ШАЙХ АБЗАТ– ХЬАЬЖА (АЗА)
Абзат-Хьаьжа тайпана Iаларо хилла. Зандакъарчу ГIеза-Хьаьжин мурид хилла Нажи-Йуьртан кIоштарчу Iаларара шайх Умалт-Хьаьжа (Мата). Цо шен метта витина хилла Абзат-Хьаьжа. Мурдаша Аза олуш йоккху цуьнан цIе. Вина а, ваьхна а меттиг – Курчалойн кIоштара Iаларой-Эвла йу. БIе шарахь ваьхна иза (1824-1924 шш).
Зандакъарчу ГIеза-Хьаьжас шен метта витина хиллачу Умалт-Хьаьжас (Матас), ша вехачу Iалара дIакхойкхуш, стаг ваийтина хилла Iаларой-Эвларчу Абзат-Хьаьжина (Азина) тIе.
Ша вуй-те цо кхойкхург, аьлла Абзат-Хьаьжас. ЛадоьгIна, шеконе хилла, веанарг дIавахийтина хилла цо. Йуха а геланча ваийтина Умалт-Хьаьжас, хьо ву ша тIекхойкхург аьлла. Абзат-Хьаьжа тIевахна. Матас цуьнга аьлла, тобанаш хьеха шел тIаьхьа хьо хила веза, шегара тIарикъатан некъ дIаэца кечамбан беза ахь аьлла.
Дийцарехь, бархI шарахь халбатахь Iийна Аза. УьйтIахь ор а даьккхина, цу чохь. Иштта накъшбандин тIарикъатан силсилехь вагарвеш ву Абзат-Хьаьжа.
Кхоьллинчу Дала хиндерг хаар делла хилла цунна. Цо аьлла хилла: «Нохчий махках бохур бу, йуьртах боккху бажа санна. ЦIа а боьрзур бу, кхо дакъа а хуьлуш. Дуьххьара баьхкинчара къахьоьгур ду. ШолгIа богIурш хIонс йохьуш богIур бу. ТIаьхьа богIурш шайн догIмашца богIур бу».
Абзат-Хьаьжас кхиийна Къаим-Хьаьжа, Зубайр-Хьаьжа, МагIарби, Мада-Хьаьжа. Уьш гIарабевлла Iеламнах, маслаIатхой хилла. Боккха доьзал кхиийна Абзат-Хьаьжас: итт кIанттий, кхо йоIIий. Кхаа зудчо бина доьзал хилла иза. КIентий: СаIид, Закри, Жаму, Дауд, Хьасайн, Хьусайн, Хьусеха, Дуду, Халад, МагIарби. ЙоIарий – Балшекар, Залуба, Хадишт. МаслаIатна йукъ йихкина хилла МагIарби. Вайн махкахь дукха маслаIаташ дина цо. Кхечу маслаIатхоша масална валош хилла иза, и саннарг хилла вац олуш. Азас аьлла хилла цунна, нахана беркате хир ву аьлла.
Тобанаш хьеха бакъо луш, векалвина цуо БIаьчи-Йуьртара ИбрахIим-Хьаьжа.
1924-чу шарахь дуьнен чуьра дIаваьлла Абзат-Хьаьжа. Абзат-Хьаьжин муридаш дукха йарташкахь бу: Лакха Неврехь, Лаха Неврехь, Бена-Йуьртахь, Iели-Йуьртахь, ЧIуьлга-Йуьртахь, иштта кхечу йарташкахь а. Дела хьехор совдаккхийта, царна тIе вирдаш дехкина цо.
Курчалойн кIоштарчу Iаларой-Эвлахь зерат ду цуьнан.
Цигахь даима нах хуьлу. Цара Деле дикачунна тIехь гIодар, вуочу хIуманах, зенех-зуламах лардар доьху.
Дала къобалдойла церан зерат!
Эвлайааш лийринчех дойла вай! М. Заурбеков