Общество

Оьздангалла х1ун ю а, цо х1ун меттиг д1алоцу а

Таркхойн Шовхала ша волчу хьошалг1а кхайкхина хиллабоху ц1еяххана болу к1ентий. 1уьйранна туьхий а ца тосуш, теза кхача хьалха биллина хилла цо царна: цхьаммо инкарлоца еш, хьешо буъчу барамехь кхача биъна цара. Делкъаннатуьха совдаьккхина, кхача хьалха биллина цо царна:1уьйранна шаьш ма-баъара биъна хилла цара и кхача а. Ткъасуьйранна чам тобина, тоьлла кхача хьалха биллина хиллаШовхала хьешашна: шаьш 1уьйранна, суьйранна ма-кхеттара кхачанах кхетта, севцца хилла  хьеший. Т1аккха церан оьздангаллех цецваьлла, Шовхала хьаьттинахьешашка: ма тамашийна болх бу-кх шена гуш берг. Теза, дуьра, мерза цхьатерра йии-кх аш? Хьешашна юкъахьвоккхахволчу Эвтархойн Ахьмада жоп делла хилла т1аккха: тхо-м хьан шуьне чемаш хержа даьхкина даций, Шовхал. Нехан хьаьвди т1ехь дин берстар бац, нехан шуьнехь къонахверстар вац. 

  Мел лекхара оьздангалла гойту цу дийцаро. Вайн халкъанфольклор т1ера дийцар ду иза. Иштта леккхарчуоьздангаллехь хилла вайн дай. «Хилла»,- аьлла, и ишттадита ца ло, я и иштта дита лаа а ца лаьа. Оьздангалла1адъюьту х1ума яц, «Хилла»,-аьлла. Иза гуттар хила езашю.  Иза 1адйитахь а, иза ширъелла, цуьнан мах д1абаьлла юьтур яц ахь и 1ад, и 1адйитахь, хьайн мах охьабаьллий, хьайн адамалла ширъеллий бен. Г1иллакх-оьздангалла ширлуш яц. Г1иллакх-оьздангалла даима а мехала х1ума ю. Цара деш ду адамах адам. Ма-дарра аьлча, уьш хилча, адаман куц-кеп кхин а тало, кхин а хазло. Дукхахьлолахь, оцу адамна т1ехьаьжна а гуш хуьлу цуьнан синан ц1аналла, цуьнан синан оьздингалла: къамелаца, ц1еналеларца, т1ехь долчу духарца… 

    Г1иллакхаш къоман шайн-шайн долуш нислахь а, оьздангалла массеран а юкъара ю. Масала, стол т1ехь х1оттийна оьздангалла юьйцуш, вай лакхахь далийна и дийцар схьаэцча, иштта оцу стол т1ехь оьздангалла ларъяркхечу къаьмнийн а ду: юучу х1уманна т1ецаветтавалар, яах1ума т1еца1енаяр, яах1ума юучу хенахь кхечунна хьалхацаг1ертар…  Масане ду уьш. Стоьл т1ехь хилла ца 1аш, кхин а дукха ду лардан дезарш. Нагахь санна, и х1умнаш илардеш вацахь, и стаг оьзда воцуш лору.

  Ткъа вайн халкъалахь и х1умнаш лардеш хилла ду. Цундела оьздангалло вайн дахарехь йоккха меттиг д1алоцу. И иштта хилла хилар вай лакхахь далийначу цхьанадийцаро а гойту. Ткъа дийца и тайпана х1уманаш вайнхалкъана юкъахь дукха ду.

   Оьзда стаг даима а къовлавелла, т1егулвелла хуьлу. Шехнахана новкъарло ца йо цо. Цо массо х1ума лардо. Цуьнанвахар-вар цхьанне новкъарло йоцуш хуьлу, т1едухучуьнца а хуьлу иза ц1армат долчух ларлуш, иштта шен багара мотт а ларбо цо товш доцчух, эхьечух. Кхин а дуккха а ду уьшоьздачу стага лардираш а, лардан дезарш а. И х1умнаш лардича хуьлу цуьнах оьзда стаг. Оьздангалло ша ахьларйича, цу адаман мах хьалабоккху. И шеца йолу стагюкъараллехь лору. Амма цо и ца лелаяхь, цуьнан мах а, цуьнга ларам а охьаболу. Баккхийчара шайн къамелехьцхьаъ хьахош даладора: «Оьзда стаг вара иза, оьзда зуда яра иза, яхь йолуш стаг вара иза, яхь йолуш стаг яра иза…», -олий. Цо гойту «оьзда» бохучу дашца а хадабой адаманмах. Оьзда стаг ву аьлла, цкъа цуьнан мах хадийна ца 1аш, и ц1е оцу стагал т1аьхьа а дуккха яха юьсуш хилар гойту цо. 

    Оьзда стаг муьлххачу къомана юкъахь а лекхара мах болуш хуьлу. Цундела аьлла Н. Пенкина: «Леккхараоьздангалла–иза шен ненан мотт хиъна ца 1аш, кхин а цхьамотт хаар ду» («Высокий уровень культуры–это и владение еще одним языком, кроме радного»). Цо бохучун маь1на иштта дастало аьлла хета (цуьнан ахь маь1на даьстича, ненан мотт бац цо кхузахь буьйцург. Цо бохург: ахьдуьйцучух и стаг кхетар а, ца кхетар а ду): ахь буьйцушболчу маттах и стаг ца кхетахь а, хьан леларехь, ахь лелочухкхета муьлххачу къомах и стаг хилча а. Кхузахь вайюьйцург оьздангалла ю. Ахь шега х1ун боху ца хаахь а, хьот1едухучу духарца ц1ена, хаза лелаш хилча, юург хаза, ц1ена лелош а, юуш а хилча, охьахуучохь, хьалаг1оттучохь нахана меттиг буьтуш, хьайх новкъарло ца еш хилча, и стагоьзда стаг вуй хаьа. И хаийта, «И иштта ву»,- бохуш, дийцадезаш дац цхьанна а, и кхечу къомах волчу стагана дийцацуьнан мотт хаа безаш а бац . Вай х1инца лакхахь ма-аллара, и оцу стеган леларехь, гуш а, хууш а хуьлуш ду. Изаоьздангалла юй муьлхха а кхеташ ву. И бу и Н. Пенкина бийцина шолг1а мотт. Иштта и оьздангаллин гураш лардешволу стаг муьлххачу а къомана юкъахь д1алелало, ткъа и оьздангаллин гураш лардеш воцу стаг юьстахтотту, цуьнцаюкъаметтиг а ца еза нахана. Оьздангаллехула бен балуш бац адамашца цхьана некъ, и хьоьгара д1аяьллачохь соцуш бухьан цаьрца болу некъ. «Адамийн даг т1ера воьжча, Далла а ца веза»,- олуш х1ума ду хьалкъалахь. Цо гойту адамашцаюкъаметтиг мел ч1ог1а ларъян еза. Ткъа и юкъаметтигларъян оьзда хила веза. Ма-дарра аьлча, хазаллин, дикаллин, ц1аналлин мах хууш, и ларъеш, и езаш хила веза. Вай дагар динарш ч1ог1а мехала х1уманаш ду. Масала, т1аьххьара долу «Ц1аналла» боху дош вай схьаэцча, цуьнахлаьцна бусалба динехь иштта аьлла бохуш дуьйцу дешначунаха: «Ц1аналла-динан ах дакъа ду». Ткъа и «ц1аналла»оьздангаллин цхьа дакъа ду. Динехь а мел ч1ог1а леринат1аккха оьздингалла.

   Оьздангалла муха лорур яц, дерриге хазаниг, ц1енаниг, диканиг цуьнца хилча ?! Цундела вайн халкъалахь а ч1ог1а мах болуш ю оьздангалла. Фольклорехь хилла ца 1аш, кхина яздархойн а, поэтийн а дуккха говзарш хуьлу«Оьздангалла» хьехош, юьйцуш. Иза юха а цкъаоьздангалла вайн халкъан ц1ийца хилар хета.

  К1орггера г1иллакх-оьздангалла евзаш, езаш нах к1еззиг бац вайн халкъан литературехь. И вайн халкъан лард хилла, гуттар йиса лууш бу уьш. Дерриге шайн дахар оцусинмехаллашна д1аделла оцу наха, уьш юьйцуш, уьшхестош. И синмехаллаш муьлххачу стагехь товш ю. Царнат1ехь хьалакхиъна стаг ларам болуш хир ву шегара нахе а, нехан шега а.

  И иштта мехала хиларе терра, Ахмадов Мусан «Г1иллакх-оьздангалла» ц1е йолуш масех том школехь берашнахьоьхучу программин юкъахь яра. Оццу 1алашонна язйинаа яра и томаш, х1ора а классана бохург санна, ша-ша уьшбилгал а йохуш. Иза дацара, вай г1иллакх-оьздангаллина т1аьхьадисина, вайн т1екхуьу чкъор телхина бохург. И школехь берашна хьеха а хьоьхуш, царна цуьнан мах хаийтар а, оцу оьздангаллехь гуттар а уьш ч1аг1балийтар а дара.

  Оьзда стаг ша цхьаъ волчохь а оьзда хуьлу олу. Ша цхьаъвара аьлла, аьздангаллех ца вуху иза шен леларехь: ша 1ачохь а, воьдучохь а, вог1учохь а, иштта, ша цхьаъ бенвоцчохь а, шен маттера долу дош а лардо цо оьзда доцучух. Ма-дарра аьлча, оьзда стаг шена сица оьзда хуьлу. И вайнхалкъаца иштта хилла хилар а билгалдаккха лаьа. Вайнадукха дуьйцуш хезна, «Ша цхьаъ волуш а, логгера нуьйдахуьлура цуьнан даима а д1аюллий, т1ехь пазаташ йоцуш, берзина ца хуьлура цуьнан когаш, буьйсанна а цхьана, орцанна мохь тоьхча, кичча хила веза»,-бохуш, миччахенахь мохь ма тоьхханехь араэккха мегар долчу духарцавуьжуш, г1оттуш хуьлуш хилла бохуш баккхийчарахийлазза цхьацца нах хьехош, оцу нахах дуьйцуш. «Цара и хьехадора, дуьйцура» ,-бохург, х1инца иштта нах бац бохургдац. Иштта нах тахана а бу. 

    Цхьацца долу х1ума дукха т1ехдаьккхича, оцу адаманадукха ницкъ беш хилахь а, т1ехь оьзда хилча, товш хуьлу.(Вай дуьйцург: дийнахь санна, т1е бедарш йоьхна, буьйсанна шен дег1е сацада1ийтар ду. Иштта х1уманаш кхин а масане ду… Вайн дайша шайн оьздангалла лекхарахиларе терра, цхьадолу х1уманашца шайна дукха ницкъ бешхилла)… Цунна т1ехь долчу духарца а, цуьнан кечваларца а хадабо оцу стеган мах. Иштта хилла вайн дай. Цхьадолчух1уманашна т1ехь, вайна хьалхара царна т1аьхьа охьадог1у чкъор а ду дуккха и х1уманаш х1инца а лардеш.

   Дуккха х1уманаш дог1у оьздангаллина чу: г1иллакх, г1уллакх, лерам, тешам, яхь… Х1инцца дагардина и х1уманаш х1ораннан а шен-шен кхетамаш болуш х1уманаш ду. Ткъа оьздангалла, и дерриге х1уманаш шена чу лоцуш, бакхий гураш болуш х1ума ю.

Банжаев Аьрзу