.
(Аль-Бухари)
Амма оьмаран йохалла марханаш кхаьбча, шена зен хуьлуш воцучунна, я кхечунна хьокъала воьдуш воцучунна карахІат дац даим марха долуш хилар. Марха кхабар хьарам долчу деношкахь ца кхаьбчахьана, мелехь ду цунна и марханаш, марха кхабар уггар сийлахь долчу Іибадатех цхьаъ долу дела.
Марха кхабар хьарам долу денош рогIерчу декъехь дийцина ду.

Муртазаев С.