ШАЙХ БАЙБЕТАР-ХЬАЬЖА
Байбетар-Шайх Гуьмсан кIоштарчу Хошкалдера хилла. Воккха Iеламстаг хилла иза. Бусалба Iилма нахана хьоьхуш а хилла цо. Цуьнца Iилма Iамийначарах болу дуккха а нах вайн махкахь маслаIатхой хилла. Дуккха а йарташкахь имамаш, къеданаш а хилла.
Бусалба дин Iабдул-Къедарна а Iамийна цо. Iабдул-Къедар Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кхоалгIа да хилла. Цул тIаьхьа цунна тIедиллина шен кIантана Юсуп-Хьаьжина хьехар.
Шовзткъа шарахь мутаIеламашна бусалба Iилма хьехна Iабдул-Къедара. Царна йукъахь Юсуп-Хьаьжина а хьехна цо.
Иласхан-Йуьртарчу Хьаьжица гергарло хилла Байбетар-Хьаьжин. Хьаьжас, Иласхан-Йуьрта кхайкхина, цигахь йуьртан имам лаьттина иза ворхI шарахь. «Хьайца тоба дайтахьара», – бохуш, масийттазза дехар дина хилла Байбетар-Хьаьжас Кунта-Хьаьже. Вукхо жоп луш ца хилла. Эххар а цо аьлла: «Хьан тIарикъат кхузахь дац, Маккахь ду. Хьо ХьаьжцIа гIур ву. Цигахь маьждиган имам ву Жамалуллайла. Цуьнца тоба дийр ду ахь». Ша цига ваха аьтто болуш вац, аьлла Байбетара. Хьаьжас тIедиллина цунна цига вахар. Цул тIаьхьа ХьаьжцIа вахана Байбетар-Хьаьжа. Цигахь вевзина цунна Дагестанера Шайх Нур-Мохьмад Инхи. Маккарчу шайхаца Жамалуллайлица тоба дина цушимма. Бусалба динан Iилма Iамош, и волчохь шина шарахь Iийна и шиъ. Вайн махкахь тобанаш хьеха векал вина Жамалуллайлас Байбетар-Хьаьжа. Нур-Мохьмад-Хьаьжас Байбетар-Хьаьжица дина тоба. Цуьнан кIанта Юсуп-Хьаьжас Нур-Мохьмад-Хьаьжица дина тоба.
Маккара цIа воьрзуш, Байбетар-Хьаьжас дехна Жамалуллайле: «Хьайн доьзалх масех кIант Нохчийчохь Iен-ваха ваийтахьара», – аьлла. Иштта баьхкина вайн махка къурайшийн тайпанан нах. Цигара цIа вирзича, Байбетар-Хьаьжас Хошкалдахь хьуьжар схьайиллина.
Гергарло хада ца дина шина хьаьжас. Нур-Мохьмад-Хьаьжа сих-сиха вогIуш хилла Хошкалда шен доттагI волчу. Амма Байбетар-Хьаьжа кIезиг воьдуш хилла Нур-Мохьмад-Хьаьжа волчу. Макка, шайн устазе Жамалуллайле, кехат йаздина Нур-Мохьмад-Хьаьжас, Байбетар-Хьаьжа ша волчу наггахь бен ца вогIу, ша дукха воьду цига, цуьнга алахьара сих-сиха вола аьлла. Маккарчу шайхас жоп даийтина хилла цуьнга: «Хьо лаьмнашкахь, лакхенехь Iаш ву. Иза волчу вогIуш, охьаван атта хир ду хьуна. Ткъа йухавоьдуш, хьайн доьзална тIеваха а атта хир ду хьуна», – аьлла.
1894-чу шарахь дIакхелхина шайх Байбетар-Хьаьжа.
Байбетар-Хьаьжа а, Нур-Мохьмад-Хьаьжа а, Юсуп-Хьаьжа а чохь дIавоьллина зерат ду Гуьмсан кIоштарчу Хошкалдахь.
Бусалба динан дезачу деношкахь бусалба нах хуьлу цигахь, устазаш дагалоцуш, диканиг доьхуш, вуочу хIуманах лардар доьхуш, Деле доIанаш деш.
Дала оцу шайхийн лерамбар лойла вайна массарна а! М.Заурбеков