УММАЛТ-ШАЙХ (УМАЛ-АХЬАД)
Уммалт-шайх гIумки хилла. Схьавалар Дагестанан Костек йуьртара ду цуьнан. Мухьаммад–ЯрагIис шайхалла делла цунна. Башир-шайхан (Абу) устаз хилла иза. Сиржа-Эвлахь Iийна а, дIавоьллина а ву. Цигахь зерат ду цуьнан. Накъшбандин тIарикъатехь шайх хилла иза. Дуьнен чуьра дIакхелхина 1850-чу шарахь.
Йуьртарчу маьждигехь кегийрхошна бусалба Iилма хьоьхуш хилла иза. Наха дийцарехь, цхьа воккха стаг веана цига, шена а хьехахьара аьлла. Масийттаза веана иза. Уммалт-шайха тIе ца лаьцна. Эххар а деша дIаэцна. Дуьххьарлечу дарсехь (урокехь) цхьа хаттар дина цо устазе. Шайх, жоп ца карош, воьхна. ШолгIачу дийнахь кхин а ши хаттар делла. Шайх цецваьлла. «Мила ву хьо?», – аьлла, хаьттина цуьнга. «Шайх Мухьаммад-ЯрагIи ву, – аьлла воккхачу стага. Суна Дала делла дика хьоьга дIадала веана со. ДIаэца и хьайга. Иштта цуьнан устаз хIоьттина хилла Мухьаммад-ЯрагIи.
Бусалба нахана лоьраллина ваийтина хилла Уммалт-шайх. Эвлайаийн диванехь хIоттийна а хилла иза. ХIора пIерасканан дийнахь дукха нах хуьлу зератехь. Бусалба динан дезачу деношкахь къаьсттина алсам хуьлу уьш.
Коммунистийн Iедал долуш цуьнан зерат дохийра мунепикъаша. Дукха хан йалале зерат тIе дуьххьара куьг кховдийна волчу Iедалан белхахочунна паралич цамгар кхийтира. Дукха веха Iиллира и меттахь. Оцу цамгарх кхалхар а хилира цуьнан.
1959-чу шеран хьаьттан беттан 12-чу дийнахь хилла иза. Цхьана дийнахь 1500 стаг веана цига зерате. Иштта тоьшалла дина историкаша.
М.Заурбеков