Основы поклонения

ДоIадаран гIиллакхаш ларде вай!

БисмиллахIиррохьманиррохьим

ДоIадаран-гIиллакхаш-ларде-вай!Хастам бу Далла, Iаламаш кхоьллина, уьш кхобуш, кхиош Волчу. Делера къинхетам, маршо хуьлда Цо адамашка, жинашка дин кхайкхош ваийтинчу Цуьнан Элчанна Мухьаммадна а, цуьнан доьзалшна а, асхьабашна а, цара беанчу нийса некъа тIехь схьабогIуш болчарна а.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Шун Дала аьлла: «аш Соьга деха, Ас жоп лур ду шуна». «ГIофир», 60. Iилма довзарехь кIоргене кхаьчначу Iеламнаха, доIадар суннат ду, аьлла. Башийран кIанта НуIмана (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «ДоIа – иза Iибадат ду». Абу Давуд. Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Веза-Сийлахьчу Далла доIанал а сийлахь хеташ хIума дац». Тирмизи.
Бакъду, АллахIа къобал ца до хьарам хIуманах ларлуш воцчун доIа. Цуьнан билггал долу делил Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен хьадисехь аьлларг ду: «Веза-Сийлахь волу Дела ЦIена ву, Цо цIена доцург къобал ца до. Баккъал а, АллахIа бусалба нахе омра дина, элчанашка Ша омра даре терра. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «ХIай элчанаш! ЦIена (хьанал) долчух даа аш‚ дика Iамал а е аш! Баккъал а, Со аш дийриг хууш ву». «Аль-Муъминун», 51. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «ХIай ийман диллинарш! Оха шайна деллачу рицкъанах цIена (хьанал) дерг даа аш». «Аль-Бакъарат», 172. Цул тIаьхьа цхьа стаг хьахийра цо, шен некъ бахбелла, месаш хьирчина, ченах вуьзна, шен ши куьг (доIина) хьалаайбина (кхойкхуш) волу: «ХIай сан Дела, хIай сан Дела!» Цуьнан яахIума хьарам яра, цуьнан молу хIума хьарам яра, цуьнан духар хьарам дара, хьарам кхача баош кхиийна вара иза. Цунна жоп муха лур ду?!» Муслим.
Имам ГIазалис (Дала къинхетам бойла цунах) «Ихьяъ» цIе йолчу шен жайнахь билгалдина доIадаран гIиллакхаш:

1. Сийлахь-еза хенаш ларьяр
а) Iарафатан де
Iаишата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Iарафатан дийнахьчул АллахIа шена чохь леш жоьжахатех хьалхабитар дукха долуш денойх цхьа а де ма дац». Муслим.
б) Мархин бутт
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Кхоъ ву, шайн доIа (къобал ца деш) юхатухур доцуш: марха кхобуш верг (цо марха дасталц); нийсо еш волу имам а; цхьамма шена зулам динарг а». Ахьмад.
в) ПIераскан де
Маликан кIанта Анаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Баккъал а, АллахIа, Беркате а, Лекха а ву Иза, бусалба нахах цхьа а вуьтур волуш вац, пIераскан дийнахь цунна геч ца деш». ТIабарани.

г) Буьйса кхоалгIачу декъе йирзина хан (Iуьйкъе).
Джабира (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш хезира шена, аьлла: «Баккъал а, буьйсанна чохь сахьт ду, оцу тIе бусалба стаг нислур вац, дуьненахь а, эхартахь а долу дика Деле доьхуш, шена Цо и луш а бен. И сахьт хIора буьйсанна ду». Муслим.

2. Сийлахь долу хьелаш лардар
а) Сужданехь волуш
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Делан лай АллахIана уггар герга воьду меттиг – иза и лай сужданехь волуш ерг ю. Цундела, аш совдаха доIанаш дар». Муслим.
б) Ламазна молла кхайкхарна а, къаматдарна а юкъахь
Анаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Молла кхайкхарна а, къаматдарна а юкъахь дина доIа юхатухуш дац». Абу Давуд.
в) ДогIа доьлхуш
г) Дог кIадделлачу хенахь

3. Къилбехьа верзар; шен ши куьг хьалаайбар а; ша доIа дина ваьлча, и шиъ шен юьхьа тIе хьакхар а
Салмана (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Баккъал а, АллахI Комаьрша ву, стага шен ши куьг (доIа деш) Цуьнга хьалаайбича, Цунна эхьхета и шиъ деса дита». Абу Давуд.

4. Шена хезар долчу барамехь аз гIелдар

5. Говза дешнаш далон гIерташ, доIадарехь дозанал тIех цавийлар
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Шайн Деле кхайкха (доIа де) хьастадаларца а‚ меллаша а (доIа деш маьхьарий ма бетта). Баккъал а, Цунна ца беза дозанал тIехбовлурш». «Аль-АIраф», 55.

6. Далла хьаставелла, Цуьнан Iазапах кхеравелла волуш дехар

Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Дала гаттонех, балех хьалхавоккхур ву кхоччуш Делах кхоьруш верг, ца моьттачу агIор Цо рицкъа а лур ду цунна». «Ат-ТIолакъ», 2-3.

7. Шен доIина Дала жоп лург хиларх дог тешна хилар
Iуйайнатан кIанта Суфьяна (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Шегара йийлина ледарлонаш бахьанехь доIа ца деш ма Iойла шух цхьа а, баккъал а, Веза-Сийлахьчу Дала Шен халкъах уггар а вуон долчу Иблисана а жоп делла, цо Шега дехча».
«Цо (Иблиса) элира: «Суна хан лохьа, уьш (нах) юхаденбийр болу де тIекхаччалц (Къемат-де тIекхаччалц хIаллак ца деш дитахь со)». Дала элира: «Баккъал а, хьо шена хан еллачарах ду». «Аль-АIраф», 14-15.

8. КIорда ца дойтуш, кхуз-кхузза дехар а, шена сихха жоп хIунда ца ло аьлла цахетар а
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Шух хIорамма динчу доIина жоп лур ду, «Ас дийхира, амма суна жоп ца делира» ша олуш, иза сихцавелчахьана. Бухари.
9. Шен доIа, Далла хастам а бина, цул тIаьхьа Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салават диллина доладар, иштта чекхдаккхар а

Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «АллахIана хастам ца беш болош болу хIора коьрта хилла болу болх – иза беркатах дIахаьдда бу».
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Баккъал а, АллахI а, Цуьнан маликаш а Пайхамарна салават дуьллуш ду. ХIай Деле ийман диллина нах, аш а дилла цунна салават, Делера маршо а еха цунна». «Аль-Ахьзаб», 56.

10. Ша доIа дале хьалха, шегара дийлинчу къиношна дохковаьлла тоба дар, ша зулам динарш къинтIера бахар а, шен дог-ойла Далла тIеерзор а
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «АллахIе тоба де аш массара, хIай ийман диллина нах, декъала хир ду шу». «Ан-Нур», 31.
Веза-Сийлахьчу Дала къобалдойла диканиг доьхуш болчеран доIанаш!
Дала вайна кхетам лойла хьанал дерг деха а, хьарам долчух лардала а!

 

Магамедов Сулимана