ХАНТИЕВ КАНА-ШАЙХ
Накъшбандин тIарикъатехь эвлайаъ хилла Хантиев Кана-шайх. Iер-дахар Теркйистерчу Лаха-Неврехь хилла цуьнан. Иза дуьнен чу ваьлла 1848-чу шарахь. Iусман-Хьаьжин жимахволу ваша хилла иза, цуьнан мурид а волуш. Шел тIаьхьа тоба хьеха билгалвина а хилла иза Усман-Хьаьжас. Жима волуш, вашас Таьшки-чу Абу-шайхан (Башир-шайх) хьуьжаре дIавелла Кана. Абу-шайх дуьнен чуьра дIакхелхича, Хож-Ахьмад-шайхас хьехна цунна итт шарахь. Хож-Ахьмад-шайх гIумкийн къомах хилла. Абу-шайхан тешаме мурид а хилла.
Iусман-Хьаьжас шен метта билгалвина Кана-шайх. Тоба хьеха бакъо а йелла цунна.
1911-чу шарахь кхиболчу эвлайаашца цхьаьна Калуга шахьаре ссылке вахийтина Кана-шайх пхеа шарна. Доьзал шеца ца хилла цуьнан. Iовдин хIусамнанас АругIаза терго йеш хилла Кана-шайхин, бедарш йуьттуш, йуучуьнца таро йеш. Дукха ца Iаш, Кана-шайх а, Докка-шайх а цIа ваийтина Iедало, бехке вац аьлла.
1918-чу шарахь Кана-шайх бахьана долуш хIаллак ца йеш йисина Девкар-Эвла. Цуьнга ладугIуш дукха нах хилла. Деникинан эскаршна дуьхьал тIом латтийна цо. Советийн Iедал толийта дукха гIуллакхаш а дина. Iедал чIагIделча, Кана-шайх новкъа хилла муьжгашна.
Кана-шайх 1933-чу шарахь Iедало дIалаьцна. Бехк боццушехь набахтехь тоьпаш тоьхна цунна.
Теркан кIоштан Лаха-Неврерчу кешнашкахь зерат ду Iусман-Хьаьжин а, Кана-шайхин а.
Дукха наха лерам беш меттиг йу иза. Дала зерат къобалдойла цига богIучеран массеран а!
М. Зурбеков