БЕРСА-ШАЙХ
Берса-Шайх тайпана курчало хилла, Лаха-Куьрчала йуьртара. Цуьнан ден цIе Тимарболат хилла. Ненан цIе Чилла хилла, тайпана гуно хилла иза. Берса-Шайхан ши кIант хилла – ТIурло а, Аьрсамак а. Берса-Шайхан доттагI хилла, Термола цIе а йолуш. Термола тайпана энакхаьлло хилла. Вайн махкахь дуьххьара нохчийн дерриге а халкъе ийман диллийта волавеллачех ву и шиъ. И хилла герггарчу хьесапехь 1590-чу шарахь.
Цхьана дийнахь шен накъосташца Бена вахана хилла Берса. Цигахь луларчу суьйлийн махкара Гада цIе йолчу шайха дин хьеха векалвина Берса-Шайх. Цунна шен тур а, шегара шайхалла а делла цо. Цигара цIа богIуш, Берса а, цуьнан накъостий а буьйсанна садаIа севцца. Iуьйранна Берса цецваьлла: Къуръан деша а, цуьнан маьIна дан а хууш хилла цунна. Иштта хилла Берсех шайх.
Ша цIакхаьчча, шен нене аьлла цуо: «Вай хIинца дуьйна бусалбанаш ду». Нана ца тешна шен кIант шайхаллин дакъа долуш хиларх. Билгало гайтар дехна цо. Берсас шена хьалха Iуьллучу тIулга тIе ког таIийна. Цу тIехь коган лар дIахIоьттина. КъинтIера вала шена, аьлла нанас. ТIаккха бусалба дин тIеэцна цо.
Оцу муьрехь нохчашна йукъахь уггаре а хьалха бусалба дин тIеэцнарш Куьрчалара нах бу. Цул тIаьхьа, Берса-Шайха дIакхайкхош, луларчу йарташкахь а тIеэцна дин.
Бусалба дин тIеэца ца луурш а нислуш хилла. Цхьаберш цигара Теркайисте дIакхелхина, царах цхьаъ хилла Оьрза, шен доьзалца Теркал дехьаваьлла, охьахиъна. Оцу йуьртах нохчаша хIинца а Оьрза-гIала олу. Тахана станица Червленная олуш йерг йу иза.
Дуккха а дика нах, шайхаш, эвлайааш кхиъна Берса-Шайхан тIаьхьенах: ШаIми-Йуьртара Батукаев Ахьмаддукъ-Хьаьжа, Курчалойн-Эвлара Муса-Шайх, цуьнан кIант – ГIойтIара ИбрахIим-Хьаьжа.
Берса-Шайх дIавоьллина ву Лаха-Куьрчалахь. Цунна уллехь дIабоьхкина бу цуьнан доьзалш – хIусамнана а, ваша а, бераш а. Берсин лерам беш, бусалба наха зерат дина цуьнан коша тIехь. 2008-чу шарахь Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан омранца тодина иза.
Зерат даима хаза а, цIена а хуьлу. Иза нохчаша Берса-Шайхан лерам бар ду.
М.Заурбеков