Хаттарш а, жоьпаш а шари1атца
«Нагахь санна йа да, йа деваша, Делан новкъара гал а ваьлла, шен нах йуьхь1аьржа а латтош, вуон мел долу х1уманаш шехдуьйлуьйтуш велахь, ткъа и сацо тайпанах кхинвоккханиг ца хилча, цуьнан доьзалхочо и нуьцкъаха сацавар (йа д1авихкина, йачувоьллина) Далла гергахь бехк болуш дуй?
Иштта стаг, х1уъу а аьлча а, сацалуш ца хилча, цуйуьртан къедане даккха деза и г1уллакх. Нагахьсанна, цо хьехам бича а, и нис ца лахь, цу къеданойеллачу бакъонца оцу доьзалан бакъо хир йу и стагсацо, и да велахь а. Ден хьурмат цадинарш хир бац уьш. Мелхо а и Іалашварна йал хир йу царна, цуьнан зуламах нах Іалашбарна йал а хир йу царна.
Йо1 ц1ент1ера ара а йаьлла маре йоьдучухенахь урдо дуьллу-кх вай. Дуьллуш долу урдоцхьаболчара дега-нене д1ало, х1ара йо1 шуьгахьйаха йезаш йу, х1ара ахча оцу йоь1ан ду олиййуханехьа ло, цхьаболчара марзахошкахьшайгахь дуьту. Ткъа цуьнца нийсо муха хила йеза?
Урдо диллар шари1атехь бехкам болуш, мах цут1ехь бан безаш важиб ду. И урдо йоь1ан ду, изайоь1ан ден-ненан дац, марзахойн дац, майрачундац. Йоь1ан бакъонехь ду иза, шена луъург дан цуьнан лаамехь ду, нагахь санна дегий-ненейд1аделлехь, церан хакъ ду йо1ана дан оьшургцунах дар. Нагахь санна марзахой болчохьдитинехь, мичча хенахь, сан урдо схьало аьлла, и схьадеха бакъо йу йоь1ан. Иза зудчун бакъонехь ду, и йоцчун цхьаьннан бакъонехь дац.
Ц1ийнден бехк болуш, маларца йа кхечух1уманна т1ехь и галваьлла хиларна, йо1 цІайеанехь, цуьнга йуха г1ур йоцуш ц1ахь Іашйелахь, и ц1ийндас йуьтуш йацахь, х1ун дан деза?
Ц1ийндас и йуьтуш ца хилча, шари1ато луш кхиннекъ бу. Муьлха бу? Шина аг1орхьара цхьаццахьаькам а х1оттийна, зудчун аг1ор цхьа векалволуш, стеган аг1ор цхьа векал волуш. Х1окхеран дов лаьтта, х1окхара х1ун боху ладуг1ур ду вай, бехк хьенан бу-те аьлла, хьовса а хьаьвсина, бехкц1ийнден белахь, хьо харц луьйш ву, ахь и зуда йохийна лелайо, хьуо а воьхна лела хьо, ахь хайнвахаран некъ хийца аьлла, и меттахІотто хьовсурду. Нагахь санна зуда бехке йелахь, хьо ц1ийндена муьт1ахь хила йеза, хьо цунна дуьхьал луьйш хила ца йеза, цо аьллачунна т1ехь хила йеза аьлла, икхето хьовса деза. Нагахь санна шайна масла1ат и шиъ цхьаьна кхетарца гахь, цара и шиъцхьаьнатохаран некъ бийр бу. Нагахь санна уьшцхьанакхетча, уьш цхьаьна бехар бац аьлла хетахь, д1асакъаста, йита эр ду. Йуьтур йац ша аьлла, стагдуьхьалваьлча, оцу стагана «хул1» дилларшари1атехь бакъо йина ду. И х1ун ду, х1оккхул даьхни ахь суна лахь, ас йуьтур йу хьо аьлла, зудчуьнга мах бехар хуьлу цунах, Іаьрбийн1адатехь «хул1» олу цунах. И даьхни оцу зудчоделча, иза цо йитина хуьлу, йуха а ца кхочушйитало иза т1аккха. Оцу зудчо шен ц1ийндена урдолойла йа урдох ах лойла цо цунна, йа кхин даьхнилойла цо цунна, цо доьху даьхни д1а а делла, йитийтича, т1аккха йуха ца кхочуш йитало иза, и некъ биллина шари1ато цунна.
Ша дуьненчу йаьлча, шен нана больницера дІа айахана, кхин ша тергал ца йеш, шен дола ца дешлелла. Х1инца ша йоккха хилча, шена йеза6охуш, т1ег1ерташ йу шен нана, ткъа шена и цайеза, цунах шена къа хир дуй бохуш, хоьтту.
Дала боху Къуръаначохь: «Цхьана а мохь ойушволчо ойур бац кхечун къинойн мохь Махьшара-майданахь, х1ора да шен къинойн мохь эцна г1урву цига». И бохург х1ун ду: ша динчух бен жоп лурдац цхьаммо а бохург ду-кх, ша динчух жоп доьхурду цуьнга. Дас-нанас доьзал тесна битахь, доьзаланхакъ цара эшийнехь, дега-нене бехк боккхур буцунах. Кхана дог1урдолу и Къематде хала хир ду, оцу меттехь и да-нана оцу доьзалан хьокъехь бехкехир ду, жоьжахате дахийта деза уьш аьлча, берийнмохь бер бу. Оцу доьзалхошна царах къахетарбахьана долуш, Дала оцу дена-нанна гечдан гергаду эццахь, Дела къинхетаме ву. Дегара-ненерацарна мел цатам баьллехь а, царах терра леладоьзалхочунна бакъо ца йелла Дала.
«Шена шукр делаш, (Ша шу бусалбанашкхоьллина, Ша шу рицкъанца кхаба а кхобуш, шунамогашалла латтош, хьажо бІарг а белла, ладог1а лерг а делла, кховдо меже а йелла, Ша массо а ни1маташца шу кхобуш хилча, Шена шукр делаш) шайн дена-нанна шукр делаш, аьлла Дала. Шенашукр дарх, ламаз дарх, марханаш кхабарх, вай дика х1уманаш дарх, и да-нана вай реза деш ца хилча, царна вай шукр деш ца хилча, церан пусар деш, церан сий деш ца хилча, хам а беш ца хилча, вайдоьрзу меттиг г1ийла хир йу, доьрзу меттиг тишахир йу, Дела оьг1азваханчу нехан меттиг хир йувайна. Цундела деца-ненаца болу некъ, уьш муххахиллехь а, ша кхетамчохь волчу доьзалхочо ша лаха беза-кх цаьрца барт болу некъ. Тесна бита мегар дац.