Ден безам
Сийлахьчу Дала вайна массарна а деллачу ниIматех ду «да» боху ниIмат. Амма, цхьаболчеран иза хьалхе дIаэцна, цхьаболчаьргахь хIинца а долуш ду и беркат. Вайн Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу цхьа кIант веана, шен дена арз деш. — ХIай Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), шегара пурба а доцуш дас шен даьхни а, ахча а схьа а оьций духку, аьлла оцу кIанта. ТIаккха Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) жоп делла, хьайн да а валош тIеволахьа, аьлла. Да а, кIант а новкъахь схьавогIуш а волуш, вайн Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тIе Жабраил малик деана. Вай кхоьллинчу Дала салам-маршалла доуьйту хьоьга, хIай Делан Элча. Оцу шен кIантаца хьуна тIе схьавогIучу дас чIогIа дог доьхна, гIайгIане волуш шен дагахь цхьа дешнаш далий хьуна. ЙуьхьIаьржа ву иза кIанта динчу арзана. И хьайна тIекхаьчча, ша новкъахь йалийна йолу байт хатталахь цуьнга, олу Жабраила. Оцу дех Дала бинчу къинхетамна леррина Жабраил малик даийтина вайн Элчанна (Делера салам- маршалла хуьлда цунна) тIе. Да а, кIант а тIекхаьчча, вайн Пайхамара (Делера салам- маршалла хуьлда цунна) хотту дега, хIокху хьан кIанта хьо шегара пурба а доцуш шен даьхни тIекхийдаш, уьш духкуш ву ма боху, олий. Дас жоп ло тIаккха: — Ша хIокхуьнгара схьаоьцуш долу даьхни хIокхуьнан а, шен а йижаршна бен доьхкина дац. Иза-м дуьтур вай, хьо кхуза схьаван новкъаваьллачу хенахь, айхьа хьайн дагахь йалийна йолу байташ схьайийцахьа! – олу Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Цецволу тIаккха оцу кIентан да. Цо олу: — Хьо Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хиларца шеко-м йацара сан, хьо схьагучу хенахь кхин а чIогIа сан ийман а чIагIло. Амма, и ас дина къамел цхьана дена хезна ма дацара, ур-атталла сан шина лергана а хезна ма дацара иза. Вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) доьху: — Вайна массарна а хезаш дагардехьа и дешнаш! – олий. Дас цхьа хаза йагарйо и байташ: Хьо дуьненчу ваьлча, хьуна сагатдеш, йаош, малош, тIедухуш кога духуш, хьо кхиийра ас. Хьо дIавижча, хьуна цхьа цатам хилча, хьан меже лаза йаьлча, и меже сайн йолуш санна сахуьлунга волура со, наб ца кхеташ. Дала дуьненчохь тоьхна хан массарна а йуйла хаьара суна, валар массарна а тIедогIур дуйла а хаьара суна. ХIетте а, хьо висна а со лийр вац-теша, хьо дIа ца кхалхош, сан хенах хьуна хан дIайелла вай кхоьллинчу Дала хьан хан йахйийр йац-те, хьо кхиор вац-те, хьо меца ма висахьара, хьо шел ма лахьара бохуш, ма чIогIа сагатдинера ас хьуна. Тахана хьо хIокху хене вер вац-те бохуш, ас сагатдарца сатийсинчу хене кхаьчна хьо, ткъа хIара бекхам би ахь суна, хьуо къонахчун хене вирзича. Ма ирча хилла долу гIиллакх гайти ахь суна, ма кIоршаме вели хьо соьца, ма эвхьаза вели хьо хьайн деца. Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) валхий ахь со, дависа-кх, ден хьакъ ахь ца лардинехь а, лулахочо лардеш долу лулахочун хьакъ мукъане а лардина делара ахь соьца, тахана кху кепара вайн Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьалхахь йуьхьIаьржа ма хIоттийна велара ахь со, аьлла. БIаьргех охьахьаьвдда хиш а долуш хьалаиккхира Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), тIекхетта кач тIера схьа а лаьцна шена тIе а озош човхийра иза. Ахьа-м хьайн даьхний бах, хьо а, хьан долахь мел долу хIума а оцу хьан ден ду хьуна. ДIавала суна гучуьра аьлла буьрса човхийра иза вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Да бохург йоккха цIе йу, йоккха бакъо йу, доккха хьакъ ду иза доьзалхочунна, мел чIогIа доьзалхо шен ден-ненан хьакъ дIадала гIортарх ницкъ кхочур боцуш. Вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) боху, хIора доьзалхо дуьненчу ваьлча, дена хуьлуш кхо хIума ду: и да кхера а ло хьуна, гIайгIане а вужу хьуна, сутара а волу хьуна. Шен майрра дIалелла волу да, шен доьзалхо дуьненчу ваьлча кхера волало хьуна иза, дависа-кх, кхунна цатам ма хилахьара, меца ма висахьара, шел ма лахьара, хIокхунна цхьа вон болх ма Iотталахьара, хьалха ша мел майрра леллехь а. ГIайгIане волу хьуна иза: хьо буса дIа муха вуьжу-те, Iуьйранна сама муха волу-те, хьо меца ма лелахьара, Iеса ма лелахьара, вочу тобанах ма кхетахьара бохуш. Иштта сутаралла а гучайолу хьуна цуьнан: нахаца сутара ца хуьлу хьуна иза, шен дегIаца сутара волу хьуна иза, шена ца дууш, хьуна дао гIерташ, шена тIе ца духуш, хьуна тIедуха гIерташ, шен дегIана эшалла а йеш. И да бохуш йолу цIе йоккха цIе йу. Йалсамане боьдуш болу некъ бу иза. Йалсаманан хьо чувуьгур волу неI йу хьуна иза боху вайн Пайхамара (Делера салам маршалла хуьлда цунна). И хьан да оцу йалсаманин йуккъера неI йу хьуна, хьайна лаахь ларйелахь иза, хьайна ца лаахь лар а ма йелахь. И хьан да реза хилахь, хьо кхоьллина АллахI Дела реза хир ву хьуна. И хьан да хьуна реза ца хилахь, и АллахI Дела хьуна реза хир вац хьуна боху маьIна ду цуьнан. Оцу ден шен доьзалхочуьнга хуьлуш болу безам и мел боккха бу хьуна аьлча, Iеламнаха билгал ма-дарра, ненан безам доьзалхочунна ша дуьненчу ма-ваьллинехь хаало, цуо шех беш болу къинхетам, йеш йолу терго, марзо, Iуналла а хаало берана. Амма, шен ден шеца болу безам хаалуш бац хьуна доьзалхочунна, ша воккха а хилла, шен доьзал гучабаьлча бен. ТIаккха хаьа хьуна цунна, шен дена ша мел дукхавезаш хилла, цуо шена мел сагатдеш хилла. Хьан нанас хьо дуьненчу ваьккхинехь а, хIара дуьне хьуна довзийтинарг, хьуна лела Iамийнарг, хIара дерриге а дуьне хьуна дIадала гIерташ къахьегнарг хьан да ву. Хьан нанас исс баттахь шен кийрахь хьо лелийнехь а, ша дуьненчуьра дIакхалххалц хьо лелош верг хьан да ву хьуна. Хьан нанас дуьненчу ваьлча, вузош, вакхош, масех шарахь гехь-марахь хьо лелийнехь а, хьо дуьненчу ваьлчахьана, ша валлалц хьо а, хьан нана а шен гехь лелош, шуна напха латтош, шу кхобуш верг хьан да ву хьуна. Оцу ден шен доьзалца хуьлуш болу безам – иза боккха безам бу хьуна, и шен доьзал гучабаьлча бен хуур дац хьуна оцу доьзалхочунна шен дена ша мел дукхавезаш хилла. Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ша пайхамар воллушехь, шен кIант ИбрахIим дIакхелхича вилхина-кх иза. Дог ца духуш а ма а ца Iа, бIаьргах хи ца долуш а ма ца Iа хIай ИбрахIим, хьох къастарна ма чIогIа гIайгIане ву-кх ша бохуш. Делан кхиэлана реза воцуш воьлхуш ца хилла иза, амма, Дала и шен доьзалхо бахьанехь шен дагчу биллина болу безам бахьана долуш вилхина вайн Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Йакъуб пайхамар ша пайхамар воллушехь, шен кIант Йусуп а пайхамар воллушехь, шен кIантах Йусупах ша къаьстинчу хенахь, оцу шен кIантана дукха сагатдина бIарзвелла хилла. Цу йуккъе дуккха а хан-зама йаьлла хилла. Шаьшшиъ ший а пайхамар вуй хуъушехь, Дала шаьшшиъ массо а вочу балхах Iалашвийр вуй хуъушехь, оцу шен кIантана сагатдеш вилхина-кх Йакъуб, бIаьргех долу хи лаккъалц. Оццул хан-зама йаьллачул тIаьхьа, масех де беха некъ болчу Мисарара Йусупан коч карахь Палестине цIабахка новкъа бевллачу вежаршкахь йолчу кучах йолчу хьожанна, Йусупан хьожа ма йеттало шена аьлла Йакъуб пайхамара. Иза бу ден доьзалхочуьнга болу безам. Дала делла долу муьлхха а ниIмат, иза шегара дIаэцча бен цуьнан хама ца хаьа. Да дуьненчохь волчу хенахь хаац цуьнан хама. Цхьана дикачу стаге хаьттина хилла, хьан хIусамехь паргIато а, маршо а маца йу аьлла. Дера йу, дIо неIарехь лаьтташ шен ден мачаш мел йу, аьлла жоп делла оцу хьекъалчас. Весет ду массаьрга а, шайн дай дийна болчаьрга а, уьш дIакхелхинчаьрга а. Шайн дай дийна болчаьрга: шайн дай ларбелаш, церан дош а, дог а ма дохаделаш. Вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Ма сийсазваьлла, ма дакъазваьлла, шен да-нана дийна а долуш, йа цу шиннах цхьаъ дийна а долуш йалсамани шена ца йаьккхинарг ма дакъазваьлла». Йалсамани йаккха а, и шиъ реза дан аьтто бу хьан, и шиъ хьуна реза хилахь, хьо кхоьллина АллахI реза хир ву хьуна. И шиъ дIадалахь, тIаккха тIаьхьа вуьсур ву-кх хьо, дохковер ву хьо, байттамал а хир ду хьуна. ШолгIа долу весет ду уьш дIакхелхинчаьрга: и вайн дай-наной доIанах ца бахар, доIанехь уьш биц цабар, Дала а, Пайхамара а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вайна Iама ма-дарра «ХIай Везан Дела, гечдехьа сан дена а, нанна а, Везан Дела, цаьршиннах къинхетам бехьа, со жима волуш кхобуш, цаьршимма сох къинхетам ма-барра». Вай мел йеш йолу дика Iамал, доьшуш долу Къуръан, луш долу сагIа, деш долу доIа цаьрга дIакхочуш ду. Вай церан коша тIе а дахана салам-маршалла делча, цара иза дIаоьцуш ду. Вай цига даьхкича церан самукъа а долу шуна, вай доIа дича, дика Iамал йича царна там хуьлу. Вайгара Iесалла йаьлча царна цунах бохам а хуьлу. Къинхетаме волчу АллахI Дала гечдойла вайна а, вайн дайшна а, наношна а!
Саралиев Мохьмада дуьйцуш дIайаздина Идрисов Ислама