Вопросы и ответы по Шариату

Хаттарш а, жоьпаш а шари1атца

Бусалбаналла а, керастаналла а муха къастадо? Бусалба динехь тоьхна цхьа а доза дуй: хьо бусалба ву, х1ара керста ву, аьлла?

«Ман къала» ша аьлларг милла велахь а, «келиматат-тавхьийди» Дела цхьаъ веш долу дош «Ла илах1а илл-Аллах1у» аьлларг бусалба ву. Цунах хоьттина «Мухьаммаду-ррасулуллахІ» алар важиб ду. Ашх1аду — ас тоьшалла до, Ан ла илах1а — кхин Дела цахилар, Илл-Аллах1у – ша Аллах1 ц1е йолу цхьа Дела воцург. Шах1адат далор — тоьшалла дар бохург ду. И шах1адат далийнарг бусалба ву. Цул т1аьхьа, кочахь жа1ар лелош, килсе вахана жа1аршна Іибадат деш и ца вайнехь, Аллах1 аьшнаш веш, Пайхамар (1алайхІи-ссолатва-ссаламу) йемалвеш, бусалба дин сийсаздеш, цуьнгара дош ца хезнехь и стаг велча, лийчийна, марчо хьарчийна, докъа ламаз дина, бусалба нехан кешнашкахь д1аволла веза, цо гойту и бусалба хилар. Бусалба динан шен арканаш йу. Шах1адат а далийна, бусалба дина чуволар — бусалба динан не1 йеллар ду. Амма, цул т1аьхьа бехкамаш бу динехь: хьалхарниг, вай лакхахь ма-аллара, шах1адат далор ду, шолг1а — ламаз дар теэца деза, кхоалг1а — закат дала деза, доьалга — мархийн баттахь марха кхаба деза, пхоьалг1а — нагахь санна, некъ маьрша белахь, дег1 могаш делахь, дохнаца парг1ато йелахь Делан ц1а — Хьаьжц1а вахар ду. Ткъа, оцу кхаа бехкамах цхьаъ эшнехь а т1ерадолуьйтуш ду Дала пхоьалг1а рукун. И пхи рукун йуьззина ца лелийча, кхачаме вац, амма бусалба йа керста аьлла йукъадиллинчохь бусалба ву.

Лулахойн дозанца хьалабаьлла стом хуьлу. Оцу стоман да волчу кертахь цхьа га хуьлу цуьнан, ткъа лулахойн кертахь важа га. Диттан бух-орамаш ден кертахь ду, ткъа и дитт лулахойн керта йистехь хиларна, цуьнан орамаш кертал дехьа девлла. Дехьа волчу лулахочо оцу т1ера стом баа мегаш дуй, дитта т1ера г1аш шен керта охьаэгаш хилча, дитт долчу дас пурба ца лахь а. Нагахь санна диттан дас цу т1ера стом баа пурба ца делча, и дитт ша волчу аг1ор дІадаккха ала мегаш дуй ша?

Шен декъа т1ехь ша бечу белхан йолу парг1ато лулахошна зен доцуш хила йезаш йу. И сецнарг ду. И стом шен декъа т1ехь ма бийна ша ала бакъо йу и стом бийначунна. Амма цу стоьман генаш дІасадаьржар дуй хууш ву и. Оцу дехьадевлачу генашна к1ела д1айийна х1ума т1ейер йац лулахочун, цара ІиндагІ латор бахьанехь. Цундела х1ун дан деза? И стом болуш волчо шен лулахо схьа а валийна, ала деза: «Вайшиъ лулахь ши ваша санна Іаш ву. Хьо реза велахь, х1окху дитта т1е латийна стом, дехьа боьжнарг хьуний, сехьа боьжнарг суний, боькъур бу вай. Хьуна хуьлуш долу зен цуьнца меттах1уттур а долуш. Дехьа а ваьлла, и сайн стом лоьхур а бацара ас. Хьо реза велахь, и дийр ду вай, вацахь, хьо резаволлу га д1ахадор ду ахь». Иштта цара барт лахахь, ма маьрша ду и т1аккха.

Цхьацца бахьанашца килса чохь лелош йолу х1уманаш (иконаш) карайаьхкина нагахь бен карош йоцу х1уманаш (антиквариат) йухкуш-оьцуш болчу нахана. Царах пайдаэца, уьш йоьхкина, царех шена сом даккха а мегар дуй?

Оцу х1уманашна т1ехь шена рицкъ ма лоьхийла уьш йухкуш волчо. Цхьаммо а магош долу некъаш дац уьш. Цунах йа беркат хир дац, йа вахар хир дац. Мелхо а, Делан некъа т1ехь галвалар хир ду цунна, шен т1аьхьарчу т1аьхьенна беркат дайар а хир ду цунна.

Мах беш, хьоладас шен х1уманаш йохка цхьа стаг дах1оттийна, оццу мехах йухкур йу ахь хІуманаш аьлла. Нагахь оцу хьоладас х1оттийначу мехал а йухкушволчо, хьоладена а ца хууш, шена т1едоккхуш долу ахча хьарам дуй?

Х1ума йохка аьлла х1оттошверг, оцу даьхнийн ден белхало ву. Цунна йамартло мегар йац. Муха йу и йамартло? Нагахь санна, туьманах йохка, цул мах охьа а ма баккха аьлла, туьманах йохка бакъо йина цо цунна. Оьцучуьнгара шийтта сом даккха а г1оьртина, туьманах оьцунверг д1авахча, ша дІах1оттиначу стагана йамарт хилар ду и йухкушверг. Нагахь санна, и хьуламе дохуьйтуш а доцуш, и эца т1ех1оьттина и велахь, цунна и шен х1оттийначу мехах ша и д1алур йелахь, цул совдоккхуш долчунна т1ехь шен лаам хир бу цу йухкушволчун. Цунах цунна новкъарло хир йац.

Заправкехь болх беш ву сой, сан накъосттий. Тхуна х1оттийна алапа ду. Бензин оьцуш, цхьаболчара к1езиг бухадуьсуш долу ахча (сдача) д1а ца оьцуш а нисло. Дийнахь иштта гулделлачу ахчанех тхуна мелла а г1уллакх а хуьлу. Нагахь санна, заправка йолчу дена и ахча тхуна дуьсий хаахь, оха тхаьш доккхуш дац и, наха д1а ца оьцуш дуьсуш ду и), тхан алапа эшор ду цо. И ца хаийта бакъо йуй тхан?

 Нагахь санна и бензин оьцуш волчо, и бухадисина ахча ас хьуна дуьту, схьадала ца оьшу и алахь, и ахча шена дита йиш йу цуьнан. Цунна и бехке вац. Амма ша д1ах1оттийна волчу стеган ша доьхкинчу бензинах догг1у ахча, и сом бен дацахь, д1адала дезаш ду.

Вай т1ейухуш лелош йолу хІума, дукхахьолахь, хьайбанан ц1оканах (кожа) йеш йу. Т1ехь чо болуш а, боцуш а хуьлу и ц1ока. Бусалба нахана уьш лело мегаш ду йа дац билгалдахьара.

Вайн Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) билгал а дина, нажжазаташ дуьйцучу йуккьехь, къиэйелла йолу х1ума нажжаз йу, и ц1анло, дабаг1 дича. И дабагІ дича, хьанал йу аьлла вайн Элчано.

Вай ц1ахь лелош йолчу виран жижиг даа мегаш дац (акхачу виранниг магийна ду даа). Ткъа цуьнан ц1ока а, берзан ц1ока а, дабаг1 дича, ламазана ц1анлуш йу аьлла ду. Амма оцу йукъа ца йоьду Къуръана чохь шен айат а доьссина, х1орш нажжаз йу аьлла, ц1ейаьккхина йолу хьакха а.  И дабаг1 дича а, ц1анлур йац и. Ж1аьлин ц1ока а дабаг1 дича, ц1анлур йац.