Год истории-2024 год

ЯНДАРОВ СОЛСА-ХЬАЬЖА

(СУЛЕЙМАН, ВУСА)

Яндаров  Солса-Хьаьжа  тайпана  гендаргано хилла. Муридаша а, гергарчара а Вуса олуш хилла цунах. Дуьнен чу ваьлла  1845-чу шарахь Хьалха-Мартан  тIехь.  Накъшбандин  тIарикъатан шайх хилла иза. Таьшкичуьрчу Апти-шайхан мурид а хилла иза. Цо тобанаш дайта билгалвина а хилла.

 Муридаша,  къобалвина,  тIеэцна  хилла  Солса-Хьаьжа.  Цо  нахе  кхойкхура  къахьоьгуш, къинхетаме,  сагIа  луш  хиларе. Ша  а  вара  Солса-Хьаьжа  муридашна  масал  гойтуш,  къахьоьгуш, сагIа луш. Дукха бахам вовшахтоьхнера цо шен дахарехь. Хьоладай болчу нахаца тарвала хиира цунна.

 Амма  советийн  Iедало  новкъарлонаш йора.  Чувоьллина,  тоьпаш  тоха  кхиэл  йинчуьра  кIанта  Iабдул-Хьамида  кIелхьарваьккхира иза.

Хьуьжарехь  дешна  вацара  Солса-Хьаьжа. Iилма  ша  Iамийнера  цо  шена.  Дуккха  а  дерг шен устазера Апти-шайхера схьаэцнера.

ЦIера  араваьлла,  Шуьйтан  кIоштахь  Iийра иза кхаа шарахь. 1929-чу шеран х1утосарг беттан 13-чу дийнахь дIакхелхина иза. Дуьнен  чуьра ша дIавалале шен кIант  Iабдул-Хьамид шен метта шайхан даржехь дIакхайкхийна цо.

Солса-Хьаьжа  дIавоьллина  ву  ша  ваьхначу йуьртахь Хьалха-Мартан тIехь, цигарчу кешнашкахь.

Цуьнан коша тIехь зерат дина муридаша.

М. Заурбеков