Хаттарш а, жоьпаш а шари1атца
Ас айса къа а хьегна, эцна дакъа ду. Сайн йо1аца 1аш йу со. Ткъа вуьшта сайн верасаш а бу сан. Со х1инцале а саготта йу, со йеллачул т1аьхьа и дакъа бухабуьссучара къуьйсур дуй-те аьлла. Нагахь санна, со дийна а йолуш, х1окхунна йа оцунна дуьту ас сайн дакъа, аьлла а долуш, и дакъа къийса бакъо йуй церан со д1айаьллачул т1аьхьа? Ткъа и дакъа дех дисина хилча а, царна йуккъехь цхьа а башхалла йуй?
Шен дех дисина декъа т1ехь 1аш хуьлийла и зуда, тахана оцу зудчун верасаша барт бинехь, хьайл т1аьхьа, хьайна луъучунна дала а, дохка а, хьайн бакъонехь йити оха хьо, тхайна кхочушдолчу оцу декъанна аьлла, нахана а хууш, цара и дош аьлча, т1аккха шен луъург дан бакъо хуьлу оцу зудчун. Ткъа цара и аьлла а доцуш, хьо йаллалц кху декъа т1ехь йаха хьайна, аьлла, йитина йолчу цо и кхечунна дола даккхахь, цо весет йаздича а, весет д1аг1ур дац цуьнан, тешаш а болуш, цо и д1ало аьллехь а, и д1адалар хир дац, х1унда аьлча, шен долахь дерг дац цо луш дерг.
Ткъа, масала, оцу зудчо ша эца а эцна, ша ден а дина долу дакъа, ша дийна йолуш, гарманан арахь 1аш волчу г1азкхичунна а дала бакъо йу цунна.
Ткъех шарахь сов, сайн ц1ийндеца цхьатерра къа а хьоьгуш, сайн марзахойн кертахь а доцуш, сайн ков-керт дина ас. Цу ткъа шарахь цхьаьна 1аш, доьзалхо ца хилла тхан. И бахьана долуш, со цу кертара арайаьккхина. Сан цхьа а бакъо йуй оцу айса къахьегначу меттигана?
Зудчунна мел оьшуш долу х1ума латтадар т1ехь ду ц1ийндена. Ткъа и иштта долушшехь, шен ц1ийндена улле а х1оьттина, къахьегна цу зудчо. Оцу ц1ийндена ма-дарра гуш а ду цо хьоьгуш долу къа.
Тахана дуьненчохь и шиъ цхьаьна а дехаш, доьзалхо а воцуш, и стаг велча, цара цхьаьна вовшахдиттинчу даьхнех, дерриге а кепекан мах хадо йиш йолчу х1уманан мах хадийча, оцу зудчунна цуьнан даьхнех доьалг1а дакъа дог1у шари1атехь. Нагахь санна, и зуда йеллехь, доьзалхо а воцуш, оцу стагана зудчун даьхнех нийсса ах дакъа дог1у. Цундела, оцу белхашка а хьаьвсина, ша хьегначу къинна т1ера йаьккхина-кх ас xlapa аьлла, адамалла хьалха а йаьккхина (йа цуьнан, йа кхуьнан бехкана йоьхна хуьлийла и), оцу стага, ойла а йина, цу зудчо хьегначу къинна доьххург д1адала деза. Нагахь санна, и схьа ца лахь, 1едалан суьдехула шена дог1ург схьадаккха бакъо йу оцу зудчун.
Шен даьхни йухалург цхьаьнга луш, йа закъалтана х1ума а йиллина, йухалург луш лело беза некъ муха бу?
Гатвелла волчу стагана г1o деш, цуьнга йухалург даьхни далар — цунна г1o дар ду, саг1ийна делча санна, Делера йал а хир йолуш, оцу даьхнех шена са а ца лоьхуш, и луш делахь. Амма ша билгалйинчу хенахь и д1адалар г1иллакхехь ду. Ткъа и шен хенахь д1адалар ца нислахь, даьхни долчу дега хаийта деза шен и д1адала цанисдаларан бахьана.
Даьхни йухалург луш, д1айазде боху вайга Дала. Х1унда аьлча, адаман вицвалар а хуьлу. Амма и йоза тоьшаллина ца х1утту, х1ума дагадаийта йаздеш ду и. Ткъа даьхни д1алучу хенахь шиъ теш х1оттаве боху.
Закъалтана х1ума йиллар — тешам хилийтар ду. Механа йеза йолу х1ума закъалтана а йуьллий, даьхни йухалург луш меттигаш нисло. Цо лоьхург х1ун ду? Шега аьллачу хенахь и декхар йуха ца дерзадахь, нагахь санна закъалтана йиллина х1ума йоьхкича, цуьнан даьхни меттах1уттур долуш делахь, и йохка а йоьхкина, диснарг и закъалтана х1ума йиллинчуьнга д1адала деза цо, шен даьхни цунах схьа а эцна. Ишттачу некъаца дуьллуш ду нахана йуккъехь закъалт.
Йо1 маре йоьдуш, и ц1ера арайаккхале цуьнца махбар, бехкам болуш ду йа дац?
Бусалба дино лоьхург х1ун ду аьлча, йо1, шен ц1ера арайалале, дас махбар ду, да вацахь, цу йоь1ан велис. Х1унда аьлча, махбаза а болуш, оцу зудчунний, стаганний йуккъе эвхьазло йолахь, цара йеш йерг хьарамло йу. Цундела, уьш ларбархьама, и зуда д1айигале махбарна сихо йан йеза.